[1] ЭлихӀус кхин а дӀа дира шен къамел:
[2] «„Далла хьалха со бакъонна тӀехь лаьтта“, – аьлла, дийцар нийса хетий хьуна?
[3] Ахьа боху: „Суна хӀун пайда бу? Аса къинош ца летийча а, хӀун пайда бу?“
[4] Суна луур дара хьуна а, хьан доттагӀашна а жоп дала.
[5] Стигала хьалахьажа, гуш хила! Лакхахь йолчу мархийн тидам бе!
[6] Ахьа къа латийча, Далла хӀун ду? Ахьа хьайн вонаш алсамдаьхча, Цунна хӀун ду иза?
[7] Хьо нийса лелча, Цунна хӀун ло ахьа? ХӀун кхочу Цунна хьан карара?
[8] Хьан Ӏесалла хьо санна долчу адамех бен ца хьакхало, ткъа хьан нийсо хьо санна волчу стагах бен ца хьакхало.
[9] Дуккха а йолу гӀелонаш ловчу адамаша орца доккху, ницкъболчийн куьйгаш кӀелара схьахезаш ду церан узарш.
[10] Амма цхьаммо а ца боху: „Мичахь ву со кхоьллина Дела, буьйсанна иллеш ала тхуна ницкъ луш Верг,
[11] лаьттарчу акхаройл а тхан кхетам алсамбаьккхинарг, стигаларчу олхазарел а тхан хьекъал совдаьккхинарг?“
[12] Везачу Эло жоп ца ло орца доккхуш болчарна, вочу нехан кура дегнаш бахьана долуш.
[13] Эрна ду иза – Дала оцуьнга ла ца дугӀу, Нуьцкъалчу Далла и орца даккхар гуш дац.
[14] Дала мел кӀезиг ладугӀур ду хьоьга, Иза хьайна ца го ахь баьхча, хьайн гӀуллакх Цунна хьалха ду, Цуьнга хьежа деза ахь баьхча.
[15] Хьуна моьтту, Везачу Эло къинош летош берш таӀзар ца деш буьту, церан къинош Шена ца гуш санна.
[16] Аюба къамелаш дан шен бага еллар эрна ду. Кхетам боцуш, цо дешнаш дуьйцуш а ду».