[1] ТӀаккха Мусас а, исраилхоша а Везачу Элана лерина назма элира: «Ас Везачу Элана назма олу, И сийлахь-воккха хиларна. Дин а, бере а цхьаьна Цо хӀорда чу кхоьссина.
[2] Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КӀелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза.
[3] Веза Эла сийлахь тӀемало ву, Цуьнан цӀе ЯхӀува ю.
[4] ПирӀунан эскар а, гӀудалкхаш а хӀорда чу кхиссина Цо, тоьлла болу пирӀунан тӀеман хьаькамаш Эрзан хӀорда чу бахана.
[5] КӀоргачу хиша уьш къайлабехира. ТӀулгаш санна, хи буха а бахана, байна уьш.
[6] Веза Эла, Хьан аьтту куьг ма сийлахь ницкъ болуш ду. Хьан аьтту куьйго, ва Веза Эла, мостагӀа хӀаллаквина.
[7] Хьайн возаллица Ахь эшийна Хьайна дуьхьалбевлларш. Хьайн оьгӀазалла царна тӀе а ерзийна, ча санна, багийна Ахь уьш.
[8] Ахь хьакхийтинчу мохо хи декъа а декъна, пен санна, дӀахӀоттийра. ХӀордан кийрара хи дукъделира.
[9] МостагӀчо элира: „Царна тӀаьхьа а ваьлла, уьш схьалоцур бу ас, церан хьал схьа а доккхур ду. Тур а даьккхина, сайн дог Ӏабош, сан куьйго уьш хӀаллак а бийр бу“.
[10] Амма Ахь царна тӀе мох хьаькхира, тӀаккха уьш, даш санна, хи буха а бахана, хӀордан буьрсачу хиша дӀахьулбира.
[11] Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хӀуманаш кхуллург а мила ву?
[12] Ахь аьтту куьг тесча, уьш Лаьтто дӀахьулбира.
[13] Хьайн хедар боцучу безамца Ахьа мах белла кӀелхьардаьккхина халкъ, онда гӀо лоцуш, езачу Хьайн хӀусаме дигна хир ду Ахь.
[14] Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду. ПӀелаштамхойн халкъ кхерамо Ӏадийна хир ду.
[15] Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тӀе кхерам тесна хир бу, КанаӀанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу.
[16] Кхерамо Ӏадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тӀулгаш санна, дӀатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тӀехдаллалц, мехах паргӀатдаьккхина халкъ тӀехдаллалц.
[17] ДӀа а дигна, Хьайн цӀенна хаьржинчу метте охьахаор ду Ахь и халкъ, Веза Эла, Хьайна хӀусам Ахь йинчу метте, Хьайн куьйгашца Ахь кхоьллинчу дезачу ЦӀийне!
[18] Веза Эла гуттар а хир ву олалла деш, абаде яллалц».
[19] Шайн гӀудалкхашца пирӀунан говраш а, дошлой а хӀорда чу бевлча, Везачу Эло хӀордан хи царна тӀе дерзийнера, ткъа Исраилан халкъ хӀорда юккъехула лаьтта тӀехула дехьадаьллера.
[20] АхӀаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тӀаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий.
[21] Марема царна эшар лекхира: «Хастам бе Везачу Элана, Цо динарг сийлахь ду. Дин а, бере а хӀорда чу кхоьссина Цо».
[22] Исраилхой Эрзан хӀорда тӀера дӀабигира Мусас. Шур цӀе йолчу яьссачу аренга кхечира уьш. Кхаа дийнахь цу аренгахула дӀаоьхуш, хи ца карадора царна.
[23] Эххар а Марра цӀе йолчу метте баьхкира уьш. Цигахь царна карийна хи къаьхьа долуш мала ца лора. Цундела тиллинера цу меттиган цӀе Марра (ткъа иза «къахьалла» бохург ду).
[24] Нах Мусана реза бацара: «Оха хӀун мер ю?» – бохура цара.
[25] Муса Везачу Эле кхайкхира. Везачу Эло шена гайтинчу диттан га хи чу кхоьссира цо. ТӀаккха хи малалуш хилира. Цу меттехь, Шех тешар зен а зийна, Шен халкъо лело дезарг цунна тӀедиллира Дала.
[26] Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогӀахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тӀедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тӀе яхкийтинчу цамгарех шуна тӀе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хӀунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча».
[27] Элим цӀе йолчу метте баьхкира исраилхой. Цигахь хи схьадолу шийтта хьоста а, кхузткъе итт хурмин дитт а дара. Хишна уллохь севцира уьш.