[1] Везачу Эло Мусага элира: «Хьалха йиначарах тера а йолуш, тӀулган керла экъанаш ага хьайна. Царна тӀехь ахьа йохийначу шинна тӀехь хилла дешнаш яздийр ду Аса.
[2] Кхана Ӏуьйранна кийча хила. Синай-лам тӀе хьала а валий, Суна хьалха хӀотта ламанан бохь тӀехь.
[3] Хьоьца лам тӀе вала цхьаннан а бакъо яц, цу лам тӀехь миччахь а ша гайта а бакъо яц цхьаннан а. Шун кегий а, даккхий а даьхни хила йиш яц цу ломана уллохь дежаш».
[4] Хьалхалернаш санна йолу ши экъа а йина, Ӏуьйранна гӀаьттина, Синай-лам тӀе велира Муса, Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара. ТӀулган ши экъа кара схьаийцира цо.
[5] Мархина юккъехь чу а воьссина, цунна уллохь сецира Веза Эла. ЯхӀува (Веза Эла) аьлла, Шен цӀе яьккхира Цо.
[6] Мусана хьалхахула а ваьлла, Везачу Эло Шен ЯхӀува йолчу цӀарах лаьцна кхайкхам бира: «Веза Эла къинхетаме а, дика а Дела ву, атта оьгӀаз ца воьдуш волу а, боккха безам болуш а, тешаме волу а,
[7] Шен тешам эзарнаш тӀаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенехь таӀзар деш волу а».
[8] Цу сохьта, лаьтта а воьжна, Далла хьалха суждане вахара Муса.
[9] Цо элира: «Хьалдолу Эла, Хьо суна реза велахь, тхуна юкъахь дӀаволахьа. ХӀара халкъ чӀогӀа аьрха ду, амма тхан харцонашна а, къиношна а геч а дай, Хьайн халкъ санна дӀаэцахьа тхо».
[10] Везачу Эло тӀаккха элира: «Аса барт бо шуьца: дерриг а хьан халкъана хьалха Ас тамашийна хӀуманаш гойтур ду, дерриг дуьнен чохь долчу цхьана а халкъана хӀинццалц цкъа а хилла доцу. Хьо юкъахь волчу халкъана Аса, Везачу Эло, хьан дуьхьа ден дерг гур ду, ткъа цу бахьаненна уьш ларамах буьзна хир бу.
[11] ХӀинца Ас хьайна тӀедуьллург Ӏалашде. Ас хьуна хьалхара лохкур бу эмархой, канаӀанхой, хьетахой, перезахой, хьаьвихой, явсайхой.
[12] Ларлолахь, хьо дӀавогӀуш болчу махкарчу нахаца берта ма гӀолахь, иза хьуна гур санна ца хилийтархьама.
[13] Церан сагӀа доккху меттигаш а, Ӏибадат дан хӀиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бӀогӀамаш хадабай, дӀабаха.
[14] Цхьана Везачу Элана бен, кхечу далла ахь Ӏибадат дан мегар дац, хӀунда аьлча Эмгаралла Ерг цӀе йолуш волу Веза Эла – эмгаралла йолу Дела ву.
[15] Ларлолахь, цу махкахь Ӏаш болчу нахаца берта ма гӀолахь, хӀунда аьлча, Соьгара дӀа а бирзина, шайн деланашна тӀаьхьахӀиттича, царна сагӀанаш даьхча, хьо дӀакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагӀанаш даа там бу ахьа.
[16] Церан мехкарий хьайн кӀенташна ма балабе, Везачу Элера дӀа а бирзина, шайн деланашна тӀаьхьахӀиттар цу мехкаршка хьайн кӀенташна ца Ӏамадайта.
[17] ЦӀуш ма бе хьайна.
[18] Совсазчу баьпкан деза де лара: ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа, Ас хьайна тӀе-ма-диллара. Иза билгалъяьккхинчу хенахь Авив цӀе йолчу баттахь хила дезаш ду, хӀунда аьлча цу баттахь хьо Мисарара араваьлла.
[19] Доьзалехь дуьххьара хилла кӀант Сан ву, хьан даьхни юкъара дуьххьара хилла боьрша хьайба – я уьстагӀ, я газа – Сан ду.
[20] Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Ӏахар а белла, паргӀатъяккха. Ткъа айхьа иза паргӀат ца яккхахь, виран ворта кагъе. Хьайн дуьххьара хиллачу кӀентех а мах ло. Цхьа а Суна дуьхьал ма вола, карахь совгӀат а доцуш.
[21] Ялх дийнахь болх бе, ворхӀалгӀачу дийнахь садаӀа. Ур-атталла ялта дӀадуьйчу а, чудерзочу а хенахь цу дийнахь садаӀа.
[22] Дуьххьарлера ялта схьаэцаран „ШавуӀот“ цӀе йолу деза де а, шо чекхдолуш ялта чудерзоран деза де а лара.
[23] Шарахь кхузза берриг а божарий Хьалдолчу Элана, Исраилан халкъан Далла, хьалха хӀитта беза.
[24] Ас, хьуна хьалхара халкъаш дӀа а лаьхкина, хьан мехкан дозанаш шордийр ду, цхьа а хьан лаьтта тӀе кхевдар вац, шарахь кхузза хьайн Везачу Далла хьалха хьо вогӀуш волчу хенахь.
[25] Дийнатан цӀий Суна сагӀина даьккхича, совсийна бепиг Суна сагӀина ма даккха, ткъа Пасахьан сагӀа Ӏуьйренга ма далийта.
[26] Хьайн лаьтто дуьххьара белла стоьмаш хьайн Везачу Делан цӀа чу схьаба. Буьхьиг шен ненан шури чохь ма кхехкае».
[27] Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаязде Ас хьайга аьлла дешнаш, хӀунда аьлча цаьрца Ас барт бо хьоьца а, Исраилан халкъаца а».
[28] Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хӀума а ца йиира, хи а ца мелира. ТӀулган экъанаш тӀехь бартбаран дешнаш дӀаяздира цо: Делера болу итт хьехам.
[29] Карахь бартбаран ши экъа а йолуш, Синай-лам тӀера чувуссучу хенахь, Мусана ца хаьара шен юьхь серлаяьлла хилар, Дала цуьнца къамел дина дела.
[30] Мусан лепаш йолу юьхь а гина, цунна тӀебахка ца хӀуьттура АхӀарон а, исраилхой а.
[31] Цо шайга тӀекхайкхича, АхӀарон а, халкъана юкъара тхьамданаш а Мусана тӀебахара. Цаьрца къамел дира цо.
[32] Цул тӀаьхьа массо а исраилхой цунна тӀебаьхкира, ткъа Везачу Эло Синай-лам тӀехь шега аьлларг дерриг а цаьрга дийцира Мусас.
[33] Нахаца къамел динчул тӀаьхьа, пардо схьа а эцна, шен юьхь къайлаяьккхира цо.
[34] Везачу Элана хьалха хӀоьттича, Мусас шен юьхьана дуьхьал йолу хӀума дӀайоккхура, ша араваллалц. Арахь шена ала тӀедиллинарг исраилхошка дуьйцура цо.
[35] Нахана гора лепаш йолу Мусан юьхь. Ша Веза Эла волчу чуваххалц, юха а шен юьхь къайлайоккхура цо.