Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаккха шуахьахо волчу Билдада Аюбе элира:

[2] «Дукха дийр дуй ахьа цу тайпана къамел? Хьан багара схьадолу дешнаш сиха мох санна ду.

[3] Дала бакъдерг гамдо те? Нуьцкъалчо нийсо гамйо те?

[4] Хьан бераша Цунна хьалха къа латийнехь, и къинош бахьана долуш Цо таӀзар до царна.

[5] Нагахь хьо даггара Дела лоьхуш велахь, нуьцкъалчу Деле дехарш ахь дахь,

[6] хьо билггал дика а, догцӀена а велахь, Иза хьуна орцах ван хьелур вац, хьуна йогӀу хӀусам Цо тойийр ю.

[7] Хьан долахь хилларг кӀезиг хетар ду, хьан хинболу бахам алсам хир болу дела.

[8] Хьайн дайшка хатта, царна гинчух лаьцна ойла е.

[9] Селхана дуьнен чу девллачу тхуна хӀумма а ца хаьа, дуьнен тӀехь долу тхан дахар, ӀиндагӀ санна, сихло.

[10] Дайша хьо Ӏамор ву, цара эр ду хьоьга, шайн дага тӀера дешнаш схьадохур ду:

[11] „Уьшал йоцучохь шач тӀейолий? Хи доцучохь эрз тӀеболий?

[12] Ховха а, хадоза а иза боллушехь, хи дӀалакъийча, вукху бецал а хьалха маргӀалбоьлла дӀахӀуттур бу.

[13] Иштта ду массо а Дела вицвинчеран некъаш. Иштта хӀаллакьхир ю Ӏесачеран сатуьйсийла.

[14] Цуьнан сатуьйсийла ледара ду, цуьнан тӀетовжийла гезгамаша бу.

[15] Шен цӀенна тӀе тевжар ву иза, амма латталур вац, цо схьалоцур ду иза, амма иза хӀотталур вац“.

[16] Иза дика яшийна товнехь йолу орамат санна ву, цуьнан зӀийдагаш ерриг а бешахула дӀаса а хецна.

[17] Цуьнан орамаш тӀулгех дӀатийсалуш ду, жагӀанна юккъехула дӀаса а даьржаш.

[18] Амма и орамат ша хьалха тӀедолуш хиллачуьра схьадаьккхича, и тӀедолуш йолчу меттигна иза дицлур ду. Цо эр ду: „Хьо кхузахь цкъа а ца гина!“

[19] Эццахь кхачало цуьнан ирсе дахар, ткъа цуьнан метта лаьттара кхидерш тӀедовлу.

[20] Гой хьуна, Везачу Эло бехк боцург дӀа ца тосу, вочарна Цо, куьйгаш схьа а лаьцна, гӀо а ца до.

[21] Цо хьуна юхадерзор ду синкъераме велар, Цо иштта схьалур ду хьуна воккхаверан аз а.

[22] Хьо ца везарш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу, иштта Ӏесачеран четарш а кхин хир дац».

Аюб — Chapters