[1] Везачу Эло Мусага элира:
[2] «Исраилхошка дӀаала, юха а дерзий, Пи-ХӀахьират олучу меттехь совца, буьйса Мигдол цӀе йолчу меттигний, хӀорданий юккъехь, БаӀал-Цепонна уллохь яккха.
[3] ПирӀунна моьттур ду, исраилхой, цу махкахь тила а белла, яьссачу арено юкъалаьцна бу.
[4] Ас пирӀунан дог чӀагӀдийр ду, тӀаккха иза шуна тӀаьхьавер ву. Ткъа Сайн сийлалла Ас пирӀунехула а, цуьнан эскарехула а гойтур ю. ТӀаккха мисархошна хуур ду Со Веза Эла вуйла». Везачу Эло ма-бохху дира исраилхоша.
[5] Мисаран паччахье, пирӀуне, хаийтира, исраилхой бевдда аьлла. ПирӀунан а, цуьнан уллорачеран а исраилхойх йолу ойла хийцаелира. «И хӀун ду вай динарг? ХӀунда бахийти вай уьш дӀа? ХӀинца вайна болх бан нах а бац», – бохура цара.
[6] Шен гӀудалкх дӀа а йожийтина, тӀемалой вовшахтуьйхира пирӀуно.
[7] Ялх бӀе тоьлла тӀеман гӀудалкх а, Мисарахь йолу ерриг а гӀудалкхаш а, царна тӀехь болу куьйгалхой а шеца схьаийцира цо.
[8] Везачу Эло дог а чӀагӀдина, исраилхошна тӀаьхьаваьллера пирӀун. Ткъа исраилхой майрра дӀабоьлхуш бара.
[9] Мисархой шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а, дерриг а эскарца а исраилхошна тӀаьхьабевллера. Пи-ХӀахьират олучу меттигна уллохь, БаӀал-Цапонна хьалха царна тӀаьхьакхиира уьш.
[10] Исраилхошна эскарца шайна тӀевогӀу пирӀун гира. Кхера а белла, Везачу Эле кхайкхира уьш.
[11] Цара элира Мусага: «Мисарахь дӀадохка меттиг а ца хилла, кхуза, яьссачу ара далийта далийна ахь тхо? ХӀара хӀун ду ахь тхуна динарг, цигара ара а даьхна?
[12] ХӀара хир ду ца бехира оха хьоьга вай Мисарахь долуш? „Дитахьа, дацийтахьа тхо мисархошна“, – ца бехира оха? Мисархойн лоллехь хилар гӀоле дара-кх тхуна, яьссачу арахь лечул».
[13] Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀахӀиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кӀелхьардахар гур ду шуна. ХӀинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна.
[14] Везачу Эло шун дуьхьа тӀом бийр бу, шун хӀумма а дан ца деза».
[15] Везачу Эло Мусага элира: «Соьга хӀунда кхойкху хьо? Исраилхошка дӀадуьйлало ала.
[16] Ткъа ахь хьайн некъан Ӏаса хӀорда тӀехула дӀалаца. ХӀорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тӀехула чекхбевр бу.
[17] Ас мисархойн дегнаш чӀагӀдийр ду, тӀаккха уьш исраилхошна тӀаьхьагӀур бу. Сайн сийлалла гойтур ду Ас, пирӀунна а, цуьнан эскарна а, гӀудалкхашна а, дошлошна а тӀехь толам а баьккхина.
[18] Аса пирӀунна тӀехь а, цуьнан гӀудалкхашна тӀехь а, цуьнан дошлойшна тӀехь а Сайн сийлалла гайтича, тӀаккха хуур ду мисархошна Со вуйла Веза Эла».
[19] Исраилхошна хьалхадаьлла хилла Делан Малик царна тӀехьа хӀоьттира, тӀаккха юьхь-дуьхьал хилла марханийн бӀогӀам а нахана тӀехьа хӀоьттира.
[20] Мисархошна а, исраилхошна а юккъе хӀоьттира марханийн бӀогӀам. Мисархой болчохь марха а, бода а бара, ткъа исраилхой болчохь серло яра. Буьйса дӀаяллалц тӀеттӀа ца бахара уьш.
[21] Мусас хӀорда тӀехула куьг лаьцча, Везачу Эло малхбалера чӀогӀа мох хьакхийтира. Буьйса чекхъяллалц хьекхначу мохо, хӀорд дӀаса а бекъабалийтина, латта дакъийра.
[22] ХӀорда юккъерачу лаьтта тӀехула дӀабахара исраилхой. Пен а хилла лаьтташ, аьрру а, аьтту а агӀор хи дара царна.
[23] ТӀаьхьабевлла богӀу мисархой шайн ерриг а говрашца, гӀудалкхашца, дошлошца хӀорда юккъе бевлира.
[24] Ӏуьйранна марханийн а, цӀеран а бӀогӀамна юккъера чухьаьжначу Везачу Эло мисархой, бохийна, баржийра.
[25] Цо тӀера чкъургаш дӀайовлийтина дела, мисархойн гӀудалкхаш чохьйиснера, уьш хала текхайора цара. «Исраилхой болчуьра довда деза! – бохуш, маьхьарий хьоькхура цара. – Цаьргахьа волу Веза Эла вайна дуьхьал леташ ву!»
[26] Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг хӀорда тӀехула лаца, тӀеттӀа хьаьддачу хино мисархой шайн гӀудалкхашца а, дошлошца а дӀахьулбийр бу».
[27] Мусас шен куьг хӀорда тӀехула лаьцча, Ӏуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хӀаллакбира уьш.
[28] Шен метте юхадеанчу хино гӀудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тӀаьхьадаьллачу пирӀунан эскарх цхьа а дийна ца висира.
[29] Амма хӀорд бекъабелча гучудаьллачу лаьтта тӀехула дехьабевллера исраилхой, аьтту а, аьрру а агӀор хи хиллера царна, пен хилла лаьтташ.
[30] Цу дийнахь Везачу Эло исраилхой мисархойх кӀелхьарбехира. ТӀаьхьо исраилхошна хӀордан берда тӀехь мисархойн декъий гира.
[31] Везачу Эло мисархой эшийча, хиира исраилхошна Цуьнгахь мел ницкъ бу, цундела Везачу Элах а, Цуьнан ялхочух Мусах а кхера а белла, цу шиннах тийшира уьш.