[1] Везачу Эло Мусага элира:
[2] «ДӀаала исраилхошка, Суна совгӀаташ да алий. Даггара сагӀа дала лууш лелачу хӀора стагера Суна лерина совгӀаташ схьаэца.
[3] Аш схьаэца езаш йолу хӀуманаш хӀорш ю: деши а, дети а, цӀаста а,
[4] сийна а, сирла-цӀен а, таьӀна-цӀен а эханг а, дуткъа кӀади а, газанан тӀаргӀа а,
[5] цӀен басар хьаькхна йолу уьстагӀийн цӀоканаш а, хӀордан дийнатийн кӀеда тӀаьрсиг а, акацин дечиг а,
[6] къуьданна зайтдаьтта а, къобалваран даьттанах а, хаза хьожа йогӀучу сегӀазах а туху хаза хьожа йогӀу хӀуманаш а,
[7] ийпадна а, некха тӀе уллучу безачу тӀоьрмагна а тӀехӀитто оникс цӀе йолу беза тӀулг а, кхидолу деза тӀулгаш а.
[8] Нахе Суна цӀа дайта, тӀаккха Со царна юкъахь Ӏийр ву.
[9] Ас хьайна ма-гайттара де и цӀа а, цу чуьра хӀуманаш а».
[10] «Акацин дечигах тӀорказ де. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а хила деза.
[11] Чухула а, тӀехула а цӀена деши лаца цунна. ТӀорказна тӀехула, цунна гонах, дашо сара лаца.
[12] ТӀорказна йиъ дашо чӀуг а яй, беа когахь дӀачӀагӀъе уьш: шиъ цхьана агӀор, шиъ вукху агӀор.
[13] Акацих хьокхий а дай, тӀехула деши лаца царна.
[14] Хьокхий тӀорказан агӀонашкахь йолчу чӀагарех чекхдаха, цаьрца иза леладархьама.
[15] ЧӀагарех чекхдаьхна а долуш, гуттар а тӀорказца хила деза хьокхий. Царна чуьра уьш дӀадаха ца могуьйту.
[16] ТӀорказ чу Ас хьайга лун йолу экъанаш яхка, шуьца Ас бинчу бертан тоьшалла хилийтархьама.
[17] Дала къинош дӀадоху негӀар а де цӀеначу деших. Иза ши дол ахдол деха а, цхьа дол ахдол шуьйра а хила деза.
[18] Туьйсинчу деших негӀарца цхьаьна ши каруб-малик де, уьш негӀарна тӀехь шина агӀор хила деза.
[19] Цхьа каруб-малик цхьана агӀор, важа вукху агӀор а долуш, и шиъ негӀарца дийнна цхьа хӀума хила деза.
[20] Хьалаайинчу тӀемашца негӀар дӀа а хьулдеш, дуьхь-дуьхьал а, негӀарна тӀедирзина а хир ду и каруб-маликаш.
[21] НегӀар тӀорказна тӀедилла. ТӀорказ чу Ас хьайна лун йолу а, бертан тоьшаллина йолу а экъанаш яхка.
[22] Тоьшаллин тӀорказна тӀехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негӀарна тӀехула хьуна дуьхьал а вогӀур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тӀедуьллур ду Ас хьоьгахула».
[23] «Акацих стол е ши дол еха а, цхьа дол шуьйра а, цхьа дол ахдол лекха а.
[24] Цунна гонах деши а лаций, тӀаккха гонах дашо сара лаца.
[25] Цунна гонах гур бе кераюкъан шораллехь. Цунна тӀе а дашо сара лаца.
[26] Стоьлана йиъ дашо чӀуг е, уьш цуьнан сенашкахь, беа кога тӀехь, дӀачӀагӀъе.
[27] Стол дӀасалело хьокхий чекхдоху чӀагарш стоьлан гурана уллохь хила еза.
[28] Хьокхий а акацих де, царна тӀехула деши лаца. Царна тӀехь лелор ю и стол.
[29] Стоьлана тӀехӀитто бошхепаш а, еш а, кедаш а, боганаш а де, царна чу чагӀаран сагӀанаш доттархьама. ЦӀеначу деших е и хӀуманаш.
[30] Цу стоьла тӀехь Суна хьалха гуттар а Суна лерина бепиг латтаде».
[31] «ЦӀеначу деших стогар бе. Цуьнан бух а, гӀад а, цу тӀехь хуьлу зезагаш а (зуьгалгашца а, зазанашца а) цхьана декъах туьйсина хила деза.
[32] Ялх га хила деза цунна тӀехь: кхо га цхьана агӀор, кхо га вукху агӀор.
[33] Цхьана гаьнна тӀехь миндалан зезаган суьртехь кхо зезаг хила деза, зуьгалгашца а, зазанашца а, иштта кхо зезаг вукху гаьнна тӀехь а. Стогаран ялхе а гаьнна тӀехь хила деза уьш.
[34] Миндалан зезаган суьртехь зуьгалгашца а, зазанашца а долу диъ зезаг хила деза стогаран гӀода тӀехь.
[35] Стогаран гӀодах схьадолучу ялх гаьннах шинна кӀелахь цхьа зуьгалг хила еза, вукху шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг хила еза, кхозлагӀчу шина гаьнна кӀелахь а цхьа зуьгалг хила еза.
[36] Цу стогарх схьадовлу зуьгалгаш а, гаьннаш а стогарца цхьа дакъа долчу туьйсинчу цӀеначу деших дина хила деза.
[37] ВорхӀ къуьда а бай, цунна тӀе бахка уьш, цаьрга стогаран хьалхара агӀо серлаяккхийта.
[38] ЦӀеначу деших тукарш а, нойш а е цунна.
[39] Берриг а шен гӀирсашца цхьана галин барамехь долчу цӀеначу деших бе и стогар.
[40] Варелахь, лам тӀехь Ас хьайна гайтинчу кепехь белахь стогар».