Skip to content
Opens in a new window

[1] Дерриг а Исраилан халкъ схьа а гулдина, Мусас элира: «Везачу Эло шуна дан тӀедиллинарг хӀара ду:

[2] ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀа де деза хилийта шайн. Иза Везачу Элана лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь болх бинарг вуьйр ву.

[3] Шоьтан дийнахь цхьана а шайн хӀусамашкахь цӀе ма латае».

[4] Дерриг а Исраилан халкъе Мусас элира: «Везачу Эло тӀедиллинарг хӀара ду:

[5] шайгара Везачу Элана совгӀаташ да. Даггара сагӀа дала лууш волчу хӀора стага Везачу Элана лерина совгӀат да: деши а, дети а, цӀаста а,

[6] сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а,

[7] цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а, акацин дечиг а,

[8] къуьданашна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогӀучу сегӀазах а туху хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а,

[9] оникс цӀе йолу тӀулг а, ийпадна чухӀитто а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна тӀетосу а деза тӀулгаш а».

[10] «Шегахь говзалла йолчо, ван а веана, Везачу Эло тӀедиллинарг дан деза:

[11] деза четар а, цуьнан тхов а, тхевнна тӀера кхалор а, мӀараш а, гураш а, хьокхий а, бӀогӀамаш а, баххаш а,

[12] бартбаран тӀорказ а, цуьнан хьокхий а, негӀар а, дуьхьал уллу кирхьа а,

[13] стол а, цуьнан хьокхий а, берриг а цуьнан гӀирс а, цу тӀе хӀитто Везачу Элана лерина баьпкаш а,

[14] четар серладаккхарна болу стогар а, берриг а цуьнан гӀирс а, цуьнан кегийра къуьданаш а, дагош долу даьтта а,

[15] хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч а, цуьнан хьокхий а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а, Делан четаран неӀаре уллу шаршу а,

[16] дийнаташ дагоран сагӀанаш доху кхерч а, цуьнан цӀестан цаца а, цуьнан хьокхий а, цуьнан берриг а гӀирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а,

[17] кертана ухку шаршуш а, кертан бӀогӀамаш а, церан баххаш а, керта чуволучу уллу шаршу а,

[18] четар чӀагӀъеш тухуш долу хьостамаш а, керт чӀагӀъеш долу хьостамаш а, цаьрца долу машшаш а,

[19] Делан четарна чохь гӀуллак деш тӀедуха дезаш долу деза духарш а (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш)».

[20] Муса волчуьра дерриг а Исраилан халкъ дӀадахара.

[21] Юха нах схьаэха буьйлабелира. Даггара лууш а, сино и гӀуллакх къобалдеш а волу хӀора стаг вогӀура Везачу Элана лерина совгӀат дахьаш. Гуламан четарна а, цуьнан берриг а гӀирсана а, дезачу духаршна а лерина хӀуманаш яхьара цара.

[22] Шен даггара сагӀа дала лууш долчу хӀора адамо – божарша а, зударша а – мӀерий а, лергах ухку чӀагарш а, мухӀарш а, туьтеш а, кхин йолу дашо хӀуманаш а яхьара. ХӀораммо а дашо совгӀат, шатайпа сагӀа санна, хьалаойура Везачу Элана.

[23] Шен долчо сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а, цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а дахьара.

[24] Детин я цӀастанан совгӀат луш болчу массара а иза Везачу Элана сагӀина дахьара, ткъа белхан муьлхха а декъана акацин дечиг шен йолчо хӀораммо а Везачу Элана сагӀина яхьара иза.

[25] Массо а говзачу зударша шайн куьйгашца хьовзийна сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а дахьара.

[26] И болх шайн дагца тӀе а лаьцна, шайна хуучара газанан тӀаргӀа хьовзабора.

[27] Халкъан тхьамданаша оникс цӀе йолу а, ийпадна а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна а лерина а тӀулгаш дахьара,

[28] ткъа иштта хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а, зайтдаьтта а дахьара къуьданашна а, къобалваран даьтта а, хаза хьожа йогӀу сегӀаз а кечдан.

[29] Исраилан халкъа юкъара шайн даггара сагӀа дала лууш мел лелачара, божарша а, зударша а, Мусагахула Везачу Эло дан тӀедиллинчу гӀуллакхна шайн-шайн лаамехь Везачу Элана лерина совгӀаташ дахьара.

[30] Мусас исраилхошка элира: «Везачу Эло къастийна Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал, ЯхӀудан тӀаьхьенах волу.

[31] Иза Делан Синах вуьзна ву. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а цунна делла Дала.

[32] Цунна хаьа говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цӀастанах а дан а,

[33] деза тӀулгаш кечдан а, дечигах хӀума ян а, мел болу говза болх бан а.

[34] Цунна а, Данан тӀаьхьенах волчу Ахьисамахан кӀантана ОхӀлиабана а похӀма делла кхиберш Ӏамо.

[35] Везачу Эло говзалла елла царна муьлхха а болх бан: дечигах хӀума ян а, кӀади дан а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангаца дуткъачу кӀадеш тӀехь тир яккха а, кӀадеш дуца а. Царна хаьа муьлхха а говза болх бан а, цу балхана хьесап дан а».

Арадаккхар — Chapters