[1] Шен къамел кхидӀа а дира Аюба. Цо элира:
[2] «Аса чӀагӀо йо суна нийса кхел ца йойтуш дийна волчу Делах а, сан дагна сингаттам баьккхина волчу Нуьцкъалчух а,
[3] суна чохь садеӀар дӀадаллалц, сан мерӀуьргашкахь Делан са мел ду,
[4] сан багара харцдерг арадер ма дац, сан матто бакъ доцург а дуьйцур ма дац!
[5] ХӀуъа хилахь а, со аша бохучунна тӀетовр вац, со дийна мел ву, сайн цӀена хилар дойур дац ас.
[6] Сайн бакъхилар чӀоггӀа латтадо аса, иза ас дӀа а лур дац – цу тӀехь сан даго, со мел веха, бехк а боккхур бац сох.
[7] Сан мостагӀа харцонча санна лорийла, суна дуьхьал ваьлларг зуламхо санна хуьлийла.
[8] Стенах сатийса деза Ӏесачо, Дала ша дӀатеттича, Цо шен са дӀаэцча?
[9] Далла хезар дуй те цуьнан тийжар, цунна бохам тӀебеача?
[10] Воккхавеш хир вуй те иза Нуьцкъалчух, кхойкхур вуй те иза Цуьнга массо а хенахь?
[11] Ас дуьйцур ду шуна Делан куьйгах лаьцна, Нуьцкъалчун некъаш а шух къайладохур дац ас.
[12] Шуна шайна а ма гина дерриг а. Стенна дуьйцу и даьсса хабарш?
[13] ХӀара ду шуна харцо лелочунна Делера хиндерг, хӀара ду Нуьцкъалчуьнгара къизачунна кхочун дерг.
[14] Цуьнан кӀентий мел дебарх, уьш туьро хӀаллакбийр бу, цуьнан тӀаьхьено дуззалц бепиг дуур дац.
[15] Цунах тӀаьхьабиснарш Ӏожаллин уьно коше кхачор бу, царах бисинчу зударша царна тӀаьхьа тийжарш а дийр дац.
[16] Ченал дукха дети шена гулдахь а, поппарал дукха бедарш цо гулъяхь а,
[17] уьш Делан лаамехь болчара тӀедухур ду, цуьнан дети цӀена лелачара доькъур ду.
[18] Цо шена деш долу цӀа нецан бен санна я хехочун бун санна, до.
[19] ДӀавуьжуш, хьолада санна дӀавуьжу иза, амма самаваьлча, цуьнан бахам ца хуьлу. Цо бӀаьргаш схьабиллича, цуьнан хӀумма а дисина ца хуьлу.
[20] Хи тӀедалар санна, тӀекхочур ду цунна Ӏадор. Буьйсанна шайтӀанан мохо иза дӀа а хьо.
[21] Малхбалехьарчу мохо иза дӀаваьхьча, иза кхин хир вац. Шен метта тӀера оцу мохо дӀахьокхур ву иза.
[22] Къинхетам боцучу мохо иза дӀахьоькху, цуьнан караравала гӀертачу хенахь.
[23] Самукъадаьллачу мохо, цунах кхаьрдаш, тӀараш вовшахдетта, иза мел кхочучу меттехь цунна шок а етташ».