Skip to content
Opens in a new window

[1] «Сан дог доьхна лаьтта, чекхдовлуш ду сан денош, со кошан йистехь лаьтташ ву.

[2] Сох кхаьрдаш берш суна гонах лаьтта, сан бӀаьргаш церан мостагӀалла ган дезаш бу.

[3] Дала дезарг дӀалохьа, Дела, со дӀахецархьама! Кхин мила хир ву сох дош дала лууш верг?

[4] Церан дегнаш Ахь кхетамах даьхна, цундела Ахь цаьрга толам боккхуьйтур бац.

[5] Са яккхархьама стага шен доттагӀий емалбахь, оцу адаман берийн бӀаьргаш кхулур ду.

[6] Сох нахе кицанаш даладойтург вина Цо, юьхь тӀе шеташ етташ волу стаг ву со.

[7] Сан бӀаьргаш балано талхийна, сан дегӀ ӀиндагӀ санна ду.

[8] Бакъахьа леларш оцунах эргӀадбуьйлу, бехк боцурш Ӏесачунна карзахбуьйлу.

[9] Делан лаамехь верг шен новкъа тӀера вер вац, ткъа куьйгаш цӀена дерш чӀагӀлуш дӀахӀуьттур бу.

[10] Ткъа шу – кхин а цкъа схьа а дуьйла, дист а хила! Шуна юкъахь хьекъалалла дерг карор вац суна.

[11] Сан денош чекхдевлла, ас йина ойланаш йоьхна, сан деган сатуьйсийла дӀаяьлла.

[12] Цу наха буьйсанах де ду олу, суна хьалха бода лаьтташехь, серло тӀекхочуш ю олу.

[13] Ас сатуьйсуш долу цӀа эхарт бен ца хилча, цигахь болчу боданехь сайна мотт ас биллича,

[14] бух боцучу Ӏинах, сан да аьлла, цӀе яьккхича, кошан нӀаьнех сан нана я йиша ас аьлча,

[15] тӀаккха мичахь ю сан сатуьйсийла? Сан догдохийла хьанна гур ду тӀаккха?

[16] Соьца кхочур юй те иза эхартан кевне, соьца цхьаьна Ӏожаллин чене юьжур юй те?»

Аюб — Chapters