Skip to content
Opens in a new window

[1] Веза Эла Мусага кхайкхира, гуламан четар чуьра цуьнга къамел дира Цо:

[2] «ДӀаала исраилхошка: „Шух цхьанна Везачу Элана лерина сагӀа даккха лиъча, доккхачу а, жимачу а даьхних даккха и сагӀа.

[3] Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀа стага доккхачу даьхних даккхахь, иза боьрша хила деза, цхьа а сакхт а доцуш. Цо и бежана гуламан четарна чуволлучохь дӀахӀотто деза, Везачу Эле иза къобалдайтархьама.

[4] Схьадалийначу бежанан коьрта тӀе цу стага куьг диллича, и сагӀа цу стеган метта Дала тӀеоьцур ду, цунна тӀера къинош дӀадахархьама.

[5] Везачу Элана хьалха старгӀина урс хьакха деза цу стага, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу сагӀа доккхучу кхерчана массо а агӀор тӀетоха деза цу бежанан цӀийн цинцаш.

[6] Оцу стага, дийначу бежанна тӀера неӀ схьа а даьккхина, и бежана дакъошка декъа деза.

[7] АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь цӀе а латийна, цу тӀе дечиг дилла деза.

[8] АхӀаронан кӀентий болчу динан дайша, цӀера тӀе дехкинчу дечигаш тӀе бежанан дакъош а, корта а, мохь а йилла еза.

[9] Оцу стага бежанан когаш а, чоко а дилича, динан дас дерриге а дакъош цӀера тӀехь даго деза. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.

[10] Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага жимачу даьхних – уьстагӀех я гезарех – даккхахь, иза цхьа а сакхт доцу боьрша дийнат хила деза.

[11] Стага Везачу Элана хьалха, сагӀа доккхучу кхерчан къилбаседехьарчу агӀор охьа а диллина, дийнатна урс хьакха деза, цул тӀаьхьа АхӀаронан кӀенташа, динан дайша, цу дийнатан цӀий тоха деза кхерчан массо а агӀор.

[12] Стага дийнат дакъошка декъа деза, кортий, моххьий дӀа а къастийна. Юха динан дас и дакъош кхерча тӀерачу цӀерана тӀе техкинчу дечигна тӀе дахка деза.

[13] Стага дийнатан когаш а, чоко а йилича, дерриге а дакъош кхерча тӀехь даго деза динан дас. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.

[14] Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага олхазар дахьахь, иза я къоркхокха я кхокха хила беза.

[15] Динан дас, кхокха сагӀа доккхучу кхерчана тӀе а беана, цуьнан корта схьабоккхур бу. Цуьнан цӀий кхерчан агӀонна тӀе охьа а дахийтина, иза багор бу цо кхерча тӀехь.

[16] Кхокханан харданг а, месаш а схьа а яьхна, кхерчан малхбалерчу агӀор, юкъ дӀахьокхучу метте, охьатосур ю динан дас.

[17] Стага и кхокха, цуьнан тӀемаш, кег а ца деш, дӀа а озийна, кагбича, иза кхерча тӀе техкинчу дечигна тӀерачу цӀергахь багор бу динан дас. Иза цӀера тӀехь дагош долу сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю“».

Далла Ӏамалъяр — Chapters