Skip to content
Opens in a new window

[1] Аюба иштта жоп делира:

[2] «Сан гӀайгӀа озалур елахьара! Сан бала терзанна тӀе буьллур белахьара!

[3] Иза хӀордан йистера гӀамарал а беза хир бара. Цундела ду сан къамел сел доьхна!

[4] Нуьцкъалчу Делан пхерчий ду сан дегӀах дохкуш. Сан синна хаало церан дӀовш, Делан къематаш ду суна тӀедерзийна.

[5] Акхачу виро мохь хьоькхий баца тӀехь? Сту Ӏоьхий шен хьаьвданна тӀехь?

[6] Чаьмза хӀума йоий туьха доцуш? Чам буй хӀоьан кӀайчу декъан?

[7] Бац! Аса и тайпа яа хӀума юур яц! И кхачанаш суна дегаза хета!

[8] Сан дехар кхочушдийр делахьара! Ас сатуьйсург Дала лур делахьара!

[9] Со дӀахьаша Дела реза хилахьара! Куьг дӀа а хецна, Цо со хӀаллаквийр велахьара!

[10] Дала со вийча, сан дагна синтем хир бара, хӀара инзаре бала аса хьоьгучу хенахь а, воккхаверна со ирхлелхаш хир вара, Везачу Делан дешнаш аса дӀатеттина ца хиларна.

[11] Сан гӀора дӀадаьлла, со вехар ву аьлла, сатуьйсийла а яц, кхидӀа сайна хиндерг со хууш а вац, садетта кхин бахьана а дац.

[12] Сан ницкъ тӀулг санна бу те? Сан дегӀ цӀастанах дина ду те?

[13] Буй те соьгахь сайна гӀо дан ницкъ, буй те сан тӀетовжа меттиг?

[14] Дог доьхначу доттагӀчунна тешаме воцу стаг велахь, иза Нуьцкъалчу Далла хьалха ларамах вуьзна вац.

[15] Амма шу тешаме дац, сан вежарий. Сиха йоьдучу хин Ӏоврех болччул бен тешам бац шух,

[16] шайна чохь дешаш долу ло а, шен гӀорзанаш а хиларна Ӏаржъелла йолчу.

[17] Йохъелча, уьш къайлайовлу, йовхонан чилла йоьлча, шайн меттигашкахь якъало.

[18] Церан некъан хершнаш хьийза, ткъа яьссачу аренга шаьш кхаьчча, яйна дӀайовлу.

[19] Тейма-махкара эмкалийн къепалша а хи лоьху, Шеба-махкара богӀуш берш а сатийсамца дӀасахьоьжу.

[20] Шайна хи карор хиларх шек а ца бовлура уьш, амма цига кхаьчча, дог доьхна дӀахӀуьтту уьш.

[21] ХӀинца шу а ду иштта: шайна вон гича, кхера а лой, дӀахӀуьтту шу.

[22] Аса шуьга бехирий: „Суна а лойша“, я „Шайн хьолах сох кхаъ лойша“,

[23] я „МостагӀийн карара со паргӀатваккхийша“, я „Къизачу нахах кӀелхьарваккхийша“?

[24] Соьгара даьлларг дийцийша суна. Схьагайтийша, со стенна тӀехь харц ву. ТӀаккха со дӀатийна хир ву.

[25] Ма боккха ницкъ бу-кх догцӀеначу дешнашкахь! Ткъа аша бохучо стенна тоьшалла до?

[26] Ас дина къамел тӀехтоха дагахь ду шуна? Дог доьхначун дешнаш, мох санна, хуьлу моьтту шуна?

[27] Байлахь дисинчу берах а кхаж тосур бара аша, шайн доттагӀа дикачу мехах дӀавухкур вара аша.

[28] Ткъа хӀинца, аса доьху шуьга, схьахьовсийша соьга, дуьйцур дарий аса шуна хьалхахь харцдерг?

[29] Хийцийша шаьш йина йолу кхел, ма дейша харцдерг. Метта а дуьйла, со бехказаваккха везаш ву.

[30] Аса шуна харцдерг ца дуьйцу. Сан матте бохамаш къасталур бац ткъа?»

Аюб — Chapters