Skip to content
Opens in a new window

[1] Мисар-махкахь Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:

[2] «ХӀара бутт шеран дуьххьарлера бутт хир бу шун.

[3] ДӀаала берриг а исраилхошка: хӀокху беттан уьтталгӀачу дийнахь хӀораммо а цхьацца Ӏахар я буьхьиг эца шен доьзална.

[4] Нагахь санна Ӏахар баа ца баллал доьзал жима белахь, шена уллорачу лулахочуьнца юкъахь схьаэца и Ӏахар. Шайн доьзалхошка хьаьжжина, цхьа Ӏахар массарна а кхаччал декъало.

[5] Ӏахар боьрша а, цхьа а сакхт доцуш а, цхьа шо кхаьчна а хила беза. Ӏахар я буьхьиг а мегар ю.

[6] Кху беттан дейтталгӀа де тӀекхаччалц иза Ӏалашбан беза. Цу дийнахь, суьйренан бода тӀебеача, массо а доьзалехь кечбина болу Ӏахар бен беза.

[7] И Ӏахар буун болчу цӀеношкахь неӀаран гуран шинне агӀор а, неӀаран дукъо тӀе а Ӏахаран цӀий хьакха.

[8] Цу буссехь цӀера тӀехь деттина Ӏахаран жижиг дӀадаа деза аш. Иза къаьхьачу бецашца а, совсазчу баьпкаца а даа деза.

[9] Цунах датта далаза диснарг а ма даа, я кхехкийнарг а ма даа. Корта а, когаш а, чоко а дӀа а ца йоккхуш, цӀера тӀехь даттий, дӀадаа иза.

[10] Ӏуьйре хилале цунах хӀумма а ма дита, амма дуьсуш хилахь, сахилале цӀера тӀехь дагаде диснарг.

[11] И кхача буучу хенахь шу тӀе хӀума юьйхина хила деза, юкъ а йихкина, когахь мачаш а йолуш. ХӀума сихонца яа еза аш. Некъан Ӏаса карахь хила еза шун. Иза Везачу Элан Пасахь ду.

[12] Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тӀера хьайбанна тӀекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тӀехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву.

[13] Шун цӀенош тӀехь долу цӀий Суна билгало хир ю. ЦӀий гича, Со шуна уллохула тӀехвер ву. Ас Мисар-махкана таӀзар дечу хенахь, шуна цхьа а зулам хир дац.

[14] Цундела таханлера де гуттар а дагахь латтаде, цу дийнахь аша дагадоуьйтур ду Ас шайна динарг. И де даздарца шун тӀаьхьенаша гуттар а йолчу хенахь Веза Эла лорур ву».

[15] «ВорхӀ дийнахь совсаза бепиг даа. Дуьххьарлерчу дийнахь шайн цӀенош чуьра бод совсо хӀума дӀаяккха, хӀунда аьлча цу деношкахь совсийна хӀума йиънарг исраилхошна юкъара дӀаваккха веза.

[16] Хьалхарчу а, ворхӀалгӀачу а дийнахь беза гулам дӀахӀотто беза аша. Цу деношкахь цхьа а тайпа болх бан мегар дац, яа хӀума кечъяр бен.

[17] Совсазчу баьпкан дезде дагахьлатто деза аша, хӀунда аьлча цу дийнахь шун тобанаш Мисар-махкара араяьхна Ас. И де шун тӀаьхьенаша а латто деза дагахь, гуттар а йолчу ханна тӀедиллина долу дела.

[18] Хьалхарчу беттан дейтталгӀачу дийнан сарахь дуьйна ткъе цхьалгӀачу дийнан сарралц совсаза бепиг дуур ду аш.

[19] ВорхӀ дийнахь шун чохь бод совсо хӀума хила мегар дац. Совсийначу бедах хӀума йиънарг исраилхошна юкъара эккхо веза, тӀевеана стаг велахь а, я шун махкара вахархо велахь а.

[20] Цхьа а тайпа совсийна хӀума ма яа. Миччанхьа шаьш делахь а, совсаза бепиг даа».

[21] Исраилхошна юкъара къаной схьа а кхайкхина, Мусас элира: «Шайн доьзалшкахь хӀораммо а, схьаэций, Ӏахар я буьхьиг е Пасахьана лерина.

[22] ТӀаккха цуьнан цӀий чохь долчу кеда чу кӀедачу ярийн курс а Ӏоттий, шайн неӀаран гурах а, дукъонах а хьакха. Сахиллалц цхьа а шайн чуьра ара а ма вала.

[23] Мисарна таӀзар дан Веза Эла веача, Цунна шун неӀарийн гурах а, дукъойх а хьаькхна цӀий гур ду. Иза шун цӀеношна уллохула тӀехвер ву, Ӏожаллин малике Цо шу дойуьйтур дац.

[24] И парзаш шуна а, шун тӀаьхьенашна а тӀейогӀу йолчу ханна тӀедехкина ду. Ларделаш уьш.

[25] Везачу Эло шайна лур ду аьллачу лаьтта тӀе шаьш даьхкича, цигахь а кхочушделаш и гӀуллакх.

