Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Мусага элира:

[2] «Хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь гуламан четар дӀахӀоттаде.

[3] Цу чу тӀулгийн экъанаш чохь йолу тӀорказ хӀоттаде, цунна дуьхьал шаршу а оллий.

[4] Юха, чу а яй, стол а, цу тӀехь хӀиттайо хӀуманаш а дӀахӀиттае. Стогар а схьаба, цу тӀе цуьнан къуьданаш хӀиттабе.

[5] Хаза хьожа йоккху хӀума шена тӀехь ягош болу дашо кхерч тӀорказна хьалха хӀоттабе. Четаран неӀарехь шаршу а олла.

[6] СагӀина лерина шена тӀехь хьайба дагош болу кхерч четарна чуволлучохь хӀоттабе.

[7] Четарний, кхерчаний юккъе юьхь-куьг дуьлу бога а хӀоттадай, цу чу хи дотта.

[8] Гонах керт а хӀоттаяй, кевнна дуьхьал шаршу олла.

[9] ТӀаккха, къобалваран даьтта схьа а эций, четарна а, цу чохь долчу массо а хӀуманна а тӀедотта. Уьш еза хир ю цул тӀаьхьа.

[10] СагӀа доккхучу кхерчана а, цуьнан гӀирсана а тӀе даьтта дотта. Къобалбе и кхерч, тӀаккха иза къаьсттина беза хир бу.

[11] Юьхь-куьг дуьлучу боганна а, цуьнан бухана а даьтта а доттий, иза а къобалде.

[12] АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, четарна улло а балабай, хица цӀанбе.

[13] Даздина духарш АхӀаронна тӀе а дохий, цунна даьтта а доттий, къобалве иза, Суна гӀуллакх деш динан да хилийта.

[14] Цуьнан кӀентий схьа а балабай, царна тӀе а юха кучамаш.

[15] Айхьа церан дена тӀе ма-доттара, даьтта дотта царна тӀе а, Суна гӀуллакх деш, динан дай уьш хилийта. И даьтта доттар бахьана долуш церан тӀаьхьенаш а хир ю Суна гӀуллакх деш, динан дай а хилла».

[16] Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира Мусас.

[17] Мисар-махкара исраилхой арабевллачу шолгӀачу шеран хьалхарчу беттан хьалхарчу дийнахь дӀахӀоттийна Везачу Элан четар.

[18] Мусас четар дӀахӀоттийра. Цкъа хьалха бух а хӀоттийна, юха бӀогӀамаш дӀа а хӀиттийна, гураш а хӀиттийна, хьокхий охьадехкира цо.

[19] Юха цу четарна тӀехула кхалор а хӀоттийна, тхов тӀе хӀума а йиллина, иза дӀакъевлира, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.

[20] ТӀе парзаш яздина тӀулгийн экъанаш тоьшаллин тӀорказ чу а ехкина, тӀорказан чӀагарех хьокхий чекх а даьхна, негӀар тӀорказна тӀедиллира Мусас.

[21] ТӀорказ, четар кӀел а даьхьна, хьалха шаршу а оьллина, дӀакъевлира цо, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.

[22] Четара кӀел а яьхьна, къилбаседехьа, шаршуна арахьа агӀор стол хӀоттийра цо.

[23] Цу тӀе Везачу Элана хьалха дохку баьпкаш хӀиттийра цо, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.

[24] Юха стоьлана дуьхьал, къилбехьа, стогар хӀоттийра.

[25] Везачу Элана хьалха къуьданаш хӀиттийра Мусас, Цо шена тӀе-ма-диллара.

[26] Четарна кӀелахь шаршуна хьалха шена тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягош болу дашо кхерч хӀоттийра цо.

[27] Цу тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягийра Мусас, Везачу Эло тӀе-ма-диллара.

[28] Четаран неӀарехь шаршу оьллира цо.

[29] Дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч четарна хьалха, чуволлучохь, хӀоттийра цо. Цу тӀехь дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кӀенан сагӀанаш а дохура Мусас, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара.

[30] Юьхь-куьг дуьлу бога четарна а, сагӀа доккхучу кхерчана а юккъе а хӀоттийна, цу чу хи доьттира цо.

[31] Мусас а, АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а шайн куьйгаш а, когаш а билира цу чохь.

[32] ХӀоразза а четарна кӀел доьлхуш а, кхерчана тӀе доьлхуш а дегӀан меженаш юьлура цара, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара.

[33] Четарна а, кхерчана а гонах керт а хӀоттийна, кертан кевнна хьалха шаршу оьллира Мусас. Иштта шен болх чекхбаьккхира цо.

[34] Делан четарна гонах марха хӀоьттира, ткъа цу гуламан четаран чоь Везачу Элан олаллин нуьро юьзира.

[35] Муса Делан четарна кӀел ца вахалора, цунна гонах марха хиларна а, Везачу Элан олаллин нур цу гуламан четарна чохь хиларна а.

[36] Делан четарна тӀера и марха хьалаяьккхича, новкъа бовлура исраилхой.

[37] Марха Делан четарна тӀехула мел лаьтта, цара шайн меттамотт дӀа ца боккхура.

[38] Дийнахь Везачу Элан марха четарна тӀехула лаьттара, ткъа буьйсанна цунна юкъахь йогуш цӀе хуьлура. Иштта хуьлура исраилхошна хьалха массо а церан некъашкахь.

Арадаккхар — Chapters