[1] Элим олучу меттера дӀа а бахана, шаьш Мисарара арадевллачу шолгӀачу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь Элимна а, Синайна а юккъехь йолчу Син цӀе йолчу яьссачу ара деара дерриг а Исраилан халкъ.
[2] Цу арахь Мусага а, АхӀароне а лен буьйлабелира нах.
[3] «Мисар-махкахь Везачу Эло тхо дайинехь гӀолехь дара. Цигахь жижиган яйна уллохь Ӏара тхо, дуззалц даа бепиг а хуьлура. Аш тхо массо а хӀокху яьссачу ара дайа далийна», – бохура цара.
[4] Везачу Эло Мусага элира: «Ас стигалара охьа ялта доуьйтур ду шуна. Нахе, ара а бовлий, хӀора дийнахь шайна цхьана денна тоъал иза гулде ала. Айса тӀедиллинарг цара кхочушдой хьожуш, уьш зуьйр бу Ас.
[5] ЙолхалгӀачу дийнахь вукху деношкахь гулдинчул шозза сов гул а дина, кхача кечбан беза цара».
[6] Мусас а, АхӀарона а Исраилан халкъе элира: «Сарахь хуур ду шуна, шаьш Мисар-махкара Арадаьхнарг Веза Эла вуйла.
[7] Шу Шена реза доцийла хиъна Везачу Элана, цундела кхана Ӏуьйранна Цуьнан олаллин нур гур ду шуна. Тхуна луьйш ду шу, ткъа тхан карахь хӀун ду?»
[8] Юха Мусас кхин а элира: «Везачу Элана хезна Шена шу резацахилар, цундела Цо сарахь даа жижиг лур ду шуна, ткъа Ӏуьйранна бепиг а лур ду. Сан а, АхӀаронан а карахь хӀумма а дац! Шу резацахилар тхойшинна дуьхьал дац, Везачу Элана дуьхьал ду».
[9] АхӀароне элира Мусас: «Дерриг а Исраилан халкъе дӀаала: „Везачу Элана хьалха хӀитта, хӀунда аьлча Цунна хезна аш реза доцуш ен гӀовгӀанаш“».
[10] АхӀарона исраилхошка къамел дечу хенахь, массо а, юха а вирзина, яьссачу арене хьаьвсира. ЦӀеххьана царна мархина юккъехь Везачу Элан олаллин нур гира.
[11] Везачу Эло Мусага элира:
[12] «Суна исраилхоша, реза боцуш, ен хамталлаш хезна. ДӀаала цаьрга: „Тховса сарахь жижиг дуур ду аш, ткъа кхана Ӏуьйранна Ӏаббалц бепиг а хир ду шуна. ТӀаккха хуур ду шуна Со Веза Эла, шун Дела, вуйла“».
[13] Цу сарахь исраилхой севцначу метте лекъарчий даьхкира, ткъа Ӏуьйранна церан меттаматтана гобаьккхина Ӏуьллуш тхи дара.
[14] Тхи дӀадаьлча, лаьтта тӀехь кегийра, лайн чимаш санна а, йис санна а, цхьа хӀуманаш йисира.
[15] Уьш гинчу исраилхоша вовшашка хоьттура: «И хӀун ю?» – бохуш. Царна ца хаьара иза хӀун ю. Мусас элира цаьрга: «Иза Везачу Эло шуна делла ялта ду.
[16] Цо боху вайга, доьзалехь волчу хӀора стага дуур долччул ялта долу и кхачанан буьртигаш гулдеш волчо шен четар чохь Ӏаш волчунна хӀоранна цхьа Ӏовмар гулде иза, хӀора дийнахь шайна тоъал».
[17] Иштта дан а дира исраилхоша, цхьаболчара дукха, вукхара кӀезиг гулдира кхачанан буьртигаш.
