[1] Амма Везачу Эло Мусага элира: «Ас хьо пирӀунна тӀехь Дела хӀоттийна, ткъа хьан ваша АхӀарон хьан туркх хир ву.
[2] Ас хьайна тӀедиллинарг дерриг а дӀаэр ду ахь. Ткъа хьан вашас АхӀарона пирӀуне эр ду, цуьнга исраилхой шен махкара дӀахеца аьлла.
[3] Амма пирӀунан дог а чӀагӀдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гойтур ду Ас.
[4] Ткъа пирӀуно шуьга ладугӀур дац, тӀаккха луьра таӀзарш а деш, Сайн куьйга охьатаӀор ю Ас Мисар. Сайн бӀо, Сайн халкъ, Исраилан кӀентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас.
[5] ТӀаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. Сайн ницкъ Мисарна тӀе а берзийна, мисархошна юкъара Исраилан кӀентий арабохур бу Ас».
[6] Везачу Эло шайна тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас а, АхӀарона а.
[7] Мусан дезткъа шо дара, ткъа АхӀаронан дезткъе кхоъ шо дара цу хенахь.
[8] Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира:
[9] «Нагахь пирӀуно тамашийна хӀума гайта алахь, ахь АхӀароне ала: „Хьайн Ӏаса схьа а эций, пирӀунна хьалха охьакхосса“. Ӏасанах лаьхьа хир бу».
[10] ПирӀун волчу а веана, Везачу Эло ма-бохху дира Мусас а, АхӀарона а. АхӀарона шен Ӏаса пирӀунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха охьакхоьссира – Ӏасанах лаьхьа хилира.
[11] ТӀаккха пирӀуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхӀарона диннарг дира.
[12] Царах хӀорамма а шен Ӏаса охьакхоьссича, царах лаьхьарчий хилира. Амма АхӀаронан Ӏасано дӀакхаьллира церан Ӏасанаш.
[13] ПирӀунан дог чӀагӀделира. Везачу Эло ма-аллара, цо ла ца дуьйгӀира Мусага а, АхӀароне а.
[14] ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун ша бохучунна тӀехь лаьтташ ву, ца лаьа цунна халкъ дӀахеца.
[15] Кхана пирӀун волчу гӀо. Иза Нил-хин берда йисте веача, цунна дуьхьал дӀахӀотта, шех лаьхьа хилла Ӏаса хьайн буйна а лаций.
[16] Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, ваийтина со хьоьга дӀаала: ‘ДӀахеца Сан халкъ яьссачу арахь Суна Ӏибадат дайта. ХӀинццалц ахь ла ца доьгӀна Цуьнга.
[17] Везачу Эло боху, хӀинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хӀара Ӏаса Нил-хи тӀе тухур ю, цу хих тӀаккха цӀий хир ду.
[18] Хи чуьра чӀара а лийр бу, хих боьха хьожа а йогӀур ю. Мисархошна дегаза хетар ду и хи мала’“».
[19] Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала АхӀароне, шен Ӏаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тӀехула а, Ӏаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тӀехула лаца алий. Хих цӀий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тӀулган а пхьегӀаш чохь хина метта цӀий хир ду».
[20] Везачу Эло тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас а, АхӀарона а. Шен Ӏаса хьала а айина, пирӀунан а, цуьнан уллорачеран а бӀаьргашна хьалха Нил-хи тӀе туьйхира АхӀарона. Дерриг а хих цӀий хилира.
[21] Хи чуьра чӀерий а делира, хи а телхира. Мисархошка иза мала ца лора. Берриг а Мисар-махкахь хинан метта цӀий дара.
[22] Мисарара бозбунчаша, шайн жиналла а лелийна, кху шиммо диннарг дира. ТӀаккха пирӀунан дог чӀагӀделира, Везачу Эло ма-аллара, Мусага а, АхӀароне а ла ца дуьйгӀира цо.
[23] Шена гиначух шек а ца велира пирӀун. Юха а вирзина, шен цӀа вахара иза.
[24] Шайна мала хи даккха Нил-хина юххехь гӀунаш яха хӀиттира мисархой, хӀунда аьлча важа хи малалуш дацара.
[25] ВорхӀ де дӀаделира Везачу Эло Нил-хина таӀзар диначул тӀаьхьа.