Skip to content
Opens in a new window

[1] Шен стунден, маданхойн махкахь динан да волчу Итаран, уьстагӀий дажош вара Муса. Цкъа уьстагӀий дажош, генна яьссачу арахула дӀавахна, Хьариб цӀе йолчу Делан лам тӀе кхечира иза.

[2] Везачу Элан Малик дуьхьалхӀоьттира цунна йогучу коканан кулла юккъехь. Коканан куллах цӀе леттера. ЦӀе леттехь а, йогуш яцара и колл.

[3] Мусас элира: «ТӀеваха веза со оцу инзаречу хӀумане хьажа. Колл хӀунда ца йогу?»

[4] Муса тӀевогӀуш Шена гича, Веза Эла кулла юкъара кхайкхира: «Ва Муса!» «Со кхузахь ву!» – элира Мусас.

[5] Дала элира: «ТӀе ма воьллахь кхуза. Хьайн когара мачаш дӀаяха, хьо лаьтта меттиг, Со кхузахь хиларна, деза латта ду.

[6] Со хьан ден Дела ву, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела». Мусас шен юьхь дӀакъевлира, хӀунда аьлча иза кхоьрура Деле хьажа.

[7] Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тӀехӀиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам.

[8] ТӀевахана, иза мисархойн Ӏазапах кӀелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дӀадуьгур ду Ас Сайн халкъ.

[9] Исраилхойн белхарш хезна Суна, мисархоша церан Ӏазапехь бахкор а гина.

[10] ХӀинца Ас хьо пирӀунна тӀе вохуьйту. Ваха а гӀой, Мисарара Сан халкъ, Сан халкъ долу исраилхой, Мисарара арабаха».

[11] Амма Мусас элира Деле: «Со мила ву, пирӀунна тӀеваха а, Мисарара исраилхой арабаха а?»

[12] Дала элира: «Со хьоьца хир ву. Ас хьо вахийтина хиларан хӀара билгало хир ю: Мисарара ахь халкъ арадаьккхича, кху лам тӀехь Суна Ӏамал йийр ю аша, Сан леш а хилла».

[13] Юха Мусас элира Деле: «Исраилхошка, тӀе а вахана, ас эр ду: „Шун дайн Дала ваийтина со шуна тӀе“. Цара соьга хоттур ду: „ХӀун ю Цуьнан цӀе?“ ТӀаккха, хӀун ала деза ас цаьрга?»

[14] Дала Мусага элира: «Со „Со Верг“ ву. Иштта дӀаала исраилхошка: „Ша Волуш Волчо ваийтина со шуна тӀе“».

[15] Кхин а элира Дала Мусага: «Иштта ала исраилхошка: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, ваийтина со шуна тӀе“. Иза ю Сан цӀе абадехь, цу цӀарца хьахор ву Со тӀейогӀучу тӀаьхьенаша.

[16] Ваха а гӀой, исраилхойн къаной а гулбай, ала: „Везачу Эло, шун дайн Дала, ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дала, суна Ша гайта а гайтина, элира соьга: ‘Шу долчу веача, Суна гира Мисар-махкахь шуна хуьлуш дерг.

[17] Ас чӀагӀо йина, шуна таӀзар дечу Мисарара канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тӀе, шу дӀадига’“.

[18] Исраилхойн къаноша хьоьга ладугӀур ду. Уьш а эций, пирӀунна тӀегӀо. Аша цуьнга ала: „Веза Эла, Ӏебархойн Дела, веана тхо долчу. ДӀахецахьара ахь тхо, кхаа дийнахь яьссачу арахула дӀа а дахана, Везачу Элана, тхайн Далла, сагӀа даккха дезаш ду тхо“.

[19] Амма Суна хаьа, пирӀуно шу дӀахоьцур дац, нагахь иза нуьцкъаха цуьнга ца дайтахь.

[20] Ас, Мисарна тӀехула Сайн нуьцкъала куьг а лаьцна, инзаре хӀуманаш гойтур ду цу махкахь, тӀаккха цо шу дӀахоьцур ду.

[21] Мисархой исраилхошца дика хуьлуьйтур бу Ас, тӀаккха шу цу махкара дӀадоьлхуш даьсса гӀур дац.

[22] ХӀора исраилхойн зудчо шен лулахочуьнгара я шен чохь Ӏаш йолчу мисархойн зудчуьнгара дашо а, дато а хӀума а, еза тӀеюху хӀума а еха еза. Цу хӀуманашца шайн бераш кечде. Иштта аша Мисарара хьал дӀахьур ду».

Арадаккхар — Chapters