Skip to content
Opens in a new window

[1] Теманхо волчу Элипаза жоп делира Аюбана:

[2] «Хьекъал долчо эрначу хабаршца жоп лур дара те? Мохан даьссачух хьо санна волчо шен кийра бузур бара те?

[3] Пайдабоцучу дешнашца цо ша бехказавоккхур вара те? Цхьанна а мехала ца хуьлучу къамелашца иза къийсалур вара те?

[4] Амма ахь ур-атталла нехан суьпалла жим а йо, адамо Деле доӀа дарна ахь дуьхьало а йо.

[5] Хьо къилахь хиларо Ӏамайо хьан бага. Хьайн лаамца хӀилланчийн мотт буьйцу ахь.

[6] Со вац хьуна кхел йийриг, хьан бага ю, хьан матто хьуна дуьхьал тоьшалла до.

[7] Адамашна юкъахь хьо дуьххьара кхоьллина ву моьтту хьуна, я лаьмнел а хьалха хьо вина ву моьтту хьуна?

[8] Стигаларчу гуламехь Делан ойланашка ладуьйгӀирий те ахь? Я дерриг а хьекъалалла хьуна кхаьчна те?

[9] Тхуна ца хуург хӀун ду хьуна хууш? Тхо ца кхеттачух стенах кхетта хьо?

[10] Тхуна юкъахь къежбелла баккхийнаш бу, ткъа уьш хьан дел а баккхий бу.

[11] Ца тоьу те хьуна Делера долу синхьаамаш, хьайца кӀеда деш долчу къамелах тоам ца бо те ахьа?

[12] Стенна даьлла те хьан дог цу тайпана карзах? Стенна бу те хьан бӀаьргаш, ткъес санна, къегаш?

[13] Хьайн са Далла дуьхьал хӀунда доккху те ахьа, хӀунда дуьйлуьйту ахьа хьайн багара и тайпа къамелаш?

[14] Адам хӀун ду, Далла хьалха ша цӀена хилалур ду мотта? Зудчо винарг мила ву, Далла хьалха ша бакъ хилалур ву мотта?

[15] Дела Шен дезачу маликех а ца теша, Цунна хьалха стигалш а цӀена яц.

[16] Ткъа дегаза а, телхина а долу адам мила ду, хи молуш санна, вонаш деш лелаш долу?

[17] Соьга ладогӀа, тӀаккха ас иза туьдур ду. Сайна гинчух лаьцна ас хьоьга дуьйцур ду.

[18] Хьекъалалла долчара дийцинчух а, цара шайн дайшкара хезнарг, хьул а ца деш, дийцинчух лаьцна а хаам бийр бу аса хьоьга.

[19] Вайн дайшна бен дӀаделла ца хилла латта, хийра нах царна юкъахь лелаш а ца хилла, цундела дайшкара дерг цӀена а, нийса а ду.

[20] Ша мел вехачу деношкахь Ӏесаниг баланехь хьийза. Къизачу стагана билгалдаьхна шераш дагардина ду.

[21] Къематечу маьхьарийн аз хуьлу цуьнан лерехь хезаш. Машар лаьттачу хенахь талорхой цунна тӀелета.

[22] Боданах кӀелхьарваларе цо са ца туьйсу, даим а шена хьалха цунна гуш дерг тур ду.

[23] Иза дӀасаоьхуш лела, ломъаьрзуна кхача а хуьлий, цунна хууш ду боданан де тӀекхаьчнийла.

[24] Саготтоно а, синӀаткъамо а иза Ӏадийна латтаво, тӀамца вогӀу паччахь санна, тӀегӀерта уьш цунна.

[25] И шадерг а цо Далла дуьхьал куьг айина хилар бахьана долуш ду, Нуьцкъалчунна дуьхьал иза валар бахьана долуш ду.

[26] Курра дуьхьалволура иза Цунна, ша ларвархьама деза турс а даьккхина,

[27] иза шех тоам бина волу дела а, дозаллина севсина волу дела а.

[28] Иза йохийначу гӀаланашкахь вехаш ву, адамаш чохь даха ца дезачу, охьаэга кийча долчу цӀенош чохь.

[29] Иза дукха ханна хьал долуш хир вац, цуьнан бахам а буьсур бац, лаьтта тӀехь цуьнан долахь дерг алсамдер дац.

[30] Иза боданах кӀелхьарвалалур вац. ЦӀеран алуно патарш дакъош долу дитт санна, хир ву иза, ткъа Делан Ӏаьнаро иза дӀавоккхур ву.

[31] Эрна долчух тешна Ӏаш ма хуьлийла иза, цунах ша Ӏеха ма войла цо, хӀунда аьлча эрналла цуьнан ял хир ю.

[32] Шен дахар чаккхенга дерзале, иза дакъаделла, цкъа а сенделла дӀагӀур доцу га санна, хир ву.

[33] Хилаза йолу кемсаш охьаоьгу кемсийн таьлланг санна, хир ву иза, я шен заза дожош долу зайт-дитт санна, хир ву.

[34] Ӏесачийн тобанарчун тӀаьхье хир яц, ткъа кхаьънех доьгӀна цӀенош цӀаро дагор ду.

[35] Шайн даг чохь вониг а кхуллу, цара зулам дӀа а хӀоттадо. Ӏесачеран кийрано мекарло йоккху».

Аюб — Chapters