Skip to content
Opens in a new window

[1] Юха Дала халкъе хӀара дешнаш элира:

[2] «Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.

[3] Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн.

[4] Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш.

[5] Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до.

[6] Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.

[7] Везачу Элан, шайн Делан, цӀе эрна ма яккха, хӀунда аьлча Шен цӀе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таӀзар ца деш вуьтур вац.

[8] Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дӀа а къастош.

[9] Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гӀуллакхаш а нисде.

[10] Ткъа ворхӀалгӀа де шайн Везачу Далла лерина садоӀу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кӀанта а, йоӀа а, шун лено а, гӀарбашо а, даьхнино а, шун хӀусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе.

[11] Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хӀорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхӀалгӀачу дийнахь Цо садаьӀна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дӀакъастийна Везачу Эло.

[12] Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама.

[13] Адам ма де.

[14] Нахаца ма лела.

[15] Къола ма де.

[16] Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де.

[17] Шайн уллорачун цӀа ма деза, цуьнан зуда а ма еза, цуьнан лай а, гӀарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хӀума а шайна ма деза».

[18] Дерриг а халкъана стигалан къекъар а, цӀеран алу а, кӀур туьйсу лам а гора, уьстагӀан маӀан аз а хезара. И сурт гича, кхоьруш, генна а бевлла, хьоьжуш лаьттара нах.

[19] Цара Мусага элира: «Ахь дийца тхоьца, оха ладугӀур ду, амма Дала тхоьца къамел ма дойла, тхо ца далийтархьама».

[20] Мусас халкъе элира: «Кхера ма кхера. Дела шу зен а, Шега болчу ларамах шу дуьзна а долуш, шуьга къа ца латадайта а веана ву».

[21] Халкъ геннахь лаьтташ дара, ткъа Муса Дела чохь волчу юькъачу мархина гергавеара.

[22] Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш.

[23] Суна хьалха шайна дато а, дашо а цӀуш ма бе.

[24] Лаьттах Суна лерина сагӀа доккху меттиг а яй, цу тӀехь дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш даха, шайн уьстагӀий а, стерчий а далош. Сан цӀе шуна дагаяийта Ас билгалъяьхначу массо а меттигашкахь, Со тӀе а вогӀуш, Ас шу декъалдийр ду.

[25] Нагахь шаьш Суна лерина сагӀа доккху меттиг тӀулгех еш хилахь, хьаькхначу тӀулгех ма е иза. ТӀулг хьокхучу гӀирсо уьш Далла хьалха бехдийр ду.

[26] СагӀа доккхучу меттигна тӀевоьдучохь лами ма бе. Цунна тӀехула шу хьаладовлуш, бедаршна кӀелхьара шун дегӀ гур ду“».

Арадаккхар — Chapters