[1] Акацин дечигах тӀорказ дира Бацалиала. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а дара.
[2] ТӀорказна чухула а, тӀехула а цӀена деши лецира цо. Ткъа цунна тӀехула, гонах, дашо сара лецира
[3] Йиъ дашо чӀуг а йина, уьш тӀорказан беа когахь дӀатесира: шиъ – цхьана агӀор, важа шиъ – вукху агӀор.
[4] Акацих хьокхий а дина, царна тӀехула деши лецира цо.
[5] Хьокхий тӀорказан агӀонашкахь йолчу чӀагарех чекхдехира цо, цаьрца иза лелорхьама.
[6] ТӀорказна тӀедуьллу негӀар дира цӀеначу деших. НегӀар ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а дара.
[7] Туьйсинчу деших негӀарна тӀехь шина агӀор каруб-маликаш дира Бацалиала.
[8] Цхьа каруб-малик цхьана агӀор, важа вукху агӀор нисдинера, и шиъ, дийнна цхьа хӀума а долуш, негӀарца цхьаьна.
[9] Хьалаайинчу тӀемашца негӀар дӀа а хьулдеш, яххьаш дуьхь-дуьхьал а йолуш, негӀарна тӀедирзина дара и каруб-маликаш.
[10] Акацих стол йира Бацалиала ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а.
[11] ТӀехула деши а лаьцна, цунна гонах а дашо сара лецира цо.
[12] Юха цу стоьлана гонах кераюкъан шораллехь гур а бина, цунна тӀе а дашо сара лецира цо.
[13] Йиъ дашо чӀуг а йина, стоьлан когаш болчохь, беа сонехь дӀачӀагӀйира цо.
[14] Стол дӀасалело хьокхий чекхдоху чӀагарш стоьлан гурана уллохь йинера.
[15] Стол дӀасалело хьокхий акацих дина дара, тӀехула деши а лоцуш.
[16] Цул тӀаьхьа стоьла тӀе хӀитто пхьегӀаш цӀеначу деших йира: бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а, царна чу чагӀаран сагӀанаш доттархьама.
[17] ЦӀеначу деших стогар бира. Цуьнан бух а, гӀад а туьйсинчу деших динера, ткъа цу тӀехь хуьлу зезагаш (зуьгалгашца а, зазанашца а) цуьнца цхьана декъах динера.
[18] Ялх га дара цунна тӀехь: кхо га цхьана агӀор, кхо га вукху агӀор.
[19] Миндалан зезаган суьртехь цхьана гаьнна тӀехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу кхо зезаг дара, цу кеппара кхо зезаг вукху гаьнна тӀехь а дара. Стогарна тӀехь долчу ялхе а гаьнна тӀехь иштта дара уьш.
[20] Стогаран гӀода тӀехь а миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг дара.
[21] Стогаран гӀодах схьадолучу ялхе а гаьннах шинна кӀелахь цхьа зуьгалг яра, вукху шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг яра, кхозлагӀчу шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг яра.
[22] Стогарх схьайовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьана дакъа долчу туьйсинчу цӀеначу деших йина яра.
[23] ЦӀеначу деших стогарна ворхӀ къуьда а, цунна лерина тукарш а, нойш а йира Бацалиала.
[24] Стогар а, цуьнан гӀирсаш а беш дӀадаьлларг ши пунт цӀена деши дара.
[25] Акацин дечигах хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч бира. Иза беакӀов а болуш, йохалла а, шоралла а цхьа дол, локхалла ши дол бара. Цуьнан еа маьӀӀехь маӀаш яра, кхерчаца цхьаьна декъах а йолуш.
[26] Массо а агӀор а, тӀехула а, маӀашна тӀехь а цӀена деши а лаьцна, гонах дашо сара а лецира цунна.
[27] Серана кӀелахь шина а агӀор деших ши чӀуг йира, шайна чухула хьокхий а даьхна, кхерч дӀабахьа.
[28] Хьокхий акацих дира, тӀехула деши а лоцуш.
[29] Къобалваран деза даьтта а, хаза хьожа йогӀу цӀена хӀума а кечйира, духӀиш кечдаран пхьеро эдинарг санна.