[1] Иштта, дети доккху меттиг а ю, деши лалош а, цӀандеш а меттиг а ю.
[2] Эчиг лаьтта бухара схьадоккху, ткъа цӀаста, маьӀда хуьлий, лела.
[3] Серло а яхьаш, адамо хьехан бода дӀабоккху. Уггар генахь йолчу меттигашкахь лохуш ву иза. КӀоргачу боданехь маьӀда лохуш ву иза.
[4] Цо лаьттах маьӀда даккха гӀу йоккху, нах Ӏаш болчунна генахь а йолуш, адаман ког кхачаза йолчу меттигашкахь. Адамашна генахь а волуш, гӀун чохь машшаш тӀехь кхозу иза.
[5] Шена тӀехь ялта кхуьуш долу латта, кӀоргенехь цӀарца дагийча санна, аьхкина хуьлу.
[6] Оцу меттигехь саппир цӀе йолу тӀулгаш ду, ткъа царна тӀехь дешин чан ю.
[7] Цига боьду некъ цхьана а акха олхазарна а ца бевза, и некъ цхьана а лечин бӀаьргана а ца гина.
[8] Курачу акхаройн лар а цига ца кхаьчна, иштта цхьа а лом цигахь ца лелла.
[9] Адамаша тархийн чӀогӀалла йохош шайна некъаш доху, цара лаьмнаш ораматашна тӀера дуьйна тӀекӀелдоху.
[10] Цара тархашна юккъехь шайна некъаш доху, лаьтта бухара бахам гучуболу церан бӀаьргашна хьалха.
[11] Цара хиш арадовлу кортош а лоьху, къайлаха долу хӀума гучу а доккху.
[12] Амма мичара доккху те хьекъалалла? Кхетамалла йолу меттиг мичахь ю те?
[13] Адамна цуьнан мах а ца бевза, дийначийн лаьтта тӀехь а иза карор бац.
[14] КӀоргачу хино боху: «Суна чохь иза дац». ХӀордо а боху: «Соьгахь а иза дац».
[15] ЦӀеначу деших а иза лур дац, дети а оьзна, цунах а иза эцалур дац.
[16] Апаран дешица а иза дусталур дац, я дезачу тӀулгех ониксах а, саппирах а дусталур дац.
[17] Я деши а, я цӀена ангали а цуьнца дусталур дац, я цӀеначу деших йолчу пхьегӀех а хийцалур дац.
[18] Маржанаш а, чекхсагун тӀулгаш а дийца а ца оьшу, хьекъалалле кхачар массо а жовхӀарел а деза ду.
[19] Цуьнца нислур дац Хуша-махкара топаз, цӀеначу деших иза эцалур дац.
[20] Мичара долу те хьекъалалла? Мичахь ю те кхетамаллин меттиг?
[21] Иза массо а дийначу хӀуманан бӀаьргах къайладаьккхина ду, иштта стигаларчу олхазарех а къайладаьккхина.
[22] Талхаран меттиго а, Ӏожалло а боху: «Тхан лере цунах хабар бен ца кхаьчна».
[23] Далла бен ца хаьа цунна тӀебоьду некъ, Цунна хаьа иза долу меттиг а,
[24] хӀунда аьлча Цунна дуьненан йисте кхаччалц дерриг а гуш ду, стигална бухахь дерг а дерриг а гуш ду.
[25] Цо механ ницкъ билгалбаьккхинчу хенахь, хийн барам билгалбаьккхинчу хенахь,
[26] иштта догӀанна бакъо лучу хенахь, ткъесана тача лучу хенахь,
[27] эццахь хьекъалалла а гина, иза талла а теллина, цуьнан йозалла а йовзийтина, иза дӀахӀоттийра Цо.
[28] ТӀаккха аьлла Цо адаме: «Хьалдолчу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалалла ду, ткъа зуламна генавалар – иза кхетамалла ду».