Skip to content
Opens in a new window

[1] Аюба элира: «И дерриг а сан бӀаьргашна гина ду, суна иза хезна ду, со цу хӀуманах кхета.

[2] Шуна хууш дерг суна а хаьа. Со а ма вац шул оьшуш.

[3] Амма Нуьцкъалчуьнга вистхила лаьа суна, Далла хьалха сайн гӀуллакх лардан лаьа!

[4] Ткъа аша сан чевнашна харцонца лоьралла до, шу дерриш а – пайда боцу лоьраш ду.

[5] ЭхӀ, кхин дист а ца хуьлуш, шу дӀасевцича, иза, шун хьекъалалла ду аьлла, туьдур дара.

[6] ЛадогӀийша гӀуллакх лардан ас бохучуьнга, сайн багахула ас туьдучун тидам бейша.

[7] Делан дуьхьа зуламе дерг бохур ду те аша? Цунна гӀоьнна мекарниг дуьйцур ду те аша?

[8] Цуьнга озабезам бан лаьий шуна? Делан гӀуллакх лардан гӀерта шу?

[9] Нагахь Цо шу зийча, дика хир дуй? Я Иза, адам санна, левийр ву аша?

[10] Цо луьра таӀзар дийр ду шуна, аша къайлаха озабезам лелабахь.

[11] Цуьнан возалло шу кхера ца до те? Цунна хьалха шуна тӀе кхерам ца буссу те?

[12] Аш далийна кицанаш, овкъарш санна, эрна ду. Шаьш лардан боху дешнаш поппаран турсаш санна ду.

[13] ДӀа а совций, со вистхилийта, тӀаккха кхунах луъург хилахьара.

[14] Сайн дахар кхерамечу хьоле ас хӀунда хӀоттор дара? Сайн са ас куьйга тӀе хӀунда дуьллур дара?

[15] Цо со билггал вийна дӀавоккхур ву, со сатуьйсийла йоцуш ву. Сайн лелар Цунна хьалха билггал лардийр ду аса.

[16] Цу тӀехь хир ду сан кӀелхьарвалар, хӀунда аьлча Делах тешаш воцург Цунна хьалхахӀотта ваьхьар вац.

[17] Дикка ладогӀийша аса бохучуьнга, сан кхеторан дешнийн тидам бейша.

[18] Аса сайн гӀуллакх кхетачу къепехь кечдина. Суна хаьа, со бакъвина хир вуйла.

[19] Мила ву соьца къовса йиш йолуш верг? Со дӀатуьйр а вара, вала реза а вара.

[20] Ши хӀума ма дахьара Ахьа суна тӀехь, тӀаккха со лелар вацара Хьох къайлавуьйлуш:

[21] суна тӀера Хьайн куьг а дӀадаккхахьара Ахьа, Хьайн къематаца со кхера а ма вахьара Ахьа.

[22] ТӀаккха дӀакхайкха соьга, ас жоп лур ду Хьуна, я ас къамел дийр ду, ткъа Хьо суна жоп луш хир ву.

[23] Мел ду сан къа а, сан зулам а? Сан аьрхалла а, зулам а гайтахьа суна!

[24] ХӀунда лечкъайо Ахь сох Хьайн юьхь, хӀунда лору Ахь со Хьайн мостагӀа?

[25] ДӀасалела гӀа санна волу со кхераво те Ахь? Декъа ча санна волчу суна тӀаьхьалела те Хьо?

[26] Къаьхьа кхел ю Ахьа суна йинарг, жималлехь соьгара даьллачунна суна доькхуш.

[27] Ахьа сан когашна буржалш тоьхна, ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу, ас юьту лараш тергалйо Ахьа.

[28] Иштта со, мурйоьлла дечиг санна а, нецаша йоу бедар санна а, телхаш ву».

Аюб — Chapters