[1] Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, АхӀарон а, Надаб а, АбихӀу а, къанойх кхузткъе итт стаг а, Со волчу хьала а довлий, геннара Суна хьалха охьатаӀа.
[2] Хьо-хьо Суна улло вола, ткъа вуьш гергахьа ма бахкийта. Халкъ хьайца лам тӀе хьала ма даладе».
[3] Халкъана тӀе а веана, Везачу Элан коьрта дешнаш а, Цо тӀедиллинарг а довзийтира Мусас. Массара а, цхьаммо санна, элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а оха кхочушдийр ду».
[4] Везачу Эло аьлла дерриге а дешнаш Мусас дӀаяздира. ШолгӀачу Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, лома кӀелахь сагӀа даккха меттиг кечйира цо, исраилхойн шийтта тайпанан цӀарах цхьацца тӀулг а биллира.
[5] Юха Мусас исраилхойн кегий нах бахкийтира сагӀа даккха. Цара дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура. ТӀаккха, стерчий а дайина, барт баран сагӀанаш а дохура.
[6] Мусас дийнатех даьлла ах цӀий кедаш чу доьттира, ткъа вукхуьнца сагӀа даккха меттиг тӀадийра.
[7] Шаьш Везачу Элаца бина барт тӀеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтӀахь хир ду тхо».
[8] Кедаш чуьра цӀий нахана тӀе хьаьрсира Мусас. «ХӀара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цӀий ду», – элира цо.
[9] Юха Муса а, АхӀарон а, Надаб а, АбихӀу а, исраилхойх кхузткъе итт къано а лам тӀе велира.
[10] Царна исраилхойн Дела гира. Цуьнан когаш кӀелахь дезачу тӀулгийн экъа яра, стигал санна, цӀена а йолуш.
[11] Цо исраилхошна юкъара хаьржинчу нахана зен ца дира. Нахана Дела а гира, цара хӀума а йиира, мала а мелира цигахь.
[12] Юха Везачу Эло Мусага элира: «Со волчу лам тӀе хьала а валий, кхузахь саца. Айса нахана хьеха кечдина парзаш тӀехь долу тӀулган экъанаш лур ю Ас хьоьга».
[13] Шен гӀоьнча ЮшаӀ а эцна, Делан лам тӀе хьалаволавелира Муса.
[14] Къаношка цо элира: «Тхойша вухаваллалц кхузахь Ӏе. АхӀарон а, Хьор а шуьца хир ву, шен къасто дезаш гӀуллакх дерг царна тӀе гӀо».
[15] Муса хьалаваьлча, лам мархо дӀахьулбира.
[16] Везачу Элан олаллин нур Синай-лам тӀе охьадоьссира. Ялх дийнахь лам тӀехь марха лаьттира, ворхӀалгӀачу дийнахь Веза Эла Мусага кхайкхира мархи юкъара.
[17] Исраилхошна гуш дара ламанан боххьехь, цӀе санна, догу Везачу Элан олаллин нур.
[18] Муса, мархи юккъе а ваьлла, кхин а лакха хьалавелира лам тӀехула. Шовзткъа дийнахь а, буса а Ӏийра иза лам тӀехь.