[1] Юха Везачу Эло Мусага элира: «Ваха а гӀой, пирӀуне Везачу Эло боху ала: „ДӀахеца Сан халкъ, цуьнга Суна Ӏибадат дайта.
[2] Нагахь хьо иза дӀахеца реза ца хилахь, Ас хьан мохк пхьидех хьалабузур бу.
[3] Хи пхьидех сийсаш хир ду, уьш хьан цӀа чу а, хьо дӀавуьжучу метта а, хьан уллорачеран а, хьан халкъан а цӀенош чу евр ю, хьан пешаш чу а, текхаш чу а евр ю.
[4] Хьуна а, хьан халкъана а, массо а хьан уллорачарна а тӀехула лелар ю пхьидарчий“».
[5] Везачу Эло Мусага кхин а элира: «АхӀароне дӀаала, шен Ӏаса карахь йолу куьг хишна а, татолашна а, Ӏаьмнашна а тӀехула лаца алий. ТӀаккха берриг а Мисар-мохк пхьидех хьалабузур бу».
[6] АхӀарона шен куьг Мисаран хиш тӀехула лецира. Пхьидаша, хьала а евлла, берриг а Мисар-мохк дӀалецира.
[7] Амма бозбунчаша а, шайн жиналла а лелийна, изза дира. Цара а пхьидарчий Мисар-мехкан лаьтта тӀе ехира.
[8] ПирӀуно, Мусага а, АхӀароне а тӀе а кхайкхина, элира: «Везачу Эле доӀа де, со а, сан халкъ а долчуьра пхьидарчий дӀаяха алий. ТӀаккха ас Исраилан халкъ дӀахоьцур ду, Везачу Элана сагӀа даккхийтархьама».
[9] Мусас элира пирӀуне: «Айхьа хан тоха суна, маца лаьа хьуна ас хьох а, хьан уллорачарах а, халкъах а доӀа дан, пхьидарчий шун цӀенош чуьра дӀа а евлла, Нил-хи чохь бен ца йисийта?»
[10] ПирӀуно элира: «Кхана». ТӀаккха Мусас элира: «Ахь ма-аллара хир ду, тхан Веза Дела саннарг цхьа а воцийла хьуна хаийта.
[11] Хьо волчуьра а, хьан цӀеношкара а, хьан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а пхьидарчий дӀаевр ю. Уьш Нил-хи чохь бен юьсур яц».
[12] Муса а, АхӀарон а пирӀун волчуьра дӀавахара. Мусас Везачу Эле доӀа дира, пхьидарчий дӀаяха аьлла.
[13] Везачу Эло жоп делира цуьнан доӀанна. Пхьидарчий цӀенош чохь а, уьйтӀенашкахь а, арахь а елла Ӏохкура.
[14] Уьш оьланашка гулйира наха. Яхкалуш йолчу церан хьожано дӀалецира берриг а мохк.
[15] ПаргӀато яьллийла а гина, шен дог чӀагӀдира пирӀуно. Везачу Эло ма-аллара, ла ца дуьйгӀира цо Мусага а, АхӀароне а.
[16] Юха Везачу Эло Мусага элира: «АхӀароне ала, шен Ӏаса лаьттах тоха алий. Лаьттан ченах берриг а Мисар-мохк дӀалаьцна кегийра чуьркаш хир ю».
[17] Иштта дан а дира цара. АхӀарона шен Ӏаса лаьттах туьйхира – адамашна а, даьхнина а тӀехь кегийра чуьркаш гучуевлира. Берриг а Мисар-махкахь лаьттан ченах кегийра чуьркаш хилира.
[18] Бозбунчаш а гӀоьртира шайн ницкъаца ченах кегийра чуьркаш ян, амма церан гӀуллакх ца хилира. Кегийра чуьркаш адамашна а, даьхнина а тӀехь яра.
[19] ТӀаккха бозбунчаша пирӀуне элира: «Иза Делан ницкъаца ду», – аьлла. Амма дог чӀагӀделла Ӏачу пирӀуно цаьрга ла ца дуьйгӀира, Везачу Эло ма-аллара.
[20] Юха Везачу Эло Мусага элира: «Кхана, хьалххе хьала а гӀаттий, пирӀунна хьалха хӀотта. Иза хин йисте гӀур ву. Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло боху: ‘Суна Ӏибадат дайта Сан халкъ дӀахеца.
[21] Нагахь ахь Сан халкъ дӀа ца хецахь, Ас хьуна а, хьан уллорачарна а, хьан халкъана тӀе а, хьан цӀенош чу а жӀаьлийн мозий хоьцур ду. Мисархойн цӀенош а, уьш тӀехь Ӏаш болу латта а жӀаьлийн мозех дузур ду.
[22] Сан халкъ тӀехь Ӏаш долу ГӀашан-мохк дӀакъастор бу Ас, цигахь жӀаьлийн мозий хир дац. ТӀаккха хьуна хуур ду, Со, Веза Эла, кху махкахь вуйла.
[23] Ас Сайн а, хьан а халкъашна юкъахь башхо йийр ю. Кхана и тамашийна билгало кхочуш хир ю’“».
[24] Везачу Эло иштта дан а дира. ПирӀунан а, цуьнан уллорачеран а цӀеношка жӀаьлийн мозий даьхкира. Цу мозаша хӀаллакбеш бара берриг а мохк.
[25] Мусай, АхӀаронний тӀе а кхайкхина, пирӀуно элира: «Даха а гӀой, кху лаьтта тӀехь шайн Далла сагӀа даккха».
[26] Амма Мусас жоп делира: «Иза далур дац, мисархошна дегаза хета оха тхайн Везачу Далла сагӀа даккхар. Нагахь шайна дегаза долу сагӀа церан бӀаьргаш хьалха оха даьккхича, тхуна тӀулгаш деттар дац цара?
[27] Кхаа денна яьссачу ара дӀа а дахана, тхайн Везачу Далла сагӀа доккхур ду оха, Цо ма-аллара».
[28] ПирӀуно элира: «Ас дохуьйтур ду шу шайн Везачу Далла яьссачу арахь сагӀа даккха, амма гена дӀа ма гӀо. Сох лаций доӀа а де».
[29] Мусас элира: «Хьо волчуьра дӀа а вахана, Везачу Эле доӀа дийр ду ас, тӀаккха кхана пирӀун волчуьра а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра а жӀаьлийн мозий дӀадевр ду. Амма ахьа а Исраилан халкъ ледан ца деза, Везачу Элана сагӀа даккха иза доьдуш, юха а новкъарло а йина».
[30] ПирӀун волчуьра дӀа а вахана, Везачу Эле доӀа дира Мусас.
[31] Мусан доӀанна жоп делира Везачу Эло. ПирӀун а, цуьнан уллоранаш а, халкъ а долчуьра мозий дӀадехира Цо, цхьа а ца буьтуш.
[32] Амма юха а шен дог а чӀагӀдина, халкъ дӀа ца хийцира пирӀуно.