[1] Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, ахьа Мисарара арадаьккхина халкъ а кхузара дӀагӀо. „Хьан тӀаьхьенашна лур ду Ас иза“, – бохуш, ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀо йинчу лаьтта тӀе гӀо хӀинца.
[2] Ас хьуна хьалхадаьккхина Малик а дохуьйтур ду, канаӀанхой а, эмархой а, хьетахой а, перезахой а, хьаьвихой а, явсайхой а лохкур а бу.
[3] Шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе кхочур ду шу. Со шуьца вогӀур вац, новкъахь шу хӀаллак ца дархьама, хӀунда аьлча шун халкъ чӀогӀа аьрха ду».
[4] И гӀайгӀане дешнаш а хезна, нах тийжа хӀиттира, цхьаммо а шен дашо хӀуманаш дегӀа тӀе ца оьхкира.
[5] ХӀунда аьлча Везачу Эло Мусага аьллера: «ДӀаала исраилхошка: „Шу аьрха халкъ ду. Цхьана муьрана Со шуьца дӀавеача а, Ас атта хӀаллакдийр дара шу. Шайна тӀера дашо хӀуманаш схьаяха. Со хьожур ву шуна хӀун дан деза“».
[6] Иштта Хьариб-ломана уллохь исраилхоша шайна тӀера дашо хӀуманаш схьаехира.
[7] Шайн меттаматтана юьстахо четар хӀоттийра Мусас. Цунах цо гуламан четар элира. Везачу Элах хӀора дагавала лууш верг шайн меттаматтана арахьа долчу цу четарна чу воьдура.
[8] Муса гуламан четарна тӀеволавелча, дерриг а халкъ хьалагӀоттура. ХӀора а, шен четарна хьалха а хӀуттий, Мусана тӀаьхьа хьоьжуш Ӏара, иза четарна чу ваххалц.
[9] Муса четарна чу вахча, мархин бӀогӀам, охьа а богӀий, четарна чу воьдучохь соцура, тӀаккха Везачу Эло Мусаца къамел дора.
[10] ХӀоразза а гуламан четарна хьалха лаьтта мархин бӀогӀам халкъана гича, хӀора а лохха охьатаьӀара шен четарна хьалха лаьттачохь.
[11] Везачу Эло Мусаца юьхь-дуьхьал къамел дора, цхьаммо шен доттагӀчуьнца деш санна. Юха Муса шайн меттамотт болчу схьавогӀура, ткъа цуьнан гӀоьнча, Нунин кӀант ЮшаӀ, гуламан четарна уллора цкъа а дӀа ца волура.
[12] Мусас элира Везачу Эле: «Ахь боху соьга, хӀара халкъ дӀадига, амма соьца мила вохуьйтур ву ца аьлла Ахь, „Суна цӀарца хьо вевзаш ву, Со хьуна реза ву“, – Айхьа аьллашехь.
[13] Ткъа нагахь Хьо суна резавелахь, Хьайн ойланаш хаийтахьа суна, Хьо суна вовзархьама а, Хьо суна кхидӀа резахилийтархьама а. Дагадаийтахьа хӀара къам Хьайн долахь долу халкъ хилар».
[14] Везачу Эло элира цуьнга: «Со-со вогӀур ву хьоьца, Ас хьуна синтем лур бу».
[15] Мусас Цуьнга элира: «Нагахь Хьо-Хьо тхоьца вогӀур вацахь, тхо кхузара ара а ма дахахьа.
[16] Хьо тхоьца веача бен, тхуна муха хуур ду, суна а, Хьайн халкъана а Хьо реза вуйла? Кхин муьлхачу тайпана дуьнен чохь мел долчу халкъах къастало со а, Хьан халкъ а?»
[17] Юха Везачу Эло элира: «Ахь аьлларг Ас кхочушдийр ду, хӀунда аьлча Со реза ву хьуна, цӀарца хьо вовза а вевза Суна».
[18] ТӀаккха Мусас дехар дира: «Хьайн сийлаллин нур гайтахьа суна».
[19] Везачу Эло жоп делира: «Хьуна хьалхахула Сайн сийлаллин нур чекхдоккхур ду Ас, хьуна хьалха ЯхӀува боху Сайн цӀе а кхайкхор ю, къинхетам бан луучух къинхетам а бийр бу, къахета луучух къа а хетар ду».
[20] Юха элира Цо: «Сан юьхь хьуна ган мегар дац, иза гина стаг дийна вуьсур вац».
[21] Кхин а Везачу Эло элира: «Суна уллохь цхьа меттиг ю хьуна, кху тарха тӀе дӀахӀотта.
[22] Сан сийлаллин нур чекхдолучу хенахь Ас, тархан иккхинчу юккъе а хӀоттийна, Сайн куьйгаца къайлавоккхур ву хьо, Со тӀехваллалц.
[23] Ас куьг хьалаайича, хьуна Со тӀехьара гур ву, амма хьуна Сан юьхь гур яц».