[1] Аюба элира: «Адамо дуьнен тӀехь чӀогӀа къахьега дезаш ду. Цуьнан дахар тӀелаьцначу белхалочун санна ду.
[2] Стаг, суьйренан ӀиндагӀах хьоьгуш волу лай санна ву, иза иштта алапе сатесна волу белхало санна а ву.
[3] Оццу тайпана эрна беттанаш суна билгалдаьхна ду, гӀайгӀанех юьзна йолу буьйсанаш суна лерина ю.
[4] ДӀавуьжучу хенахь ас ойла йо: „Маца гӀоттур ву те со хьала?“ Ткъа буьйса яхло, малх схьакхетталц дӀасакерчаш Ӏуьллу со.
[5] Сан дегӀ кӀомарех а, нӀаьнех а хьаладуьзна, дегӀа тӀера чкъор эттӀа, ткъа цу чевнашна ноткъа йина.
[6] Сан денош кӀади деш йолчу чорха тӀехь дӀасакхуьссуш долчу гуйнел а сиха тӀехлелха, сатийсам боцуш сан денош чаккхенга кхочу.
[7] Веза Эла, дагадаийтахьа Хьайна сан дахар цкъа садаккхал бен доцийла, сан бӀаьргашна кхин цкъа а самукъане дерг гур доцийла.
[8] Со хӀинцца гинчу бӀаьргашна а со кхин гур вац. Хьо соьга хьоьжуш хир ву, амма со кхин хир вац.
[9] Марха, нилха а йолий, дӀайоьду, иштта эхарта чу ваьлларг юха ца вогӀу.
[10] Иза цкъа а ша дитинчу цӀа чу юхавоьрзур вац, цуьнан цӀенна а иза кхин вевзар вац.
[11] Цундела со вист ца хуьлуш соцур вац – аса со саготта хиларх лаьцна дуьйцур ду, сайгахь болу бала а дӀабуьйцур бу.
[12] Со хӀорд бу те я хӀордан саьрмик бу те, Ахьа со ларван гӀарол хӀотто?
[13] „Суна биллинчу матто суна синтем бийр бу, сан аьрзнех маьнгано суна гӀоле йийр ю“, – аьлла, аса ойла йича,
[14] Ахьа со инзаречу гӀенашца кхераво, буьйсанан суьрташца со Ӏадийна латтаво.
[15] Цундела со садукъдина валар гӀоле яра, хӀокху сайн дегӀа чохь со вехачул.
[16] Суна сайн дахар къахьделла. Массо а ханна со вехаш хир вац. Витахь со, хӀунда аьлча сан дахар эрна ду.
[17] ХӀунда хадабо Ахьа адаман сел лакхара мах? Ахь иза леррина тергал хӀунда веш ву?
[18] ХӀунда вогӀу Хьо и волчу хӀора Ӏуьйранна? ХӀунда зоь Ахьа иза мел волчу хенахь?
[19] Суна тӀера бӀаьрг Ахьа дӀа хӀунда ца боккху? Цхьанна а ханна Ахьа со-со хӀунда ца вуьту?
[20] Адамаш ва тергал дийриг! Ас къа латийнехьара, Хьуна хӀун зен дийр дара ас? ХӀунда хӀоьттина со Хьан Ӏалашо хилла дӀа? Ахь дӀакхехьа беза мохь сох хиллий те?
[21] Соьгара даьллачу къинна Ахь геч хӀунда ца до? Сан зуламна къинтӀера хӀунда ца волу Хьо? Со кестта ченалахь Ӏуьллур ма ву. Ахь со лохур ву, амма со кхин хир вац».