Skip to content
Opens in a new window

[1] Цул тӀаьхьа Аюб ша винчу денна неӀалт кхайкхо волавелира.

[2] Цо бохура:

[3] «ХӀаллакьхилла дӀадолийла со вина долу де а, сан ненах лаьцна: „Иза доьзалхочух хилла!“ аьлла йолу буьйса а.

[4] Ӏаьржа бода хилла дӀахӀуттийла и де, стигалахь волчу Далла иза дага а ма догӀийла, Цо оцу денна тӀе серло а ма лойла!

[5] Бодано а, Ӏожаллин ӀиндагӀо а юхадохийла иза. Марха со винчу денна тӀе хӀуттийла. Ӏаьржалло оцу дийнан серло кхерайойла.

[6] Бодано и буьйса чӀогӀа схьалоцийла! Шеран деношна юккъе ма йогӀийла иза, беттийн деношна юккъе а ма йогӀийла!

[7] Цу буса цхьа а бер дуьнен чу ма долийла! Ма хезийла цу буса синкъераме аз!

[8] Левиятан цӀе йолу хӀордан саьрмик лело хууш болчу бозбунчаша неӀалт кхайкхадойла цу денна!

[9] Цуьнан Ӏуьйренан седарчий Ӏаржделла хуьлийла! Ӏуьйренан серло ма гойла цу буьйсанна, маьлхан зӀаьнарш а ма гойла цунна!

[10] Цу буьйсано со дуьнен чу вала новкъарло ца ярна а, цо хӀара бала сох къайла ца баккхарна а, хуьлийла иза!

[11] ХӀунда ца велла те со сайн ненан кийрахь волуш, хӀунда ца велла дуьнен чу воллушехь?

[12] ХӀунда эцна со шайн кара, хӀунда белла суна накха?

[13] ХӀинца паргӀат Ӏуьллуш хир ма вара со, синтемехь а хир ма вара со,

[14] паччахьашца а, хьехамчашца а, дассийна цӀенош шайна юхаметтахӀиттийна болчу.

[15] Я элашца Ӏуьллуш хир вара, деши а гулдеш, шайн цӀенош детих хьаладузуш болчу.

[16] Хеназа бер санна со къайла хӀунда ца ваьккхина? Дуьненан серло ца гина аганара бер санна со дӀа хӀунда ца воьллина?

[17] Белла Ӏесанаш вонаш дечуьра ма совцу, шаьш кешнашка ма-кхеччи, дахаро гӀелбинарш цигахь садоӀуш ма хуьлу.

[18] Цигахь лаьцна болу нах а паргӀат ма бовлу, шайн тӀехьожуш болчеран аз а ца хезаш.

[19] Лараме боцурш а, цӀеяханарш а цигахь цхьатерра хуьлу, ткъа лай шен олахочунна хьалха паргӀат хуьлу.

[20] ХӀунда ло бала хьоьгучунна дуьненан серло, синан гӀайгӀанехь волчунна дахар а хӀунда ло?

[21] Цара Ӏожалле сатуьйсу, ткъа иза ца хуьлу, мел еза йолчу хазнел сов иза лоху цара.

[22] И санна болу нах, шайна каш карийча, баккхийбеш хир бара, чӀогӀа цунах сакъераделла.

[23] ХӀунда луш ю адамна серло, цуьнан дахаран некъ къайлаха хилча, массо а агӀор Дала цунна го бина хилча?

[24] Сан кхачанан метта аса дохуш долу даккхий синош ду, хи санна, охьаоьхуш сан бӀаьрхиш ду.

[25] Со къаьхкаш хилларг суна тӀекхечи, со кхоьруш хилларг суна хили.

[26] Со волчохь я машар а бац, я синтем а бац, я садаӀар а дац: сан са карзахдаьлла».

Аюб — Chapters