Skip to content
Opens in a new window

[1] «Суна лерина гӀуллакх дан царах динан дай беш, ахь хӀара дан деза: кхиъна йогӀу старгӀа а, ши ка а схьабалабе (уьш массо а дерт доцуш хила деза),

[2] совсаза бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш а схьаэца. Уьш кӀенан демах дина хила деза.

[3] Цхьана тускар чу бепиг а, хьокхамаш а дахка, ткъа иза старгӀица а, шина коьмаца а цхьаьна схьада.

[4] АхӀарон а, цуьнан кӀентий а, гуламан четаран неӀаре схьа а балабай, хица лийчабе.

[5] Духарш схьа а эций, АхӀаронна тӀе коч а, оба а, ийпад а юха, некха хьалха беза тӀоьрмаг а олла, юкъах ийпада тӀехула доьхка а дехка.

[6] Цуьнан коьрта чалба а тилла, ткъа цу тӀехь иза Везачу Элана лерина ву аьлла таж а чӀагӀде.

[7] Къобалдан лерина долу даьтта, схьа а эций, АхӀаронан коьрта тӀе дотта, иза къобал а веш.

[8] Схьа а балабай, цуьнан кӀенташна тӀе кучамаш юха.

[9] Царна юкъах доьхкарш а дехка, кортош тӀе кӀадинан асанаш а яхка, тӀаккха царах ерриг а тӀейогӀучу ханна динан дай хир бу. Иштта АхӀарон а, цуьнан кӀентий а Суна леррина гӀуллакх дан къобалбийр бу ахь.

[10] СтаргӀа гуламан четарна хьалха схьаялае. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а старгӀин коьрта тӀе куьйгаш дохкур ду.

[11] Делан цӀенна хьалха, Везачу Элана а гуш, урс хьакха цу старгӀина.

[12] СтаргӀин цӀий хьайн пӀелгаца сагӀа доккхучу кхерчан маӀаш тӀе а хьакха, диснарг кхерчана улло охьа а дотта.

[13] Чоконаш хьулъеш мел йолу мохь а, доӀах тӀехь йолу мохь а, шайна тӀера махьарца ши жим а, схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багабе.

[14] СтаргӀин жижиг а, неӀ а, боьхаллаш а, шайн меттаматтера ара а яхий, ягае. Иза къинах луш долу сагӀа ду.

[15] Юха шина коьмах цхьаъ схьабалабе. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дохкур ду.

[16] Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цӀий схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерчан еа агӀонна тӀе цинцаш тоха.

[17] Ка дакъошка бекъа а бекъий, цуьнан чоконаш а, когаш а била. Йилина меженаш дакъошна а, коьртана а тӀеяхка.

[18] Берриг а ка сагӀа доккхучу кхерча тӀехь багабе. Иза дийнат дагоран цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю.

[19] Важа ка а схьабалабе. АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а куьйгаш цуьнан коьрта тӀе дохкур ду.

[20] Коьмана урс а хьакхий, цуьнан цӀийх цхьадерг АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а аьтту лерган дуьмана тӀе а, аьтту куьйган а, коган а нана-пӀелга тӀе а хьакха. Юха сагӀа доккхучу кхерчан еа агӀонна тӀе цӀийн цинцаш тоха.

[21] Къобалдаран цхьажимма зайтдаьтта а, сагӀа доккхучу кхерча тӀера цхьажимма цӀий а, схьа а эций, АхӀаронна а, цуьнан бедаршна а цинцаш тӀетоха, цуьнан кӀенташна а, церан бедаршна а цинцаш тӀетоха. ТӀаккха иза а, цуьнан бедарш а, шайн бедаршца цуьнан кӀентий а базбина хир бу.

[22] АхӀарон вазваран ка иза болу дела, коьман мохь а, цуьнан дума а, чоконан мохь а, доӀахана тӀера мохь а, ши жим а, царна тӀера мохь а, аьтту гӀогӀ а схьаэца.

[23] Везачу Элана хьалха дӀахӀоттийначу тускар чуьра совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта тоьхначу демах дина совсаза цхьа бепиг а, зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза цхьа хьокхам а схьаэца.

[24] И дерриг а АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а кара дилла. ТӀаккха цаьрга и хӀуманаш Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайийта.

[25] Юха, цаьргара схьа а эций, сагӀа доккхучу кхерча тӀехь, дийнат дагоран сагӀина тӀехь, ягае уьш, Везачу Элана тамехь хьожа кхетийта. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду.

