Skip to content
Opens in a new window

[1] Аюба цунна дуьхьал жоп делира:

[2] «И саннарг суна дуккха а хезна, шун догъэцаро вон бен ца дахьа.

[3] Хир юй те пайда боцучу къамелийн чаккхе? Иштта хабар деш хьо иракарахӀоттош дерг хӀун ду?

[4] Аса а дуьйцур дара хӀинца аша санна, шу сан метта хилча, соьга а далур дара хаза къамелаш, кхардарца шуна дуьхьал корта а лестош.

[5] Аса а сайн маттаца шу чӀагӀдийр дара, сан багахула даьллачо шуна синтем а бийр бара.

[6] Со вистхилча а, сан бала дӀа ца болу, вист а ца хуьлуш со Ӏийча а, иза лах ца ло.

[7] Дала сан тӀаьххьара гӀора дӀадаьккхина. Сан берриг а доьзал Цо бохийна-кх.

[8] Цо со схьа-ма-лаьцна, ткъа иза суна дуьхьал тоьшалла ду. Сан гӀора дайна хилар суна дуьхьалдаьлла, сох бехкаш а дохуш.

[9] Делан оьгӀазлоно со цоьсту, Шен цергаш суна хьекха а еш, Цо соьца мостагӀалла леладо. Сан МостагӀчо Шен ира хьажар суна тӀедерзадо.

[10] Адамаша шайн баганаш суна дуьхьал гӀаттийна, дов дарца сан беснеш тӀе етта цара, уьш массо а суна дуьхьалбовлу.

[11] Дала со вочу адамийн кара дӀавелла, Ӏесачеран буьйна со дӀа а кхоьссина.

[12] Со синтеме Ӏаш вара, амма со кагвира Цо. Вортанна тӀера схьа а лаьцна, со войра Цо. Со Шен гӀакх санна вина дӀахӀоттийра Цо.

[13] Цуьнан пхерчий массо а маьӀӀера схьадетталуш ду, Цо сан жаннех къа ца хеташ Ӏуьтту, сан стим а лаьтта тӀе охьаӀанийна.

[14] Со пен болуш санна, юх-юха со вохош ву Иза. ТӀемало санна, суна тӀеуьду Иза.

[15] Аса сайн чкъурана сингаттаман бедарш а тегна, гӀора а дайна, дог доьхна чена юккъе охьа а хиъна.

[16] Велхарна сан юьхь цӀийелла, сан бӀаьргаш тӀехь Ӏожаллин ӀиндагӀ ду.

[17] Иза иштта делахь а, сан куьйгаша цхьанна а ницкъ ца бина, сан доӀа цӀена ду.

[18] Латта! Ма даккхахьа сан цӀий къайла! Ас хьоькху мохь къайлаха дӀахьулбина ма хуьлийла!

[19] Делахь а, стигалахь сан Теш ву, лакхахь ву суна ТӀехӀуттуш верг а!

[20] Сан юкъалеларг суна доттагӀа хилла дӀахӀоьттина, Деле а хьоьжуш, ас бӀаьрхиш Ӏенадечу хенахь.

[21] Стеган дуьхьа цо Деле доьху, адамо шен доттагӀчун дуьхьа ма-деххара.

[22] Сан дахаран шераш чекхдовлуш ду, юха ца воьрзучу новкъа волуш ву со».

Аюб — Chapters