Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Аюбе, дарцана юккъера схьа вист а хилла, элира:

[2] «Хьайн гӀодаюкъ, къонахчо санна, дӀаехка: Ас хаттарш дийр ду хьоьга, ткъа ахьа Суна жоп ло.

[3] Хьо Сан кхел яр харцдан воллу, хьо бехказавалархьама, Со бехке а веш?

[4] Хьан дуй ткъа Делан санна нуьцкъала куьг, Цуьнан санна долчу озаца хьоьга къекъалур дуй?

[5] ТӀаккха возаллица а, юьхькӀамца а хазло, иштта сий а, исбаьхьалла а хьайна тӀедуха.

[6] Хьайн чӀогӀа йолу дералла дӀа а хеца, курачуьнга дӀа а хьажий, иза охьатаӀаве.

[7] Массо а курачаьрга дӀа а хьажий, уьш юьхьӀаьржачу хӀиттабе, шаьш мел лаьттачу меттигашкахь Ӏеса нах дӀа а хьаша.

[8] Уьш лаьттах а бохкий, боданечу эхарта чу йийсаре дӀабига.

[9] ТӀаккха Ас-Айса хьуна хьалха даре дийр ду хьан аьтту куьйго хьо кӀелхьарвоккхург хилар.

[10] ХӀинца бегемотах лаьцна дуьйцур ду Аса. И доккха дийнат, хьо санна, Аса дина ду. Цо буц йоу, стеро санна.

[11] Шен гӀогӀашкахь ма ницкъ болуш ю иза! Цуьнан гайна тӀехь долу пхенаш ма чӀогӀа ду!

[12] Цуьнан цӀога, баганан дитт санна, чӀогӀа ду, ткъа пхенаш цуьнан хенаш тӀехь вовшахъхьирчина ду.

[13] Цуьнан когийн даьӀахкаш цӀестан турбанаш санна ю, цуьнан пӀендарш аьчка гӀожмаш санна ду.

[14] Иза Аса кхоьллинчарна юкъахь уггар ницкъ болуш ю. Сайн туьраца иза кхоьллинчу Соьга бен иза эшалур яц.

[15] Цунна лаьмнаша ло кхача, циггахь ловзуш лелаш ду аренан акхарой.

[16] Коканийн коьллашна кӀел Ӏуьллу иза, уьшалийн шач юкъахь дӀалечкъа.

[17] Оцу коьллаша шайн ӀиндагӀа кӀел иза дӀалачкъайо, хина йистерачу дак-дитташа цунна го бо.

[18] Хи къиза лелачу хенахь, иза цунах ца къехка. Йордан-хи шен бета тӀе деача а, иза синтемехь ю.

[19] Цуьнан бӀаьргашна хьалха а хӀоьттина, цуьнан мерах мӀара хьаьнга чекхбаккхалур бара?

[20] МӀераца Левиятан цӀе йолу саьрмик хьалабаккхалур барий хьоьга, муьшаца оцу саьрмикан мотт дӀабехкалур барий?

[21] Цуьнан мерӀуьргахула тӀийраг чекхъяккхалур ярий хьоьга, я мехаца мочхалх Ӏуьрг даккхалур дарий?

[22] Цо хьоьга юх-юха а дехарш дийр дуй те? Иза хьоьга эсалчу дешнашца бистхир буй те?

[23] Гуттаренна а хьан лай хила, цо хьоьца барт бийр буй те?

[24] Олхазарца санна, цуьнца ловзуш хир ву хьо? Хьайн гӀарбашийн дуьхьа иза дӀабоьхкур бу ахь?

[25] ЧӀерийлецархоша, хьоьца мах а бийцина, хьоьгара оьцур бу иза? Цара, нахана дӀабохкийтархьама, совдегаршна юкъахь боькъур бу иза?

[26] Цуьнан цӀока хьоьга гоьмукъех юзалур ярий я цуьнан коьртах чаьнчакх чекхъяккхалур ярий?

[27] Нагахь санна хьайн куьг цунна тӀе ахь диллахь, и тӀом хьуна, иштта кхин ца леллал, дага боуьйтур а бу».

Аюб — Chapters