[1] Шуахьахо волчу Билдада, жоп луш, элира:
[2] «Ӏедал а Делан ду, ларамах бузуьйтуш ву Иза. Лекхачу Шен стигалахь Цо машар латтабо.
[3] Чот юй те Цуьнан эскарийн? Хьанна тӀе ца юссу Цуьнгара серло?
[4] Муха хир ду адам Далла хьалха бакъ? Муха хир ву зудчо вина волу стаг цӀена?
[5] Цуьнан бӀаьргашкахь бутт а сирла ца хилча, Цунна хьалха седарчий а цӀена ца хилча,
[6] кхин а кӀезиг ду адам – нӀаьвцицигах а, нӀаьнах а терра бен вац адаман кӀант».