Skip to content
Opens in a new window

[1] Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун волчу гӀо. Цуьнан а, цуьнан уллорачеран а дегнаш чӀагӀдина Ас, Сайн тамашийна билгалонаш царна гайтархьама.

[2] Хьоьга хьайн тӀаьхьене а, тӀаьхьенийн тӀаьхьене а дийцийта лаьа Суна Мисарахь Ас диначух а, гайтинчу билгалонех а лаьцна, шуна Веза Эла Со вуйла хаийта».

[3] Мусас а, АхӀарона а, пирӀунна тӀе а веана, элира: «Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, боху: „Хьо дукха Ӏан воллий Суна къар ца луш? ДӀахеца Сан халкъ Суна Ӏибадат дайта.

[4] Нагахь ахь Сан халкъ дӀа ца дахийтахь, кхана Ас хьан махка тӀе цӀоз хоьцур ду.

[5] Цо дерриг а латта къайладоккхур ду. Къора тоьхча шун диснарг а, цул тӀаьхьа арарчу дитташ тӀе хьаладаьлларг а дӀадуур ду цо.

[6] Хьан цӀенош а, хьан уллорачеран а, массо а мисархочун цӀенош а хьаладузур ду цӀазо. И саннарг гина дац хьан дайшна а, дайн дайшна а шаьш кху лаьтта тӀехь Ӏаш мел бу“». Юха а вирзина, пирӀун волчуьра аравелира Муса.

[7] ТӀаккха цунна уллорачара элира пирӀуне: «И халкъ бахьана долуш кхин мел бала хьега деза вай? ДӀахецахьа уьш шайн Везачу Далла Ӏибадат дан. Хьуна ца го, берриг а Мисар-мохк хӀаллакьхуьлуш хилар?»

[8] ПирӀуно Муса а, АхӀарон а схьакхайкхира. Цо цаьрга элира: «Даха а гӀой, шайн Везачу Далла Ӏибадат де. Мила гӀур ву шух цига?»

[9] «Берриш а гӀур бу, – жоп делира Мусас, – жима а, воккха а. Тхайн кӀентий а, йоӀарий а, тхайн кегий а, даккхий а даьхни а эцна гӀур ду тхо, хӀунда аьлча Везачу Элана лерина деза де ду тхан».

[10] ПирӀуно элира: «Шун бераш шуьца дӀадахийта со резавелахь, Волуш Волу Дела билггала шуьца хир ву! Гой шуна, вон хӀума ду шуна дагахь.

[11] Цундела берриш а ас бохуьйтур бац. Божарша, баха а гӀой, Везачу Элана гӀуллакх де, шаьш соьга иза ма-деххара». Цул тӀаьхьа Мусай, АхӀаронний пирӀун волчуьра араваьккхира.

[12] ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг Мисар-махкана тӀехула дӀалаца, кху махка тӀе цӀоз а летта, арара буц а, къора тоьхча диснарг дерриг а дӀадуийла цо».

[13] Мусас шен Ӏаса Мисар-махкана тӀехула дӀалецира. Везачу Эло кху лаьтта тӀе баийтира малхбалера мох, иза цу дийнахь, буса а хьийкхира. Ӏуьйре тӀееача, малхбалерчу мохо цӀоз деара.

[14] Инзаре дукха цӀоз тӀелетира берриг а Мисар-махкана. Хьалха а ца хиллера Мисарахь сел дукха цӀоз я тӀаьхьа а хир дац.

[15] Цо, къайла а доккхуш, дерриг а латта дӀалаьцнера. Къора тоьхча дисина долу лаьттара дерриг ялта а, дитташ тӀера стоьмаш а дӀабиира цӀазо. Берриг а Мисар-махкахь я дитташ тӀехь а, я арарчу баца тӀехь а соьналлех хӀума ца дисира.

[16] Мусай, АхӀаронний сихонца тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Шун Везачу Далла а, шуна а хьалха къа латийна ас.

[17] Кхин цкъа а гечдейша суна. Шайн Везачу Деле доӀа дейша, со хӀокху Ӏожаллех кӀелхьарваккха алий».

[18] ПирӀун волчуьра ара а ваьлла, Везачу Эле доӀа дира Мусас.

[19] Малхбузехьара дуьхьал чӀогӀа мох хьакхийтира Везачу Эло. Цу мохо дадийна цӀоз Эрзан хӀорда чу кхоьссира. Берриг а Мисар-махкахь цхьа а цӀоз а ца дисира.

[20] Амма Везачу Эло дог чӀагӀдина волчу пирӀуно Исраилан халкъ юха а дӀа ца дахийтира.

[21] Юха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала кховдаде, тӀаккха берриг а Мисар-махкахь буькъа бода хӀуттур бу».

[22] Мусас шен куьг стигала кховдийча, Мисарахь кхаа дийнахь буькъа бода хӀоьттира.

[23] Вовшийн ган а ца гуш, шаьш Ӏачуьра хьала а ца гӀовттуш кхо де даьккхира наха, ткъа исраилхойн цӀенош долчохь серло яра.

[24] Мусага тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Даха а гӀой, Везачу Элана Ӏибадат де. Шайн бераш а дига шайца, амма кегий а, даккхий а даьхни ца дуьгуш, бухахь дита».

[25] Амма Мусас элира: «Ахь-айхьа яла еза тхуна бакъо тхайн Везачу Далла сагӀа даккха.

[26] Оха тхайн дерриг а тхешан даьхни дӀадуьгур ду, цхьа берг буха а ца юьтуш, хӀунда аьлча цу юккъера ду оха тхешан Везачу Далла даккха дезаш долу сагӀа. Тхаьш цига дӀакхаччалц тхуна ца хаьа, Везачу Элана сагӀина хӀун хьайба ден деза».

[27] Везачу Эло дог чӀагӀдинчу пирӀунна уьш дӀахеца ца лиира.

[28] ТӀаккха пирӀуно Мусага элира: «Яхийта кхузара! Ларлолахь, кхин суна дуьхьал ма воьллахь. Сан юьхь гинчу дийнахь лийр ву хьо».

[29] Мусас жоп делира: «Ахь ма-аллара хир ду, кхин хьан юьхь гур яц суна».

Арадаккхар — Chapters