Skip to content
Opens in a new window

[1] Муса лам тӀера чу ца вуссуш дуккха а хан яьлча, халкъо, АхӀаронна гонах а гулделла, элира: «Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна».

[2] АхӀарона элира нахе: «Шайн зударийн а, кӀентийн а, йоӀарийн а лергех йохку дашо чӀагарш, схьа а яхий, со волчу схьая».

[3] Дерриг а халкъо, шайн лергашкара дашо чӀагарш схьа а яьхна, уьш АхӀаронна схьаеара.

[4] Нехан карара уьш схьа а эцна, лала а йина, царах старгӀин сурт дира цо, уьрсаца иза то а деш. ТӀаккха халкъо бохура: «Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хӀара, Исраилан халкъ!»

[5] Иза ган а гина, ша динчу суьртана хьалха сагӀа доккху меттиг а кечйина, АхӀарона дӀахаийтира: «Кхана Везачу Элана лерина деза де хир ду».

[6] ШолгӀачу дийнахь, хьалххе хьала а гӀевттина, дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш дехира цара. Юха, яа а, мала а охьа а хевшина, шайн самукъадаккха хьалагӀевттира уьш.

[7] Везачу Эло Мусага элира: «Кхузара чувосса сихло, ахь Мисарара арадаьккхина хьан халкъ телхина ду.

[8] Аса тӀедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгӀин сурт а дина, цунна, сагӀанаш а даьхна, Ӏибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хӀара, Исраилан халкъ!“»

[9] Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду.

[10] ХӀинца вита Со, царна Сан оьгӀазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хӀаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас».

[11] Амма Мусас шен Везачу Деле дехар дира: «Веза Эла, Айхьа боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а Мисарара арадаьккхинчу Хьайн халкъана тӀе Хьайн оьгӀазалла иштта хӀунда юссуьйту Ахь?

[12] Мисархошка хӀунда бохуьйтур ду: „Уьш Мисарара Цо мекарлонца арабаьхна, лаьмнашкахь уьш байа а, лаьтта тӀера хьаькхна дӀабаха а“. Хьайн оьгӀазло дӀа а яккхий, дохко а валий, хӀаллак ма дехьа Хьайн халкъ.

[13] Дагабахкийтахьа ИбрахӀим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чӀагӀо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тӀаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чӀагӀо йина хӀара латта шун тӀаьхьенашна дӀа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“».

[14] ТӀаккха Веза Эла дохковелира Ша иштта ойла ярна. Ша халкъана дийр ду аьлла зулам ца дира Цо.

[15] Муса лам тӀера чувоьссира, шен карахь тӀулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тӀехь шинна а агӀор яздина йозанаш дара.

[16] И экъанаш хилар Делан болх бара, царна тӀехь долу йоза а Дала яздина дара.

[17] Наха ен гӀовгӀанаш а хезна, ЮшаӀа Мусага элира: «ТӀеман маьхьарий ду вайн меттамотт болчохь».

[18] Амма Мусас жоп делира: «Толам боккхучийн маьхьарий а дац уьш, эшочийн тийжамаш а бац, суна хезаш дерш эшарш лоькхучийн аьзнаш ду».

[19] Меттамотт болчу улло а веана, старгӀин сурт а, хелхабуьйлу нах а шена гича, иза чӀогӀа оьгӀазвахара. Шен карара экъанаш ламанан кӀажехь охьа а кхиссина, йохийра цо.

[20] Цара йина старгӀа схьа а эцна, иза яга а йина, цунах бухадисина дерг, ахьа а аьхьна, хи чу тесира Мусас. Юха и хи исраилхошка дӀамалийтира цо.

[21] «ХӀокху наха хьуна хӀун дина, сел чӀогӀа къа ахь кхаьрга латадайта?» – аьлла, хаьттира Мусас АхӀароне.

[22] «ОьгӀаз ма гӀолахь, сан эла, – аьлла, жоп делира АхӀарона, – хьуна ма хаьа, хӀара халкъ вониг дан атта дӀадоьрзийла.

[23] Наха соьга элира: „Тхо Мисарара арадаьхначу Мусана хӀун хилла тхуна ца хаьа, цундела, хьалха а ваьлла, тхо дӀадуьгун долу дела ве тхуна“.

[24] Ас цаьрга элира: „Шайгахь долчара деши схьало“, – аьлла. Цара схьаделча, ас иза цӀерга кхоьссира, цунах хӀара старгӀа хилира».

[25] Мусана гира халкъан эргӀаддалар, АхӀарона цуьнан дола цадар бахьана долуш хиллера иза. Цуьнан мостагӀашна цу халкъах кхарда меттиг баьллера хӀинца.

[26] Шайн меттаматтан кевнехь дӀа а хӀоьттина, Мусас элира: «Везачу Элан верг суна тӀевола!» Берриг а левихой цунна тӀебахара.

[27] Цо элира цаьрга: «Исраилан Везачу Дала иштта боху: „ХӀора а, шен тур юкъах а дехкий, кху кевнера вукху кевне кхаччалц дӀа а гӀой, юхавола, хӀораммо а шен ваша а, доттагӀа а, уллораниг а ве“».

[28] Мусас аьлларг кхочушдира левихоша, цу дийнахь вийнарг кхо эзар гергга стаг вара.

[29] ТӀаккха Мусас элира цаьрга: «Тахана шаьш Везачу Элана лерина схьакъастийра аша, хӀунда аьлча шайн кӀенташна а, вежаршна а дуьхьалдевлира шу. Иза бахьанехь Цо шу декъалдина».

[30] ШолгӀачу дийнахь Мусас халкъе элира: «Аша латийнарг доккха къа ду. ХӀинца Веза Эла волчу хьалавер ву со, шун къинах долу гечдар схьаэца там бу ас».

[31] Веза Эла волчу юха а веана, Мусас элира: «Цу халкъо доккха къа латийна, Шайна дашо дела а вина.

[32] ХӀинца гечдехьа царна. Амма нагахь Ахь геч ца дахь, со а дӀавайалахь Айхьа тӀеязвинчу Хьайн тептар тӀера».

[33] Везачу Эло Мусага элира: «Сайна дуьхьал къа латийнарг Ас Сайн тептар тӀера дӀавойур ву.

[34] ХӀинца, дӀа а гӀой, Ас хьайга аьллачу метте и халкъ дӀадига. Сан Малик хьуна хьалхадаьлла гӀур ду. ТаӀзар даран дийнахь Ас оцу нахана таӀзар дийр ду, цара латийна и къа бахьана долуш».

[35] АхӀарона дина старгӀин сурт бахьана долуш, халкъана таӀзар дира Везачу Эло.

Арадаккхар — Chapters