Skip to content
Opens in a new window

[1] «Даьсса хабар дӀаса ма даржаде. Харц тоьшалла а деш, вониг динчу стагана гӀо ма де.

[2] Дуккха а нахана тӀаьхьа а хӀоттий, вониг ма де. Кхел ечохь дукхахболчара дуьйцучо ахь до тоьшалла харцахьа ма дерзийта.

[3] Къечу стеган дов хоттучу хенахь цуьнгахьа а ма оза.

[4] Нагахь хьайн мостагӀчун тилабелла сту я вир хьайна караяхь, шен дена тӀе дӀадига деза уьш.

[5] Нагахь беза мохь бахьа а ца белла, йоьжна Ӏуьллуш хьан мостагӀчун вир хилахь, цигара дӀа ма гӀо, гӀо де цунна, и вир юха когаш тӀе хӀоттош.

[6] Къечу стагана ен кхел бакъдолчунна тӀера ма ялийта.

[7] Харц кхел ярна генавала, бехке воцург а, нийса верг а ма вейта, хӀунда аьлча бехке верг Ас бакъвийр вац.

[8] Кхаьънаш ма эца, хӀунда аьлча цара са гуш верг бӀаьрзе во, бакъболчеран гӀуллакх талхадо.

[9] ТӀевеанчу стагана ницкъ ма бе. Шуна евза тӀевеанчун дог-ойла, хӀунда аьлча шу а Ӏийна тӀедаьхкина Мисар-махкахь».

[10] «Ялх шарахь хьайн латта дӀа а де, цу тӀера ялта а гулде.

[11] ВорхӀалгӀачу шарахь иза дӀа ма де, лаьтте садаӀийта. Хьайн халкъана юкъахь болчу мискачу нахе цунах пайда эцийта, ткъа царах диснарг арарчу акхарошка даийта. Иштта де хьайн кемсийн а, зайт-диттийн а аренашкахь.

[12] Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь садаӀа, хьайн стеран а, виран а синтем хилийтархьама а, хьайн гӀарбашан кӀанте а, тӀевеанчу стаге а садаӀийтархьама а.

[13] Ас шайга аьлларг дерриг а кхочушде, кхечу деланашна Ӏибадат ма де, ур-атталла церан цӀераш а ма яха».

[14] «Шарахь кхузза Суна лерина деза денош хилийта.

[15] Совсазчу баьпкан дезде ларде: Ас хьайна тӀе-ма-диллара, ворхӀ дийнахь совсаза бепиг даа Авив беттан билггалчу хенахь, хӀунда аьлча цу хенахь шу Мисарара арадевлла. СагӀа даккхаза цхьа а Суна хьалха ма хӀотта.

[16] Айхьа бинчу белхан дуьххьарлера ялта арара схьаэцаран де а дазде. Иштта, хьайн арара болх дӀаберзош, шеран чаккхенехь ялта чудерзоран де а дазде.

[17] ХӀора шарахь, оцу кхаа дезачу дийнахь, берриг а божарий Хьалдолчу Элана хьалха хӀитта беза.

[18] Дийнатан цӀийн сагӀа Суна даьккхича, совсийна бепиг Суна сагӀина ма дагаде, ткъа дезачу денна Суна сагӀина даьккхинчун мохь Ӏуьйренга ма ялийта.

[19] Хьайн арара дуьххьара гулдина ялта хьайн Везачу Делан цӀийне да. Буьхьиган жижиг цуьнан ненан шури чохь ма кхехкаде».

[20] «Ас Малик дохуьйту хьуна хьалхадаьккхина новкъахь хьо Ӏалашвайта а, Ас хьуна кечйинчу метте хьо дӀавига а.

[21] Цуьнан тидам а бе, Цуьнга ла а догӀа. Дуьхьало ма е Цунна, хӀунда аьлча Цо оцу къинна гечдийр дац, Цуьнца Сан цӀе хиларна.

[22] Цуьнга ла а дугӀуш, Ас мел бохург ахь кхочушдахь, хьан мостагӀийн мостагӀа хир ву Со, хьуна дуьхьал волчунна дуьхьал а хир ву.

[23] Сан Малико, хьалха а даьлла, дӀавуьгур ву хьо. Цо эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, канаӀанхошна а, хьаьвихошна а, явсайхошна а тӀе вуьгур ву хьо, амма Ас хӀаллакбийр бу уьш.

[24] Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Ӏамал а ма е, цу нахах дӀа а ма тарло. Мелхо а, церан цӀуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хӀиттийна тӀулгаш кегде.

[25] Суна, шайн Везачу Далла, Ӏамал е. Шу иштта лелахь, Ас декъалдийр ду шун бепиг а, хи а, шуна тӀера цамгарш дӀа а йохур ю.

[26] Хенал хьалха бер хуьлуш а, бер ца хуьлуш а зударий хир бац хьан махкахь. Хьан дахар а деха хуьлуьйтур ду Ас.

[27] Сайх болу кхерам хьол хьалха дӀабохуьйтур бу Ас, ткъа муьлхха а хьо тӀедахана халкъ дохийна хьовзор ду. Хьан мостагӀий, дӀа а берзийтина, хьуна хьалхара бовдуьйтур бу Ас.

[28] Хьол хьалха бомозий дохуьйтур ду Ас. Цара лохкур бу хьаьвихой а, канаӀанхой а, хьетахой а хьуна хьалхара дӀа.

[29] Амма уьш цхьана шарахь дӀалохкур бац Ас, латта дасса а делла, хьуна дуьхьалйовла акхарой тӀех дукха ца хилийта.

[30] Жим-жимма и халкъаш хьо долчуьра дӀадохур ду Ас, хьо деба а дебна, дерриг а хӀара латта ахь дола даккхалц.

[31] Хьан дозанаш Ас тухур ду Эрзийн хӀорда тӀера ПӀелаштам-хӀорда тӀе кхаччалц, яьссачу арара Эпрат-хина тӀе кхаччалц. Цу мехкан къаьмнаш хьан кара лур ду Ас, тӀаккха уьш шаьш долчуьра лохкур ду ахьа.

[32] Я цаьрца а, я церан деланашца а барт ма бе.

[33] Хьан махкахь уьш буьтийла дац, Суна дуьхьал хьоьга къинош ца летадайта, хӀунда аьлча церан деланашна ахь Ӏамал яхь, иза хьуна боьгӀна гур хир бу».

Арадаккхар — Chapters