[1] «ХӀунда ца доху Нуьцкъалчо кхел ен денош билгал? ХӀунда ца го и денош Иза вевзачарна?
[2] Адамаша доза къастош диллина тӀулгаш дӀасадоху, цара жаш лачкъа а до, уьш дажа а до.
[3] Байлахь бисинчеран варраш дӀаюьгу, йисина Ӏачун сту закъалтана дӀабуьгу.
[4] Цара къен верг шайн некъа тӀера дӀатотту, махкахь гӀело хьоьгурш къайлабуьйлуш лела безаш бу.
[5] Аренгара акха варраш санна, кхача а лоьхуш, шайн болх кхочушбан арабовлу уьш. Яьссачу арено царна а, церан берашна а кхача ло.
[6] Цара нехан кхаш тӀехь шайна докъар гулдо, хьарамлелачун кемсийн бешахь йиснарг схьагулйо.
[7] ТӀехь хӀума доцуш дӀабуьйшу уьш, шийлачу заманахь тӀеюха хӀума а яц церан.
[8] Ламанан догӀанаша уьш башабо, уьш тархех дӀахьерча, дӀалечкъийла шайн ца хиларна.
[9] Бобераш декхачуьра доху, къечун аганара бер закъалтана доккху.
[10] ТӀехь хӀума йоцуш лела къен нах. Ялта чудерзош болчара санна цара болх бахь а, уьш мацболуьйту.
[11] РаьгӀнашна юкъахь, Ӏовдий, зайтдаьтта доккху цара, кемсаш Ӏуьйдуш мутта доккху, амма шаьш хьогалла лов цара.
[12] ГӀалахь леш болчеран узарш ду хезаш, чевнаш йинарш а бу гӀо доьхуш, амма Далла церан доӀанаш дӀа ца хеза.
[13] Серлонна дуьхьал гӀевттинарш а бу, царна ца девза Цуьнан некъаш, уьш цу некъаш тӀехула а ца лела.
[14] Сахуьллуш хьалагӀотту нах бойург, къениг а, декъазаниг а цо воь, ткъа буьйсанна хӀума лачкъайо.
[15] Нахаца леларг бода тӀебаре хьоьжу, цунна моьтту: „Со цхьанна а гур вац“, шен юьхь а цо туьтмӀаьжигаца дӀакъовлу.
[16] Буьйсанна цӀийнан пенах Ӏуьрг доккху талорхоша, ткъа дийнахь, дӀа а ловчкъий, ара ца бовлу уьш. Дийнан серло хӀун ю царна а ца хаьа.
[17] Царна массарна а Ӏуьйре – Ӏожаллин ӀиндагӀ санна ю, ткъа оцу ӀиндагӀан инзаралла царна евзаш ю.
[18] Амма, хина тӀехула хӀуттург санна, уьш сихха дӀабовду. Царна кхаьчнарг лаьттан декъан тӀехь неӀалт ду, церан кемсийн беша боьду некъ а баьсса бу.
[19] Йокъано дешаш долчу лайн хи дӀа-ма-худдара, иштта эхарто дӀахуду къинош летийнарш.
[20] Ненан кийрано а иза вицво, цунах нӀаьнийн даар а хуьлу, цхьанна а иза дага а ца вогӀу, дитт санна, кагло къинош летийнарг.
[21] Цара бер доцучунна а, бераш ца хиллачунна а гӀело йо, йисина Ӏачунна а диканиг ца до цара.
[22] Амма Дала Шен ницкъаца ницкъберш а дӀакхоьхьу. Дела хьалагӀаьттича, шайн дахарх церан дегайовхо ца хуьлу.
[23] Дала цаьрга кхерам ца хиларе сатийсийтахь а, Цуьнан бӀаьргаш церан некъашка хьажийна бу.
[24] Уьш кӀезигчу ханна бен хьала ца айабелла, тӀаккха уьш бац. Охьа а эгна, уьш, берриш а санна, схьагулбеш бу. Кенан баххьаш санна, схьахадийна а хир бу уьш.
[25] Иза иштта ца хилча, сан харц хилар гучу хьан доккхур ду? Сан дешнаш эрна ду хьан эр ду?»