Skip to content
Opens in a new window

[1] ТӀаккха Мусас элира: «Ткъа уьш сох ца тешахь, Ахь со ваийтина ас аьлча? „Везачу Эло Ша ца гайтина хьуна“, – алахь?»

[2] Везачу Эло хаьттира: «И хӀун ю хьан карахь ерг?» Мусас жоп делира: «Сан некъан Ӏаса ю-кх».

[3] «Охьакхосса иза лаьтта», – элира Везачу Эло. Мусас Ӏаса охьакхоьссира – гӀожах лаьхьа хилира. Кхера а велла, дӀаведира Муса.

[4] Везачу Эло элира: «Куьг дӀа а кховдадай, схьалаца цу лаьхьанан цӀога». Мусас лаьхьа схьалецира – цу сохьта лаьхьанах юха а Ӏаса хилира.

[5] «Иштта ахь дахь, нах тешар бу Везачу Эло, церан дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, Ша хьуна гайтина аьлча», – элира Везачу Эло.

[6] Кхин а элира цуьнга Везачу Эло: «Хьайн куьг чета диллал». Мусас куьг чета диллира. Юха цо иза схьадаьккхича, ло санна, кӀайн хьаьттарш тӀехь а йолуш, цамгар лаьцна хилира куьг.

[7] «ХӀинца юха а куьг чета дилла», – элира Везачу Эло. Куьг юха а чета диллира Мусас. Цо иза схьадаьккхича, хьалха ма-дарра, могуш дара куьг.

[8] «Нагахь хьох а, дуьххьарлерчу тамашийначу билгалонах а нах ца тешахь, шолгӀачу билгалонах тешар бу.

[9] Нагахь цу шина билгалонах а ца тешахь, Нил чуьра жимма хи, схьаэций, лаьтта охьадотта, цу хинах цӀий хир ду», – элира Везачу Эло.

[10] ТӀаккха Мусас элира Везачу Эле: «Веза Эла! Со дашна говза вац, гуттар а иштта хилла а ву. ХӀинца Хьоьца къамел динчул тӀаьхьа а дешан говзалла яц соьгахь. Со маттана шера вац».

[11] Везачу Эло элира: «Стагана мотт белларг мила ву? Мотт ца хууш я къора, я са гуш, я бӀаьрзе веш верг мила ву? Со – Веза Эла вац?

[12] ДӀагӀо, Со хьоьца хир ву ахь къамел дечу хенахь, Ас Ӏамор ду хьуна ала дезарг».

[13] Мусас элира: «Веза Эла! Хьайна луъург кхиниг вахийтахьа сан метта».

[14] Веза Эла Мусана оьгӀазвахара, Цо элира: «Левин тӀаьхьенах а волуш, АхӀарон цӀе йолуш ваша вац хьан? Суна хаьа иза къамел далуш вуйла. Иза хьуна дуьхьал вогӀур ву, хьо гича, цунна хазахетар ду.

[15] Ахьа шега аьлларг цо дӀаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Ӏамор ду шуна аша дан дезарг.

[16] Хьан метта АхӀарона нахаца къамел дийр ду. Иза хьуна хьалхара къамел деш хир ву, ткъа хьо цунна Делан метта хир ву.

[17] И Ӏаса хьайн кара схьаэца, цуьнца тамашийна хӀуманаш гойтур ду ахь».

[18] Шен стундена Итарна тӀе юха а веана, цуьнга элира Мусас: «Мисар-махкахь болчу сайн вежаршна тӀеваха лаьара суна, уьш дийна буй хьажа». «Дика ду, гӀой, хьажа. Аьтто хуьлда хьан», – элира Итара.

[19] Муса маданхойн махкахь волуш, Везачу Эло цуьнга аьллера: «Мисар-махка юхаваха мегар ду хьуна ца кхоьруш, хӀунда аьлча хьо вен гӀерташ хилларш белла дӀабевлла».

[20] Шен зуда а, кӀентий а вир тӀе а ховшийна, Мисара ваха новкъа велира Муса, Делан ницкъ болу шен Ӏаса буьйна а лаьцна.

[21] Везачу Эло элира Мусага: «Хьо Мисар-махка юхавеача, Ас хьайга де аьлла долу тамашийна хӀуманаш пирӀунна хьалха делахь. Ткъа Ас цуьнан дог чӀагӀдийр ду, тӀаккха цо халкъ дӀахоьцур дац.

[22] ДӀаала пирӀуне, Везачу Эло иштта боху алий: „Исраил Сан кӀант ву, Сан дуьххьарлера бер ду.

[23] Ас боху хьоьга: ‘ДӀахеца Сан кӀант, иза Суна Ӏибадат дан дезаш ву. Ахь иза дӀа ца хецна дела, Ас хьан дуьххьарлера кӀант вуьйр ву’“».

[24] Новкъахь дӀавоьдуш, Муса буьйса яккха сецира. Цунна тӀевеанчу Везачу Элана иза вен дагадеара.

[25] ТӀаккха Ципарас, тӀулгах дина урс схьа а эцна, шен кӀант сунтвира. Схьахадийна чкъор Мусан когех а хьаькхна, цо элира: «Ас и цӀий Ӏанийна, цундела сан майра волу хьо соьца уьйр йолуш ву».

[26] Веза Эла дӀавахара, Мусана хӀумма а ца деш. (Цу хенахь зудчо аьллера цунах «цӀийца волу майра», хӀунда аьлча шен кӀант сунтвинера цо.)

[27] Везачу Эло АхӀароне элира: «Яьссачу ара Мусана дуьхьал гӀо». ДӀавахана, Делан лома уллохь Мусана дуьхьал а кхетта, цунна барт баьккхира АхӀарона.

[28] Ша ваийтинчу Везачу Эло шега аьлларг а, гайтинчу тамашийначу хӀуманех лаьцна а АхӀароне дӀадийцира Мусас.

[29] Мусас а, АхӀарона а, дӀа а вахана, исраилхойн къаной гулбира.

[30] Везачу Эло Мусага аьлларг цу нахана дӀадийцира АхӀарона. Мусас халкъана хьалха тамашийна хӀуманаш гайтира.

[31] Халкъ тийшира. Исраилхошна хиира, шайн баланаш а гина, Везачу Эло шайн гӀайгӀа бойла. Цунна хьалха гора а хӀиттина, суждана бахара уьш.

Арадаккхар — Chapters