Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Мусага элира:

[2] «Исраилхойн хӀора хьалха вина кӀант а, хьайба а Суна лерина хилийта, уьш Сан ду».

[3] Мусас халкъе элира: «Шаьш Мисарарчу лоллера арадевлла хӀара де дагахь латтаделаш. Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца арадаьхна шу кхузара. ХӀара де дагахь латточу хенахь совсийна бепиг ма даалаш,

[4] хӀунда аьлча кху дийнахь, Авив цӀе йолчу баттахь шу арадовлуш ду.

[5] Везачу Эло канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а лаьтта тӀе дуьгур ду шу. Шуьрех а, мазах а дуьзна токхе и латта шун дайшна лур ду аьлла, чӀагӀо йинера Везачу Эло. Цундела кху баттахь хӀара гӀуллакхаш де.

[6] ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа, ворхӀалгӀачу дийнахь Везачу Элана лерина дезде хӀоттаде.

[7] Совсаза бепиг ворхӀ дийнахь даа деза. Шун цӀеношкахь а, шун махкахь а совсийна бепиг хила ца деза цу хенахь.

[8] Цу дийнахь хьайн кӀанте ала: „Везачу Эло, Мисарара со араволуш, суна динарг бахьана долуш, лору ас хӀара де“.

[9] Куьйга тӀе йихкина хӀума санна хуьлийла иза хьуна, хьетӀехь йина йолу билгало санна, хуьлийла. Цу дезачу дийно дагахь латтор ду хьуна Везачу Элан хьехамах ахь дуьйцуш хила дезар, хӀунда аьлча Шен боккхачу ницкъаца Везачу Эло хьо Мисарара араваьккхина.

[10] ХӀора шарахь а и дезде билгалдаьккхинчу дийнахь, лара а лоруш, дӀакхехьа.

[11] Везачу Эло хьан дайшна лур бу аьллачу КанаӀан-махка а валийна, и мохк хьайна дӀабелча,

[12] доьзалехь хьалха дуьнен чу ваьлла хӀора кӀант а, боьрша хьайба а Везачу Элана дӀало.

[13] Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Ӏахар а белла, паргӀатъяккха. Ткъа ахь иза паргӀат ца яккхахь, цуьнан ворта кагъе. Иштта, хьалха винчу кӀантана тӀера а мах бала беза.

[14] Хьан кӀанта хьоьга хин йолчу хенахь хаттахь: „И хӀунда деш ду?“ – аьлла, ахь цуьнга ала: „Везачу Эло Шен боккхачу ницкъаца Мисарара ара а даьхна, лоллехь долчуьра паргӀатдаьхна вай.

[15] Вай дӀахеца ца лууш дуьхьалваьллера пирӀун, тӀаккха Везачу Эло Мисар-махкара хьалха дуьнен чу даьлла массо а кӀант а, боьрша хьайба а хӀаллакдира. Цундела ас Везачу Элана сагӀина лерина хӀора хьалха дуьнен чу даьлла боьрша хьайба дӀа а лой, сайн хьалхара кӀант цу мехаца мукъавоккху“.

[16] Куьйга тӀе йихкина хӀума санна, хьетӀехь йолу билгало санна хуьлийла иза хьуна, Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца вай Мисарара арадахар дагахь латтийта».

[17] ПирӀуно халкъ дӀахецча, Дала пӀелаштамхойн лаьттахула ца дигира иза, цигахула некъ боца белахь а. Дала элира: «Шайн тӀом бан дезча, дохко а бевлла, Мисара юхаберза мега уьш».

[18] Цундела Эрзан хӀорда уллорачу яьссачу арахула дӀадигира Дала халкъ. Иштта, Мисар-махкара герзаца арабевлира исраилхой.

[19] Мусас шеца Юсупан даьӀахкаш схьаийцира, хӀунда аьлча Юсупа чӀагӀо яйтинера исраилхошка: «Дала шу кӀелхьардохур ду. Шаьш дӀадоьлхуш, кхузара сан даьӀахкаш дӀахьолаш», – аьлла.

[20] Сакхат цӀе йолчу меттера дӀа а бахана, яьсса аре чекхйолучохь, Атам цӀе йолчу меттигна уллохь севцира уьш.

[21] Веза Эла царна хьалхаваьлла воьдуш вара. Царна некъ гойтуш, дийнахь марханех хиллачу бӀогӀамна юкъахь вогӀура иза, буьйсанна – цӀеран бӀогӀамна юкъахь, царна серло а луш, уьш дийнахь а, буса а дӀабахийта.

[22] Марханийн бӀогӀам а, цӀеран бӀогӀам а халкъана хьалхара дӀаболуш бацара.

Арадаккхар — Chapters