Skip to content
Opens in a new window

[1] Теманхо волчу Элипаза иштта жоп делира:

[2] «Хьоьга хӀума алахь, хьуна вас хир ю те? Делахь а, вист ца хуьлуш мила Ӏалур ву?

[3] Дукхахболчарна ахьа хьехамаш бора, гӀелделлачу куьйгашна юха а ницкъ лора,

[4] гӀийланиг хьан дешнаша чӀагӀвора, ког тасабелларг охьа ца вужуьйтура.

[5] Амма хӀинца хьуна тӀе вон деъна, ткъа хьо гӀайгӀанехь ву, хьох хьакхаделлачу зуламо хьо вохийна.

[6] Деле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо тешна ца хуьлу те? Хьан некъаш кхоччуш цӀена хиларх хьо сатуьйсуш ца хуьлу те?

[7] Дагадаийтахьа хьайна, бехк боцург хӀаллакьхилла гиний хьуна, я бакъахьа леларг таӀзар дина гиний?

[8] Зулам охучара а, вониг тосучара а бохамийн ялта схьаэцар гина суна.

[9] Делан садеӀаро уьш хӀаллакбо, Цуьнан оьгӀазлоно уьш боха а бо.

[10] Лоьмаша деш долу гӀигӀ Дала дӀасоцуьйту, къоначу лоьмийн цергаш Цо схьайоху.

[11] Нуьцкъала лом шена ижу ца хилча ле, ткъа лоьмийн кӀорнеш дӀасаяьржа.

[12] Цхьана дийнахь къайлаха хаам беара соьга, сан лергашна цунах лаьцна цхьа шабар-шибар деш хезира,

[13] сингаттамечу буса гуш долу гӀенаш санна, чӀогӀа наб а кхетта, адам дӀадижначу хенахь.

[14] Суна чӀогӀа кхерам тесна дела, сан массо а даьӀахк егош яра.

[15] Суна тӀехула цхьа са дӀадахара, ткъа сан коьртара месаш ирахӀиттира.

[16] Иза сецира, амма суна цуьнан сибат ца гора, сан бӀаьргашна хьалха цуьнан амат бен дацара. Лохха мох хьокхуш санна хеттачу суна цуьнан аз хезира:

[17] „Адаман йиш юй Далла хьалха бакъахьара хила? Цуьнан йиш юй ша Кхоьллинчунна хьалха цӀена хила?“

[18] Иза ур-атталла стигаларчу Шен ялхойх а тешна Ӏаш вац, ур-атталла Шен маликашна тӀехь а Цунна кхачамбацарш го.

[19] Кхин а кӀезиг тешна Ӏаш хир ву Иза адамех, церан догӀмаш поппарх дича санна долчу, церан дахар гӀамар тӀехь лаьтташ санна долчу. Уьш-м нецал а атта тӀетоьхна дайалур ма ду.

[20] Ӏуьйранна сарралц уьш хьоьшуш ду, цхьанна а гур а доцуш, гуттаренна а хӀаллакьхуьлу.

[21] Машшаш а хедийна, церан четар дакъазадоху. Уьш ле, хьекъалалле кхин ца кхочуш».

Аюб — Chapters