Skip to content
Opens in a new window

[1] «Хьуна хаьий, ламанан гезарша буьхьигаш ян еза хан, сено кӀорнеш еш гиний хьуна?

[2] Хьуна хаьий, цара маса баттахь шайн кӀорнеш кийрахь лелайо? Хьуна хаьий, цара уьш маца ян еза?

[3] Шайн кӀорнеш ечу хенахь, уьш охьатаьӀа, иштта шайн кӀорнеш дуьнен чу йоху.

[4] Церан бераш, аренгахь даккхий а хуьлий, тӀаккха, кхин цкъа а юха ца догӀуш, дӀадоьлху.

[5] ПаргӀатоне кхача хьан дӀахецна акха вир, цунна тӀера буржал хьан дӀадаьккхина?

[6] Ас эрначу аренах цуьнан цӀа дина, дуьрачу аренах цуьнан хӀусам йина.

[7] Иза йоьлу дукха адам чохь долчу гӀалин гӀовгӀанах, цунна ца хеза гурманчас еш йолу хичаш.

[8] Гунаш тӀехула йолалой, шена юург лоху цо, баьццара мел йолчу хӀуманна тӀаьхьаяьлла лела иза.

[9] Ахьа бохург дан луур дуй те акхачу старана, буьйса йоккхур юй те цо хьан хьаьвданна уллохь?

[10] Хершнаш даха муьшаца хьоьга дӀабехкалур буй акха сту, хьуна тӀаьхьара мекха боккхур буй цо хьан кха тӀехь?

[11] Цуьнан боккхачу ницкъана цунах тешна Ӏийр вуй хьо? ЧӀогӀа къахьегар цунна тӀедилла ваьхьар вуй хьо?

[12] Цуьнга ялта схьа а гулдайтина, хьаьтта схьадаийта ваьхьар вуй хьо?

[13] Страус олучу олхазаран тӀемаш сакъерадаларца дӀасадеттало, амма чӀерийдохурган месашца уьш дусталур дац.

[14] Страусо шен хӀоаш лаьтта тӀехь дуьту, уьш гӀамар тӀехь дохдалийта.

[15] Цунна дага ца догӀу царна тӀе цхьаммо ког боккхург хилар а, я акхароша уьш дохорг хилар а.

[16] Страус къиза ду шен кӀорнешца, цунна уьш хийра долуш санна хета, шен къахьегар эрна хиларх а ца кхоьру иза.

[17] Ас хьекъалалла цунах генадаьккхина, иштта цунна кхетам а ца белла.

[18] Амма ша дада дагахь хьалаайделча, иза беречух а, говрах а доьлу.

[19] Аюб, ахьа белла те говрана ницкъ? Цуьнан вортана ахьа йина те кхес?

[20] Ахьа и говр, цӀоз санна, кхийсайолуьйту те, ша чӀогӀа хур дарца адам кхера а деш?

[21] Говр, лаьттах ког а бетташ, ша-шех самукъадолуш хуьлу. Иза шен ницкъ ма-хуьллу тӀамтӀе хьаьдда йоьду.

[22] Иза кхерамах йоьлуш хуьлу, цхьаннах а ца кхоьруш хуьлу, ткъа туьрах иза дӀа ца къехка.

[23] Ӏад-ботт ду цуьнан агӀонна тӀехь декаш, къегаш ду гоьмукъ а, цамза а,

[24] шен чуьраяларца цо лаьттах ка етта, ткъа, коьман маӀан аз хезча, иза цхьана меттехь ца сацало.

[25] Шена коьман маӀан аз хезча, говр терса, геннара хаало цунна тӀом болу меттиг а, тӀемалойн хьаькамийн аз а, тӀеман цӀогӀа а.

[26] Хьан хьекъалаллица лела те куьйра, шен тӀемаш къилбехьарчу мохана дуьхьал а дерзийна?

[27] Ахьа аьлла те аьрзуне стигала лакха хьалаяала, лекхачу лаьмнашкахь шен бен а бе?

[28] Тархашна юкъахь цо буьйса йоккху, ирачу тархех цо шен гӀап а йо.

[29] Цигара шена ижу лоху цо, хӀума яархьама. Геннара схьахьоьжу цуьнан бӀаьргаш а.

[30] Цуьнан кӀорнеша цӀий молу, байинчеран декъий долчохь а иза хуьлу».

[31] ТӀаккха Веза Эла кхин а вистхилира Аюбе:

[32] «Нуьцкъалчуьнца къуьйсуш волчо Иза нисвийр вуй те? Дела бехке вечо жоп лойла Цунна!»

[33] Юха Аюба Везачу Элана жоп делира:

[34] «Со хьакъ вац – Хьуна жоп дала муха ваьхьар вара со? Сайн юьхь тӀе куьг дуьллу ас, сайн багара дош ца далийтархьама.

[35] Юх-юха а со вистхуьлуш велахь а, сан кхин жоп а дац, кхин хӀумма а ас дуьйцур дац».

Аюб — Chapters