[1] Левин тӀаьхьенах волчу цхьана стага шен тайпанах йолу зуда ялийра.
[2] Доьзалхочух а хилла, кӀант вира цу зудчо. Бер хаза долу дела, иза, лечкъош, кхаа баттахь лелийра цо.
[3] Эххар а, кхидӀа иза лечкъо а ца яьхьна, эрзах тускар а дина, цунах силам а хьаькхна, кӀант чу а виллина, тускар эрзашкахь берда йистехь дитира цо.
[4] Ткъа кӀентан йиша геннара хьоьжуш яра цунах хӀун хуьлу.
[5] Юха пирӀунан йоӀ еара Нил-хи тӀе лийча. Цуьнан ялхой-зударий берда йистехула лелаш бара. ЙоӀана эрзаш юкъахь тускар гира, цо шен гӀарбаш яхийтира иза схьаэца.
[6] Тускар схьадиллича, чохь бер гира цунна. Бер доьлхуш хиларна, цунах къахийтира йоӀана, цо элира: «ХӀара Ӏебархойн бер ду».
[7] Цу хенахь тӀееанчу кӀентан йишас элира пирӀунан йоӀе: «Хьуна лаахь, ас, яхана, Ӏебархойн зуда ялор ю кӀант вакхо».
[8] ПирӀунан йоӀа элира: «ГӀо, хӀета». Вукхо кӀентан нана схьаялийра.
[9] ПирӀунан йоӀа элира зудчуьнга: «ХӀара бер, схьа а эций, кхаба. Ас мах лур бу хьуна кхунах». Зудчо, дӀа а даьхьна, бер кхебира.
[10] КӀант воккха хилира. Нанас иза пирӀунан йоӀе дӀавелира. Вукхо иза, шен волуш санна, лелавора. КӀентан цӀе Муса тиллира пирӀунан йоӀа (иза «схьаваьккхинарг» бохург ду), ша иза хи чуьра схьаваьккхина дела.
[11] Цул тӀаьхьа дуккха а хан яьлча, Муса воккха а хилла, цкъа шен вежарий-исраилхой болчу вахара. Цунна гора, шен халкъ мисархоша дацор а, цуьнга беза белхаш байтар а. Цу дийнахь цунна гира цхьана мисархочо шен къомах волчу Ӏебархочунна етташ.
[12] ДӀа а, схьа а хьаьжна, уллохь цхьа а ца гича, тоьхна, и мисархо вен а вийна, гӀамарла воьллира Мусас.
[13] ШолгӀачу дийнахь иза цига веача, дов даьлла воллуш ши Ӏебархо вара. Мусас элира харцлуьйш волчуьнга: «Хьайн вешина хӀунда етта ахь?»
[14] «Тхуна тӀехь хьаькам а, кхелахо а хьо хьан хӀоттийна? Айхьа вийна мисархо санна, со вен-м ца гӀерта хьо?» – элира цу стага. ТӀаккха Муса кхеравелира. «ХӀинца ас динарг массарна а хиъна», – аьлла, дагадеара цунна.
[15] И гӀуллакх хаа а хиъна, Муса вен гӀерташ пирӀун а вара. Амма пирӀун волчуьра ведда, маданхойн лаьтта тӀе веара Муса. Цу махкахь волчу динан ден ворхӀ йоӀ яра. Муса гӀуна йистехь охьахиина Ӏаш волчу хенахь,
[16] тӀе а баьхкина, нойш чу хи доьттира цара шайн ден уьстагӀашна мало.
[17] Амма охьабаьхкинчу Ӏуша зудабераш хи тӀера дӀачовхийра. ТӀаккха Мусас, цаьргахьа гӀо а даьккхина, церан уьстагӀашна хи малийра.
[18] Шайн да РаӀал волчу бахара йоӀарий. Дас хаьттира: «Тахана ма хьалхе даьхкина шу цӀа?»
[19] Цара элира: «Цхьана мисархочо гӀо даьккхира тхоьгахьа. Тхуна хи а эцна, уьстагӀашна хи малийра цо».
[20] Дас элира йоӀаршка: «Мичахь ву иза? Цигахь хӀунда витина аша иза? Схьакхайкха цуьнга, вайца хӀума юур ю цо».
[21] Цу стеган доьзалехь висира Муса. РаӀала шен йоӀ Ципара яхийтира цуьнга.
[22] Шен зудчо кӀант вича, Мусас цуьнан цӀе ГӀиршам тиллира (иза «цигахь волу тӀевеанарг» бохург ду), хӀунда аьлча ша хийрачу махкахь тӀевеана стаг волу дела.
[23] Цул тӀаьхьа дуккха а хан елира. Мисар-мехкан пирӀун велира, амма исраилхой, хьалха санна, Ӏазапехь бохкуш бара. Беза болх ла ца луш, узарш дора цара. Цара доккху орца Деле хьалакхечира.
[24] Шена исраилхойн узарш хезча, Дала ойла йира Ша ИбрахӀимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а барт барх лаьцна.
[25] Исраилхошка а хьаьжна, церан Ӏалашо ян лиира Далла.