Skip to content
Opens in a new window

[1] Цул тӀаьхьа Бацалиала акацин дечигах дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч бира. Иза беакӀов бара, пхи дол беха а, пхи дол шуьйра а болуш, ткъа локхаллина кхо дол бара.

[2] Кхерчан еа маьӀӀехь цхьацца маӀа а йира, уьш цуьнца цхьана декъах а йойтуш. Кхерч цӀастанца кхелира.

[3] Кхерчана оьшу берриг а гӀирс кечбира: юкъ чуйохка кхабанаш а, лело аьшкалш а, боганаш а, мӀерий а, кӀора чубухку нойш а. Уьш массо а цӀастанах йина яра.

[4] ЦӀастанах цаца бира кхерчана тӀебилла. Кхерчан хӀазарна кӀел билла безара и цаца, кхерчана юккъе кхаччалц иза дӀа а нисбеш.

[5] Хьокхий чекхдаха цецан еа маьӀӀехь чӀагарш йира.

[6] Акацих дина дара и хьокхий, тӀехула цӀаста а лоцуш.

[7] Хьокхий чӀагарех чекхдехира, цаьрца иза лелочу хенахь уьш шина агӀор хилийта. Кхерч юкъахь баьсса бара, чухула лаьцна аннаш а долуш.

[8] Гуламан четар чу воьду меттиг йолчохь гӀуллакх деш болчу зударийн цӀастанах динчу куьзганех юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а бира цо.

[9] Цул тӀаьхьа керт кечйира. БӀе дол еха йолчу къилбехьарчу агӀор дуткъачу кӀадих йина шаршуш оьхкира.

[10] Царна лерина ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а бира. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра.

[11] Къилбаседехьарчу агӀор а бӀе дол еха шаршуш оьхкира. Царна лерина ткъа бӀогӀам а, цӀестан ткъа бух а бира. БӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра.

[12] Кертан шоралла, малхбузехьа агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра, царна лерина итт бӀогӀам а, итт бух а бира. БӀогӀамийн мӀерий а, дӀатосургаш а детих йина яра.

[13] Кертан шоралла, малхбалехьа йолчу агӀор, шовзткъе итт дол еха шаршуш яра.

[14] Цхьана агӀор, керта воьдучохь, оьхкина шаршуш пхийтта дол еха яра, царна лерина кхо бӀогӀам а, кхо бух а бара.

[15] Вукху агӀор оьхкина а пхийтта дол еха шаршуш яра, царна кхо бӀогӀам а, кхо бух а бира.

[16] Массо а агӀор оьхкина шаршуш дуткъачу кӀадих йина яра.

[17] БӀогӀамийн баххаш цӀестах дина дара, ткъа бӀогӀамаш тӀера мӀерий а, дӀатосургаш а детих йина яра. Дерриш а кертана гонахара бӀогӀамаш детих динчу дӀатосургашца вовшахтесна дара.

[18] Кертан кевнна оьллина шаршу, тӀехь тӀамарш а йолуш, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангах а, дуткъачу кӀадих а йина яра. Иза йохалла ткъа дол а, локхалла пхи дол а яра, кертана оьхкинчу шаршуйх тера а йолуш.

[19] Цунна лерина биъ бӀогӀам бара, шайца цӀестан биъ бух а болуш. Церан мӀерий а, дӀатосургаш а дато яра, ткъа церан баххьаш детих кхелина дара.

[20] Делан четар чӀагӀдеш тухуш долу хьостамаш а, гонахара керт чӀагӀдеш долу хьостамаш а цӀестан дара.

[21] ХӀинца Делан четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяран жамӀ дийр ду. Мусас левихошна тӀедиллира тоьшаллин четар деш дӀаевлла коьчалш ягаръяр. Динан да волчу АхӀаронан кӀанта Итамара куьйгалла деш дара и гӀуллакх.

[22] Везачу Эло Мусана тӀе мел диллинарг кхочушдеш вара ЯхӀудан тӀаьхьенах волу Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал.

[23] Цуьнца Данан тӀаьхьенах волу Ахьисамахан кӀант ОхӀлиаб а вара. Иза мухӀар деш а, кӀадеш дуцуш а, сийначу а, сирла-цӀечу а, таьӀна-цӀечу а эхангаца дуткъачу кӀадеш тӀехь тир йоккхуш а волу пхьар вара.

[24] Делан четар деш, цунна оьшу хӀуманаш ян наха, Далла лерина совгӀат санна, деана деши шовзткъе берхӀитта пунт а, ворхӀ бӀе ткъе итт шекхал а дара, деза шекхал олучу барамехь оьзна.

[25] Багарбинчу наха деана дети ши бӀе пунт, цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта деза шекхал дара.

[26] Багарбинарш ткъа шарал тӀехбевлларш бара, уьш ялх бӀе кхо эзар пхи бӀе шовзткъе итт стаг хилира. Царах хӀораммо а ах шекхал дети деара, дезачу шекхалан барамехь узуш.

[27] БӀе гали дети Делан четарх бӀогӀамийн баххашна а, шаршу хьалаоьллинчу бӀогӀамийн баххашна а дӀадахара. БӀе буьхана бӀе гали дети, хӀора буьхана цхьацца хилира.

[28] Цхьа эзар ворхӀ бӀе кхузткъе пхийтта шекхал детих бӀогӀамийн мӀерий а дира, церан баххьаш тӀе а дехкира, дӀатосургаш а йира.

[29] СовгӀат санна наха деана цӀаста цхьа бӀе шовзткъа пунт а, ши эзар диъ бӀе шекхал а дара.

[30] Цунах гуламан четарна чоьхьа воллучохь хӀиттийначу бӀогӀамийн баххаш а дира, сагӀа доккху кхерч а, цуьнан цаца а, берриг а гӀирс а бира.

[31] Ткъа иштта оцу цӀастанах ерриг а кертана хӀиттийначу бӀогӀамашна баххаш а дира, кевнна долчу бӀогӀамашна баххаш а дира, Делан четар а, керт а чӀагӀдеш долу хьостамаш а кечдира.

Арадаккхар — Chapters