[1] Аюб кхин а къамел дан волавелира:
[2] «Ма лаьар-кх суна дӀадахана беттанаш духадоьрзийла, Дала со ларвеш хилла долу денош духадоьрзийла,
[3] Цуьнан къуьда сан коьрта тӀехула богуш а болуш, ткъа со Цуьнан серлонехь боданехь санна лелла хан!
[4] Иза дара сан дахаран тоьллачу деношкахь, Делаца йолу тӀекаре сан хӀусамехь йолчу хенахь.
[5] Нуьцкъала Дела соьца вара, сан бераш а дара суна уллохь.
[6] Шуьрин татолаш дара со лелачу некъаш тӀехь, ткъа тарха тӀера охьаоьхуш зайтдаьтта дара.
[7] ГӀалин ков долчу ара а ваьлла, со майданахь сайн метте охьахиъча,
[8] кегий нах, сох шайн бӀаьрг кхетча, суна хьалха къайлабовлура, ткъа къаной, хьала а гӀовттий, лаьттара.
[9] Баьччанаш, бист а ца хуьлуш, шайн бета тӀе куьг а дуьллий, лаьттара.
[10] Ткъа хьалдолчеран аьзнаш дӀасовцура, церан меттанаш стигалх дӀалетара.
[11] Со хезаш мел верг со хестош хуьлура, ткъа со гинарш суна хастамаш беш хуьлура,
[12] хӀунда аьлча аса гӀо доьху пекъар кӀелхьарвоккхура, гӀо доцуш болчу боберашкахьа гӀо а доккхура.
[13] Лечуьра кӀелхьарваьккхинчо со декъал а вора, бисинчу зударийн дегнийн а ас самукъадолуьйтура.
[14] Бакъахьа лелар – сан духар санна дара, ткъа нийсо – сан оба а, чалба а санна яра.
[15] Со бӀаьрзечунна бӀаьргийн метта вара, ткъа астагӀчунна когийн метта вара.
[16] Мискачарна со ден метта вара, хийрачун гӀуллакх а ас къастадора.
[17] Зуламхойн моччагӀалш а ас дохадора, церан багара ижу а ас схьайоккхура.
[18] Ас олура: „Со сайн бен чохь лийр ву, сан денош, хӀорда йистера гӀум санна, дукха хир ду,
[19] сан орамаш хи тӀе кхочу, сан гаьннаш тӀехь бецан тхи а ду буьйса йоккхуш,
[20] сан сий а дац тишлуш, сан ницкъ а карлаболуш лаьтта“.
[21] Адамаша собарца ладугӀура соьга, дист а ца хуьлуш, сан хьехаме хьожура.
[22] Ас аьлларг дийцаре а ца доккхура цара, сан дешнаш, догӀа санна, царна тӀеоьхура.
[23] ДогӀане санна, сатуьйсура цара соьга, бӀаьстенан догӀанан тӀадамашна санна, шайн баганаш хьала а гӀиттайора.
[24] Уьш ца тешара, со шайна велавелча, сан юьхь тӀера лепаро уьш иракара а хӀиттабора.
[25] Ас царна некъ гойтура, со церан баьчча а вара. Шен эскархошна юкъахь Ӏаш волу паччахь санна, вара со царна юкъахь. Дог доьхначарна синхьаам беш верг санна, вара со царна».