Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «ХӀинца гур ду хьуна Ас пирӀунна дендерг. Онда куьг шена тӀехь хааделча, цо дӀахоьцур ду Сан халкъ. Цо ша арабохур бу уьш шен махкара».

[2] Юха Мусага Дала элира: «Со Веза Эла ву.

[3] ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а Со дуьхьалвеана „Нуьцкъала Дела“ цӀе а йолуш, ткъа „Веза Эла“ бохучу цӀарца Ас царна Со вовзийтина вац.

[4] Ас барт бина цаьрца, КанаӀанан латта царна дӀалур ду аьлла. Цу лаьтта тӀехь Ӏаш бара уьш, амма иза церан долахь дацара.

[5] Исраилхойн узарш хезира Суна, уьш, мисархойн леш а хилла, баланехь хилар гира, тӀаккха Сайн цаьрца хилла барт дагабеара Суна.

[6] Ас боху ала Исраилан халкъе: „Со Веза Эла ву. Ас Сайн куьйга мисархойн олаллех кӀелхьардохур ду шу, церан леш долчуьра паргӀат а дохур ду, Сайн болчу ницкъаца царна луьра таӀзарш а деш.

[7] Шун Дела а хилла, шух Сайн халкъ дийр ду Ас, тӀаккха шуна хуур ду Со Веза Эла, шун Дела вуйла, шу мисархойн Ӏазапах кӀелхьардаьхна волу.

[8] Айса ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а дӀалур ду аьлла, куьг а айина чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Ас, иза шуна тӀаьхьалонна дӀа а лур ду. Со Веза Эла ву“».

[9] Мусас и дерриг а исраилхошна дӀадийцира, амма цара ла ца дуьйгӀира цуьнга шаьш, беза болх беш, доьналла доцуш хиларна.

[10] ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира:

[11] «Мисаран паччахь волчу пирӀунна тӀе а гӀой, исраилхой шен махкара дӀабахийта ала цуьнга».

[12] Амма Мусас жоп делира: «Исраилхошна а ца лаьа соьга ладогӀа, пирӀунна-м муххале а луур дац. Цу тӀе сан къамел говза а дац».

[13] Мусаца а, АхӀаронца а къамел а дина, Везачу Эло царна тӀедиллира Исраилан халкъаца а, пирӀунца а къамел дар. Исраилхой Мисар-махкара арабахар цу шинна тӀедожийра Цо.

[14] Мусан а, АхӀаронан а дайн тӀаьхьенаш хӀорш яра: Исраилан хьалхарчу кӀентан цӀе Раабан яра. Раабанан кӀентий бара Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма. Царах Раабанах схьадевлла гаранаш хилира.

[15] ШимӀин кӀентий бара Емуал, Ямин, АхӀад, Якин, ЦӀохьар, канаӀанхочо вина Шаул. Царах ШимӀех схьадевлла гаранаш хилира.

[16] Леви бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь вехира. Цуьнан кӀентий бара ГӀиршан, КхахӀат, Мерари.

[17] ГӀиршанан кӀентий бара Ливани а, ШамаӀи а.

[18] КхахӀат бӀе ткъе кхойтта шарахь вехира. Цуьнан кӀентий бара Ӏамрам а, Ицхьар а, Хьеврон а, Ӏузиал а.

[19] Мерарин кӀентий бара Махьли а, Мушхьи а. Уьш шайн тайпанашца йолу Левин тӀаьхьенаш яра.

[20] Ӏамрам бӀе ткъе вуьрхӀитта шарахь вехира. Цо шен дейиша Йохабадат ялийра. Церан ши кӀант вара – АхӀарон а, Муса а.

[21] Ицхьаран кӀентий бара Кхорахь а, Непаг а, Зикра а.

[22] Ӏузиалан кӀентий бара Мишаал а, Элцапан а, Ситар а.

[23] АхӀарона Ӏамминадабан йоӀ а, Нахьшонан йиша а йолу Элисат ялийра. Цо АхӀаронна вира Надаб а, АбихӀу а, ЭлиӀазар а, Итамар а.

[24] Кхорахьан кӀентий бара Асар а, Элкхан а, Абуасап а. Царах Кхорахьах схьадевлла гаранаш хилира.

[25] АхӀаронан кӀанта ЭлиӀазара Путиалан йоӀарех цхьаъ ялийра. Зудчо ЭлиӀазарна Пайнехьас вира. Левин тӀаьхьенаш яра уьш шайн гаранашца.

[26] АхӀарон а, Муса а шайга Везачу Эло Мисар-махкара низам долуш йинчу тобанашкахь исраилхой арабаха аьлла шиъ вара.

[27] Цара аьллера Мисаран паччахье, пирӀуне, исраилхой Мисар-махкара дӀабахийта аьлла. И шиъ вара Муса а, АхӀарон а.

[28] Цу хенахь Везачу Эло Мусаца Мисар-махкахь къамел дира.

[29] Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву! Мисаран паччахье, пирӀуне, Ас хьайга аьлларг дерриг а дӀаала».

[30] Амма Мусас жоп делира: «Сан къамел говза дац, соьга ладугӀур дуй те пирӀуно?»

Арадаккхар — Chapters