[1] Аюба цунна жоп делира:
[2] «Дикка ладогӀалаш ас бохучуьнга, цунах суна шуьгара синхьаам хир бу.
[3] Ас къамел дечу юкъана сатохалаш, со аьлла ваьллачул тӀаьхьа сох кхарда а мегар ду шуна.
[4] Со адамна арз деш ву? Вац! Со собар доцуш хиларан доккха бахьана ду.
[5] Соьга схьа а хьовсий, инзардовла, шайн бета тӀе куьг а дилла.
[6] Цунах ас ойла йича, къемато дӀалоцу со, сан дегӀ а дего долало.
[7] Ӏесанаш дукха хӀунда беха, къеналле а кхочуш, хьолехь сов а бохуш?
[8] Церан бераш царна хьалха дӀахӀиттина хуьлу, церан тӀаьхье церан бӀаьргаш хьалха хьалакхуьу.
[9] Церан цӀенош чохь кхерам ца лаьтта, Делан гӀаж а яц царна тӀехь тӀеайина.
[10] Церан бугӀанашкахь массо а хенахь ницкъ хуьлу, ткъа церан хьелаша, оста а ца довлуш, эсий а до.
[11] Жа санна, арабовлуьйту цара шайн кӀентий, церан кегий бераш дӀасалелхаш ловзу.
[12] ЖиргӀанаш а етташ, дечиг-пондарш а лоькхуш, эшарш лоькху цара, зурманан гӀовгӀанехь са а къоьру.
[13] Церан шераш беркатехь дӀаоьху, тӀаккха паргӀатонехь эхарте кхочу.
[14] Цара Деле боху: „Дита тхо, Хьан некъаш довза тхуна ца лаьа!
[15] Мила ву Нуьцкъалниг оха Цунна Ӏамал ян? ХӀун пайда болу доӀанца Цунна тӀе верзарх?“
[16] Амма церан беркат церан-шайн куьйгаша кхоьллина дац. Иштта Ӏесачеран хьехамаш тӀеэцар генахь ду суна!
[17] Кест-кеста бойий те Ӏесачийн чиркх? Кест-кеста вонаш догӀий те цаьрга? Ша оьгӀазваханчу хенахь кест-кеста Дала баланаш хьовзабой те царна тӀе?
[18] Кест-кеста моха еана йолу ча санна бу те уьш, я йилбазмохо дӀахьош йолу кегаш санна бу те?
[19] Бохуш ду: „Адамна догӀу таӀзар Дала цуьнан берашна кхоадо“. Амма ас олу: адамна шена дойла Цо таӀзар, иза кхетийта!
[20] Цуьнан бӀаьргашна гойла шен хӀаллакьхилар, цо ша молийла Ницкъболчун оьгӀазалла!
[21] Иза веллачул тӀаьхьа цуьнан хӀун бала бу шен доьзалан, цуьнан оьмаран беттанаш чекхдевлла хилча?
[22] Далла хьехамаш бойла дуй те, Цо лаккхахь Ӏаш болчарна а кхел еш хилча?
[23] Цхьаъ шегахь буьззина ницкъ болчу хенахь ле, цхьана а хӀуманан бала а, гӀайгӀа а йоцуш.
[24] Цуьнан кийра махьарех буьзна бу, цуьнан даьӀахкаш тӀамарах юьзна ю.
[25] Ткъа важа шен дог доьхначохь ле, цкъа а цхьана а дикачух зовкх а ца хьегна.
[26] Амма и шиъ цхьабосса лаьтта вуьжу, нӀаьнаша цхьабосса къайла а воккху.
[27] Суна шун ойланаш а, хӀилланаш а девза, аш сайна дуьхьал даха кечдина долу.
[28] Аша олу: „Мичахь ду къизачу баьччанан цӀа? Мичахь ду Ӏесанаш чохь Ӏийна четар а?“
[29] Некъахошка хаттарш ца дина те аша? Церан дийцарийн тидам ца бина те аша?
[30] Бала тӀебеанчу дийнахь зуламхо кхоош хуьлу, Делан оьгӀазаллин дийнахь иза кӀелхьарвоккху.
[31] Цуьнан лелар юьхь-дуьхьал хьан емалдийр ду? Цо диначух хьан бийр бу цунна бекхам?
[32] Иза Ӏожаллин новкъа ваьккхинчул тӀаьхьа, цуьнан кошана улло гӀарол хӀоттадо.
[33] ТогӀи чохь кошан латта цунна мерза хуьлу. Массо а стаг цунна тӀаьхьахӀоьттина вогӀу, цунна хьалха йоьду тоба ягарйина а вер вац.
[34] Шун эрначу хабарх суна синхьаам муха хир бара? Аша мел динчу жоьпех харцо бен ца юьсу!»