[18] Ӏовмар олучу барамца узура цара гулдинарг. Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, кӀезиг гулдиначун тӀеоьшуш а ца хуьлура. ХӀораммо а цхьана стагана даъал гулдинера.
[19] Мусас элира цаьрга: «Гулдина кхачанан буьртигаш Ӏуьйренга довллалц ма диталаш».
[20] Амма цара цо бохучуьнга ла ца дуьйгӀира, цхьаболчара шаьш гулдинарг шолгӀачу денна дитира. Кхачанна нӀаьний а дина, цунах вон хьожа йогӀура. ТӀаккха Муса нахана оьгӀазвахара.
[21] Ӏуьйранна хӀораммо а шега даалуччул буьртигаш лахьадора, ткъа малхо дохдича, уьш дешара.
[22] ЙолхалгӀачу дийнахь шозза сов буьртигаш гулдира цара, хӀоранна а шишша Ӏовмар кхочуш. Тхьамданаша, тӀе а баьхкина, Мусага хаийтира иза.
[23] Мусас цаьрга элира: «Иза Делан лаамца хилла хӀума ду, хӀунда аьлча кхана Везачу Элана лерина долу садоӀу де – шоьтан де ду. Шайн ятта езарг а, кхехко езарг а тахана кечъе, ткъа йиснарг, дӀа а йиллий, кханенга яккха».
[24] Мусас ма-аллара, йиснарг кханенна дӀайиллира цара, амма яа хӀума ца телхира, нӀаьний а ца дира цунна.
[25] Мусас элира халкъе: «Тахана шоьтан де ду, иза Везачу Элана лерина садоӀу де ду, цундела шу арадовлахь, шуна буьртигаш карор дац.
[26] Ялх дийнахь гулде уьш, ткъа ворхӀалгӀа де Далла лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь арахь буьртигаш хир дац».
[27] Цуьнга ла а ца доьгӀна, цхьаберш арабевлира ворхӀалгӀачу дийнахь буьртигаш гулдан, амма царна хӀумма а кара-м ца йира.
[28] Везачу Эло Мусага элира: «Деха Ӏийр дуй шу Сан парзаш а, Ас тӀедехкинарш а кхочуш ца деш?
[29] Хьовсал, Ас, Везачу Эло, шуна садоӀу шоьтан де делла, цундела Ас йолхалгӀачу дийнахь шина денна ло кхачанан буьртигаш. Шаьш долчохь цӀахь Ӏе, ворхӀалгӀачу дийнахь ара ма довла».
[30] ВорхӀалгӀачу дийнахь халкъо садоӀура.
[31] Исраилхоша цу кхачанах «манна» олура (иза Ӏебархойн маттахь «И хӀун ду?» бохург ду). Иза, ораматан хӀу санна, кӀайн а йолуш, чомана моз тоьхна хьокхам санна яра.
[32] Мусас элира: «Везачу Эло вайна тӀедиллина: „Цхьацца Ӏовмар и кхача шайн тӀаьхьенашна дӀабилла, тӀаккха царна гур ду Ас шу Мисарара арадаьхначул тӀаьхьа яьссачу арахь шуна даийна ялта“».
[33] Мусас АхӀароне элира: «Кхаба схьа а эций, цу чу цхьа Ӏовмар буьртигаш дохка. Иза Везачу Элана хьалха хӀоттае, вайн тӀаьхьенашна юьсур ю иза».
[34] ТӀаьхьа, Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, АхӀарона чохь буьртигаш долу кхаба деза тӀорказ чохь йолчу, Дала еллачу тӀулгийн экъанашна хьалха хӀоттийра, Ӏалашъярхьама.
[35] Исраилхоша шовзткъа шарахь йиира «манна», шаьш тӀехь Ӏен долчу лаьтта тӀе а, КанаӀан-мехкан дозанна тӀе а кхаччалц.
[36] (Ткъа цхьа Ӏовмар бархӀ жимачу кедан барамал яра.)