[1] «Акацих сагӀа доккху кхерч бе. Иза беакӀов а болуш, бохалла а, шоралла а пхи дол хила беза, локхалла кхо дол хила беза.
[2] Кхерчан еа маьӀӀехь цхьацца маӀа е, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цӀастанца кхала.
[3] Цуьнца цхьаьна е юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мӀерий а, кӀора чубухку нойш а. И хӀуманаш цӀастанах йина хила еза.
[4] ЦӀастанах цаца бе кхерчана тӀебилла. Цецан еа маьӀӀехь цӀастанах цхьацца чӀуг е.
[5] Кхерчан хӀазарна кӀел билла и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дӀа а нисбеш.
[6] Кхерчана акацих хьокхий кечде, царна тӀе а цӀаста лаца.
[7] Хьокхий чӀагаршна чу хӀиттаде, кхерч дӀахьочу хенахь уьш шина агӀор хилийта.
[8] Юккъехь баьсса а болуш, аннех бе кхерч, Ас лам тӀехь хьайна ма-гайттара».
[9] «Делан четаран керт нисъярхьама, шаршуш охка. Къилбехьа агӀор дуткъачу кӀадих йина шаршуш охка, церан йохалла бӀе дол хила еза.
[10] Ткъа бӀогӀам а, ткъа цӀестан бух а хӀоттабе царна. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, царна тӀера дӀатосургаш а дато хила еза.
[11] Иштта къилбаседехьа агӀор а бӀе дол еха шаршуш охка. Царна а ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а кечбе. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а детих е.
[12] Кертан шоралла, малхбузехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна итт бӀогӀам а, итт бух а кечбе.
[13] Кертан шоралла, малхбалехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш охка. Царна а итт бӀогӀам а, итт бух а кечбе.
[14] Цхьана агӀор, керта воьдучохь, йохаллина пхийтта дол хуьлуьйтуш шаршуш охка, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а кечбе.
[15] Вукху агӀор а йохаллина пхийтта дол шаршуш охка, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а кечбе.
[16] Кертан кевнна йохаллина ткъа дол хуьлуьйтуш, тӀехь тӀамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина шаршуш охка. Царна биъ бӀогӀам а, биъ бух а кечбе.
[17] Дерриш а кертана гонахара бӀогӀамаш детих йинчу дӀатосургашца вовшахтесна хила деза. Царна тӀера мӀерий детих дина хила деза, ткъа церан баххаш цӀастанах бина хила беза.
[18] Керт йохалла бӀе дол, шоралла шовзткъе итт дол, локхалла пхи дол хила еза. Цунна оьхкина шаршуш дуткъачу кӀадих хила еза, бӀогӀамийн баххаш цӀестан хила деза.
[19] Делан четар чохь лело гӀирсаш а, иза чӀагӀдеш тухуш долу хьостамаш а, керт чӀагӀдеш долу хьостамаш а цӀастанах дина хила деза».
[20] «Исраилхошна тӀедилла, даго тоьлла цӀена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта.
[21] Гуламан четар чохь бартбаран тӀорказна хьалха оьллинчу кирхьанна арахьа хир бу стогар. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а и стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Ӏуьйре тӀекхаччалц. Ерриг а тӀейогӀу йолчу ханна исраилхойн тӀаьхьенашна тӀедиллина ду иза».