Skip to content
Opens in a new window

[1] «Ахьа кхайкхахь, хьуна дуьхьал жоп хьан лур ду? Дезачу маликех ахь муьлхачуьнга гӀо доьхур ду?

[2] Карзахвийларо сонтаниг войур ву, хьегаро хьекъал доцург хӀаллаквийр ву.

[3] Ӏовдал стаг дика ваха охьахиъна гина суна, амма сихха цуьнан цӀенна неӀалт кхайкхийна ас.

[4] Цуьнан бераш маршонехь хиларна генахь ду. Нагахь гӀалин кевнна уллохь цаьрца стаг кхеле валахь, царна гӀо дан цхьа а вац.

[5] Цуьнан ялта мецачо дӀакхоллур ду, цо иза ур-атталла коканех а цӀандийр ду, ткъа хьогах берш цуьнан бахамах хьоьгур бу.

[6] Зулам лаьтта бухара арадолуш ма дац, ткъа бохам кха тӀехь хьалаболуш а бац.

[7] ЦӀеран суйнаш ирх ма лелххара, адам бала хьега кхоьллина ду.

[8] Хьан метта со хилча, Аюб, со Далла тӀе воьрзур вара, сайн гӀуллакх аса Цунна хьалха дӀахӀоттор дара.

[9] Даккхий ду Цуьнан гӀуллакхаш, царах вай кхетар доцуш, Цуьнан тамашийна гӀуллакхаш дагардина а вер вац.

[10] Цо лаьтта тӀе догӀа а доуьйту, кхаш тӀе хи а дуьллу.

[11] Шаьш кӀезиг хеташ берш Цо лакхабоху, тийжаш берш Цо кхоччуш маьршабоху.

[12] Цо хӀилланчийн дагалацамаш бохабо, уьш кхочуш ца хилийтархьама.

[13] Хьекъалалла дерш Дала церан шайн хӀилланца схьалоцу, мекарчара дан леринарг Цо кхочуш ца хуьлуьйту.

[14] Дийнахь уьш боданехь хуьлу, ткъа де делкъе даьлча, буьйсанна санна, куьйган уьшаршца лела.

[15] Пекъар нуьцкъалчеран куьйгах Цо кӀелхьарвоккху, мисканиг церан бетера догӀучу туьрах Цо ларво.

[16] Иштта, къечу стеган сатуьйсийла ю, ткъа харцоно шен бага дӀачӀагӀйо.

[17] Декъала ву Дала нисво стаг. Нуьцкъалчун таӀзар дегаза ма хета,

[18] хӀунда аьлча Цо чов а йо, амма Цо дӀа а йоьхку. Цо лаза а во, амма Цуьнан куьйгаша дарба а до.

[19] Юх-юха а Дала баланех воккхур ву хьо, уьш хьох хьакха а лур бац.

[20] Дала мацаллех хьо кӀелхьарвоккхур ву, тӀам тӀехь туьрах а ларвийр ву.

[21] Мотт беттарх Цо хьо ларвийр ву, бохам хьайна тӀебеача, цунах хьо кхера ца веза.

[22] ХӀаллакьхиларх а, мацаллех а хьо воьлур ву, акхаройх а хьо кхоьрур вац.

[23] Аренгахь долчу тӀулгашца а хьан барт хир бу, акхарой а хир ю хьоьца машарехь.

[24] Хьуна хуур ду, хьайн четарна кхерам боцийла, ткъа хьайн бахаме хьоьжуш хилча, дайна хӀума хир доцийла.

[25] Хьуна хуур ду, хьан бераш дуккха а хилар, хьайн тӀаьхьенах берш аренгара буц санна хилар.

[26] Къанвелча бен хьуна Ӏожалла гур яц, ялтин цӀевнаш шен хеннахь дӀа-ма-хӀиттора.

[27] И хӀума тхуна иштта хир дуйла хиъна, цундела, тхоьга ла а догӀий, хӀара хьехар дӀаэца».

Аюб — Chapters