Skip to content
Opens in a new window

[1] Дерриг а Исраилан халкъ Син цӀе йолчу яьссачу арара новкъа делира, Везачу Эло гайтинчу меттигашкахь шайн меттамотт а хӀоттош. Рапидам олучу меттехь севцира уьш, амма цигахь мала хи дацара.

[2] Мусана дуьхьал а бевлла, цуьнга бехкаш дохуш, шайна хи ло бохура цара. «Со хӀунда хьийзаво аша? Везачу Элан собар кхачо а хӀунда гӀерта шу?» – бохура Мусас нахе.

[3] Амма хьагбеллачу наха, Мусана реза боцуш, хоьттура: «Тхо а, тхан бераш а, даьхни а хьогалла дайа арадаьхна ахьа Мисарара?»

[4] Муса Везачу Эле кхайкхира: «ХӀун де ас кху халкъана? Кхин жимма а хӀара дахлахь, цара суна тӀулгаш деттар ду».

[5] Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна юкъара къаной тӀаьхьа а хӀиттабай, халкъана хьалххула чекхвала. Айхьа Нил-хи тӀе тухуш лелийна Ӏаса хьайн кара схьаэца.

[6] Со Хьариб цӀе йолчу меттехь цхьана тарх тӀе хьуна хьалха дӀахӀуттур ву. Ахь тархах Ӏаса тоьхча, цунах хи долалур ду, тӀаккха наха иза мер ду». Исраилан халкъан къаношна хьалха и гӀуллакх кхочушдира Мусас.

[7] Цу меттиган цӀе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьӀна «зер» а, «лер» а бохург ду), хӀунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш.

[8] Рапидаме а баьхкина, исраилхошца тӀаме бевлира Ӏамалекхахой.

[9] Мусас ЮшаӀе элира: «Къонахий а харжий, Ӏамалекхахошца тӀом бан гӀо. Кхана, гу тӀе а ваьлла, дӀахӀуттур ву со, Дала тамашийна хӀуманаш гойту Ӏаса сайн буйна а лаьцна».

[10] Мусас бохург кхочушдеш, Ӏамалекхахошца тӀом бан вахара ЮшаӀ. Муса а, АхӀарон а, Хьор а гу тӀе хьалавелира.

[11] Мусас куьйгаш хьалаайича, исраилхой тоьлура, ткъа цо уьш охьадахийтича, Ӏамалекхахой тулура.

[12] Амма Мусан куьйгаш, айина латтийна, дазделлера. ТӀаккха иза тӀулга тӀе охьа а хаийна, АхӀарона а, Хьора а, цхьацца агӀор а ваьлла, цуьнан куьйгаш, хьала а айина, дӀалецира. Малх чубуззалц айина латтийра цара Мусан куьйгаш.

[13] Иштта Ӏамалекх а, цуьнан халкъ а шен туьраца эшийра ЮшаӀа.

[14] Везачу Эло Мусага элира: «ХӀокху тӀамах лаций тептар тӀехь дӀаязде, тӀейогӀучу тӀаьхьенашна хӀара дагахьлаттийта. Ткъа ЮшаӀе ала, Ас Ӏамалекхахой лаьтта тӀера тӀепаза бойур бу алий».

[15] Цигахь сагӀа доккху меттиг кеч а йина, цуьнан цӀе, «Веза Эла сан байракх ю» аьлла, тиллира Мусас.

[16] Цо элира: «Везачу Элан меттигна дуьхьал куьг айина хилла дела, Цо Ӏамалекхахошца даим а тӀом беш хир бу».

Арадаккхар — Chapters