[26] Шайн бераша хаттахь: „Иза хӀунда деш ду?“ – аьлла,

[27] аша эр ду: „Иза Везачу Элана лерина Пасахьан сагӀа ду. Мисар-махкахь вай долчу хенахь исраилхойн цӀеношна уллохула тӀех а ваьлла, мисархошна таӀзар дира Цо, ткъа вайн цӀенош Ӏалашдира“». ТӀаккха Везачу Элана хьалха охьатаьӀира халкъ Цуьнга болчу ларамна.

[28] Мусагахулий, АхӀаронехулий Везачу Эло тӀе-ма-диллара, и гӀуллакх кхочушдира исраилхоша.

[29] Буьйса юккъе яхача, Везачу Эло Мисар-махкахь массо а хьалха вина кӀант валийтира, паччахьан гӀантахь Ӏаш волчу пирӀунан хьалхарчу доьзалхочунна тӀера набахти чохь волчу стеган доьзалхочунна тӀекхаччалц. Хьалха дуьнен чу даьлла боьрша даьхни а далийтира.

[30] Буьйсанна пирӀун ша а, цуьнан уллоранаш а, ерриг Мисар а хьалагӀаьттира. Доккха белхар хӀоьттира Мисар-махкахь, хӀунда аьлча чохь велла стаг воцуш цхьа а доьзал бацара.

[31] Цу буссехь тӀе а кхайкхина, Мусага а, АхӀароне а пирӀуно элира: «Шу а, исраилхой а, хьала а гӀовттий, дӀадовла сан халкъана юкъара. Даха а гӀой, Везачу Элана гӀуллакх де, шаьш ма-аллара.

[32] Кегий а, даккхий а даьхни а шайца дӀадига. ДӀа а гӀо, со декъал а ве!»

[33] Берриг а мисархоша доьхура цаьрга, сихонца дӀагӀахьара шу бохуш. «Шу дӀа ца гӀахь, тхо массо а хӀаллакьхир ду!» – бохура цара.

[34] Севсина балале бод схьа а эцна, иза чохь болу пхьегӀаш хӀуманна юкъа а хьарчийна, белшаш тӀехь дӀаяьхьира исраилхоша.

[35] Мусас шайга ма-аллара, мисархошка дато а, дашо а хӀуманаш а, бедарш а йийхира цара.

[36] Везачу Эло мисархой исраилхошца дика хилийтинера, цара исраилхошна дукха хӀуманаш елира.

[37] РаӀамсас-гӀалара гӀаш Сакхат-гӀала баха арабевлира исраилхой. Божарех ялх бӀе эзар гергга стаг вара царна юкъахь, бераш ца лерича.

[38] Дуккха а кхечу къаьмнех болу нах арабевлира цаьрца Мисарара. Исраилхоша дӀадуьгуш дуккха а кегий а, даккхий а даьхни дара.

[39] Новкъахь Мисарара схьабахьачу бедах совсаза хьокхамаш дира цара. Сихонца цу махкара арабевлла дела, церан бод ца севсинера, шайна новкъа довлуш яа хӀума кечъян а ца кхиънера уьш.

[40] Исраилхоша Мисарахь диъ бӀе ткъе итт шо даьккхинера.

[41] И хан яьллачул тӀаьхьа, оццу дийнахь Везачу Элан берриг а бӀо Мисарара арабелира.

[42] И буьйса Везачу Эло ладоьгӀуш яьккхира. Цо уьш Мисарара арабехира. Исраилхоша шайн тӀаьхьенашкахь а еза лоруш, Везачу Элана хьурмат деш йолу буьйса ю иза. Цундела цара иза сема яккха еза.

[43] Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: «Пасахьан коьрта некъаш ду аш лардан дезаш: хийрачу махкара цхьа а стаг Пасахьан кхача баа йиш йолуш вац.

[44] Детих эцначу муьлххачу а лено ша сунтвинчул тӀаьхьа и кхача баа мегар ду.

[45] Нагахь стаг шун махкахь тӀевеана Ӏаш велахь я иза шун белхало велахь, цуьнан и кхача баа йиш яц.

[46] Цхьана цӀа чохь яа еза Пасахьан яа хӀума, жижиг ара а ца доккхуш, даьӀахкаш а ца кегъеш.

[47] Массо а исраилхоша кхочушдан деза гӀуллакх ду иза.

[48] Нагахь шуна юкъахь Ӏаш волчу тӀевеанчу стагана Везачу Элан Пасахь шуьца даздан лаахь, цуьнан цӀийнах болу боьрша нах сунтбе. ТӀаккха, шун санна, бакъо хир ю цуьнан Пасахьан кхача баа. Цхьаннен а сунтваза волчун и кхача баа йиш яц.

[49] Цхьатерра бакъонаш хир ю исраилхочун а, шуна юкъахь Ӏаш волчу стеган а».

[50] Дерриг а Исраилан халкъ Везачу Эло Мусана а, АхӀаронна а деллачу омранна тӀетайра.

[51] Оццу дийнахь Везачу Эло Мисар-махкара арабехира исраилхой, тӀеман бӀо санна.

Арадаккхар — Chapters