[1] «Цу бахьанина сан дог дегош ду, меттах а даьлла, сан дог деттало.
[2] ЛадогӀа стигал къекъарх тера долчу Делан озе, ладогӀа Цуьнан багара схьадолуш долчу оцу озе.
[3] Ерриг а стигал кӀелахь Цо къоьгуьйту Шен серло лаьттан йистошка кхаччалц.
[4] ТӀаккха Делан озо гӀовгӀа йо. Шен возаллин озаца Цо гӀовгӀа йо. Шен аз хезаш долчу хенахь стелахаьштигаш а ца сецадо Цо.
[5] Тамашийна схьахезаш ду Делан аз, вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хӀуманаш до Цо.
[6] Лоне Цо олу: „Лаьтта тӀе охьагӀо“, догӀанан йочане: „Сихха охьаэга!“
[7] ХӀорра а болх бечуьра дӀасацаво Цо, массарна а Ша дийриг дӀахаийтархьама.
[8] Акхарой дӀалечкъийлашна чу а йоьлхий, шайн баннаш чохь совцу.
[9] Къилбехьара йилбазмох хьоькху, къилбаседехьара шело кхочу.
[10] Шен садеӀарца Дала ша бойту, тӀаккха хийн шералла чӀагӀйина дӀахӀутту.
[11] ДогӀанан мархаш Цо тӀуналлех юзу, цаьргахула Цо стелахаьштиг даржадо.
[12] Цуьнан лаамца массанхьа а мархаш хьийзаш ю, дерриг а дуьнен тӀехь Цо аьлларг кхочуш а деш.
[13] Цуьнан лаамца иза массо а кхочушдеш ду, я лаьттана таӀзар дархьама, я нахана Шен безам гайтархьама.
[14] Оцу хӀуманийн тидам бехьа, Аюб. ДӀасацахьа, Делан исбаьхьачу гӀуллакхашка хьажахьа.
[15] Хьуна хаьий, Аюб, Дала мархашна куьйгалла муха до, Цо ткъес муха къогуьйту?
[16] Хаьий хьуна, стигалахь мархаш муха латтало? Кхетам кхоччуш Болчун тамашийна гӀуллакхаш ду уьш.
[17] Хьуна тӀера бедарш йохлой дӀахӀуьтту, къилбехьара бовхачу мохо латта дӀатедича.
[18] Хьуна хуур дарий, Цунна санна, стигал дӀасаяржо, заьнгалчу цӀастанах дина куьзга санна, иза чӀагӀдина дӀа а хӀуттуьйтуш?
[19] Дийцахьа тхуна Цуьнга ала дезарг. Цуьнца дуьйцучу хенахь хӀун ала деза, тхо боданехь дехаш Ӏаш ма ду.
[20] Суна вистхила лаар Цуьнга ала дезий те? Ша дӀакхаьллина хилар стага доьхий те?
[21] Леррина малхе хьажа йиш яц, стигал, мох хьаькхча, дӀа а цӀанйина, иза стигалахь сов къегаш хилча.
[22] Къилбаседехьара дашо серло схьакхочу, Далла гонах олаллин нур ду лаьтташ.
[23] Ницкъболчух кхета аьтту бац тхан. Шен ницкъе а, бакъйолу кхел яре а хьаьжжина, Иза мел воккха ву. Цуьнан нийсо шортта ю. Цо цхьана а стагана гӀело а ца йо.
[24] Цундела адамаш Деле болчу ларамах дуьзна хуьлу, амма шаьш хьекъале лоручийн Цо тидам ца бо».