[1] «Зудчо вина волчу стеган дахар доца ду, иза баланех вуьзна а ву.
[2] Зезаг санна, гучу а волий, маргӀалвулу иза. ӀиндагӀ санна, водий, дӀавоьду иза, къайлаволуш.
[3] Иза ву-кх Ахьа тергал веш верг! Хьайца кхеле кхойкхуш ву-кх Ахьа со?
[4] Боьхачунах цӀенаниг схьавер вуй? Вер вац.
[5] Адаман дахаран денош дагардина ду. Ахьа дуьстина цуьнан дахаран беттанаш, царал тӀехвала цуьнан йиш а яц.
[6] Цундела ма вехьа иза тергал, витахьа иза, цуьнан денош, тӀелаьцна волчу белхалочун санна, чекхдовллалц.
[7] Ур-атталла диттан а сатуьйсийла ю: схьахадийча а, иза денлур ду, иза керла патар ца долуш а дуьсур дац.
[8] Лаьттахь цуьнан орам къанлуш белахь а, цуьнан юьхк бухахь яла йоллуш лаьттахь а,
[9] цхьажимма цунна хи тосалушшехь, керлачу орамато санна, зӀийдагаш дӀахоьцу цо.
[10] Амма адам делча, иза телхий, дӀадолу. ТӀаьхьара са дӀа а долий, адам кхин ца хуьлу.
[11] Ӏам чуьра хи къайладалар санна а, хи дӀа а дахана, Ӏовраш якъалуш хилар санна а,
[12] иштта стаг дӀа а вуьжу, кхин хьала а ца гӀотту. Стигалш мел юьсу, адам ден а лур дац, шен даларан набарх сама а доккхур дац.
[13] Эхартехь со къайлавоккхуш велара Хьо. ОьгӀазвахар дӀадаллалц со хьулвеш велара Хьо. Цигахь Ӏен хан суна билгал а яьккхина, цул тӀаьхьа со дагавогӀуш велара Хьуна.
[14] Веллачул тӀаьхьа вехар вуй те стаг? Сайн къахьегаран дерриг а деношкахь со паргӀатваккхаре хьоьжуш Ӏийр вара со.
[15] Хьо кхойкхур вара, ас Хьуна жоп а лур дара, Хьайн куьйгаша кхоьллинчу сох хьоьгуш хир вара Хьо.
[16] Ас мел боккху ког Ахьа багарбийр бара, амма сан къинош Хьуна дагадогӀур дацара.
[17] Соьгара даьлла зулам Ахьа тӀоьрмаг чу дӀадуьллур дара, айса летийна къинош Ахь дӀахьулдийр дара.
[18] Охьабужу лам боьхна дӀабалар санна а, тарх шен меттера меттахъялар санна а,
[19] хино тӀулгаш жимдар санна а, хин Ӏовраша латта дӀадахьар санна а, йохайо Ахьа адаман сатуьйсийла а.
[20] Стагана тӀехь Ахь кхоччуш толам боккху, тӀаккха иза дӀакхелха. Ӏожаллехь цуьнан юьхь а хуьйций, Ахьа иза дӀа а хьажаво.
[21] Шен бераш сий долуш хилча а, цунна ца хаьа, церан сий дайча а, цунна ца го.
[22] Шен лазар бен ца хьоьгу цуьнан дегӀо, шен гӀайгӀа еш бен дац цуьнан са».