Skip to content
Opens in a new window

[1] Аюба, жоп а луш, элира:

[2] «Тахана а къаьхьа ду сан аьрзнаш, куьйгаца сайн узарш ас Ӏаткъадахь а.

[3] Суна хууш делахьара, Дела мичахь карор ву а, Цуьнан хӀусам йолчу со дӀавогӀуш велахьара а,

[4] аса дӀадуьйцур дара Цуьнга сайн гӀуллакх, сайн бага со бехказадохучу дешнех а юзур яра.

[5] Цо сайга хӀун олу а хуур дара суна, Цо сайга бохучух а кхетар вара со.

[6] Шен болчу ницкъаца соьца къовсалур вара те Иза? Вацара! Цо Шен тидам суна тӀебохуьйтур бара.

[7] ТӀаккха бакъахьа лелаш волу со Цуьнца къовсавала мегара, ткъа суна а сан Кхелахочуьнгара массо а ханна паргӀато хир яра.

[8] Со малхбузехьа дӀавоьду – цигахь Иза вац, малхбалехьа – цигахь а суна Иза ца караво.

[9] Иза къилбаседехь къахьоьгуш хилча а, сан Цунах бӀаьрг а ца кхета, къилбехьа Иза дӀавирзина хилча а, суна Иза гуш вац.

[10] Ткъа Цунна хууш ма ду, со лела некъ муьлха бу. Цо со зийча, деши санна, цӀена хилла дӀахӀуттур ву со.

[11] Цуьнан лар лохуш, леррина вогӀу со. Юьстах а ца волуш, Цуьнан некъ ас ларбо.

[12] Цуьнан багара девллачу весеташ тӀера со ца ваьлла, Цуьнан багара дешнаш сайн даг чохь Аса леладо.

[13] Иза хийцам боцуш ву – мила ву Иза хийцавалийта? Шена дага мел деанарг Цо кхочушдийр ма ду.

[14] Суна дуьхьал Ша леринарг Цо кхочушдийр ду, ишттаниг Цуьнан дуккха а ду дӀадиллина.

[15] Цундела ву со Цунна хьалха Ӏадийна, айса ойла ешшехь – Цунах кхерало со.

[16] Дала кӀаддина сан дог, Нуьцкъалчо со кхерийна.

[17] Со вист ца хуьлуш лаьтташ вац, бода белахь а, сан юьхь Ӏаьржачу бодано дӀахьулйинехь а».

Аюб — Chapters