[26] АхӀарон вазваран коьман накха схьа а эций, Везачу Элана лерина шатайпа сагӀа санна хьалаайа иза.

[27] Вазваран коьмах АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а лерина дакъош схьакъастаде Суна: хьалаайина накха а, гӀогӀ а.

[28] ТӀейогӀу йолчу хенахь исраилхоша гуттар а АхӀаронна а, цуьнан кӀенташна а дӀалун долу дакъош хир ду уьш. И сацам Ас гуттаренна а бина. И дакъош исраилхоша Суна луш долу совгӀат ду, цара бертан сагӀанаш дохучу хенахь.

[29] АхӀаронна дина деза духарш цуьнан кӀенташна дуьсур ду, и духарш шайна тӀехь а долуш, уьш, тӀе даьтта а дуттуш, Суна леррина гӀуллакх дан къобалбархьама.

[30] ВорхӀ дийнахь и духарш лело деза АхӀаронан метта веанчу цуьнан кӀентех волчу а, гуламан четаран езачу чоьнахь Суна гӀуллакх дан цу чу воьдун волчу а динан дас.

[31] АхӀарон вазваран ка схьа а эций, цунах долу жижиг езачу меттехь кхехкаде.

[32] Гуламан четаран неӀарехь цу коьман жижиг а, тускар чуьра дисина долу бепиг а даа деза АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а.

[33] АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а къинош дӀадахаран Ӏадатехь, Суна хьалха гӀуллакх дайта уьш къобалбан а, уьш базбан а йолчу хенахь, лелабо и кхача. Кхиволчо и кхача баа мегар дац, иза беза хиларна.

[34] Нагахь санна цу жижигах а, баьпках а Ӏуьйре тӀекхаччалц хӀума дисахь, иза дагаде. Диснарг даа мегар дац, хӀунда аьлча иза беза кхача бу.

[35] АхӀаронца а, цуьнан кӀенташца а дан дезарг Ас хьайна тӀе-ма-диллара кхочушде дерриг а. Суна леррина гӀуллакх дан уьш къобалбар ворхӀ дийнахь дӀадахьа деза.

[36] ХӀора дийнахь цхьацца старгӀа, е а йийна, къинна дуьхьал сагӀа санна яккха, къа дӀадаккхархьама а, сагӀа доккху кхерч цӀанбархьама а. Кхерча тӀе даьтта дотта, иза беза хилийта.

[37] ВорхӀ дийнахь иштта къа дӀадоккху сагӀанаш даха, кхерч баз а беш. ТӀаккха иза чӀогӀа беза хир бу. Дерриг а кхерчах хьакхаделларг деза хир ду».

[38] «ХӀора дийнахь сагӀа доккхучу кхерча тӀехь цхьа шо кхаьчна ши Ӏахар сагӀина боккхур бу ахь.

[39] Цхьа Ӏахар Ӏуьйранна баккха, важа сарахь баккха.

[40] Хьалхарчу Ӏахарца иштта сагӀанаш даха: кхачанан сагӀа санна хӀинан доьалгӀа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархӀ кад дама, ткъа чагӀаран сагӀа санна биъ кад чагӀар.

[41] ШолгӀа Ӏахар сарахь, сагӀа санна баккха, ткъа цуьнца хьалхарчуьнца санна долу кхачанан сагӀа а, чагӀаран сагӀа а даккха. Иза цӀера тӀехь даьккхина сагӀа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь хир ю.

[42] Иштта дагоран сагӀа аш гуттар а даккха деза Везачу Элана хьалха, гуламан четарна чу волучохь. Цигахь, шуна хьалха а хӀуттуш, хьоьца къамел дийр ду Ас.

[43] Цу меттехь исраилхошна хьалха хӀуттур ву Со, Сан олаллин нуьро цу меттигах еза меттиг йийр ю.

[44] Гуламан четар а, сагӀа доккху кхерч а базбийр бу Ас. АхӀарон а, цуьнан кӀентий а Ас дӀакъастор бу, цаьрга Сайна динан дайшка санна гӀуллакх дайта.

[45] Исраилхошна юкъахь Ӏийр ву Со, церан Дела а хир ву Со.

[46] Царна хуур ду Со церан Веза Дела вуйла, царна юкъахь Ӏархьама, уьш Мисарара арабаьхна волу. Со церан Веза Дела ма ву».

Арадаккхар — Chapters