[1] Везачу Эло Мусага элира:
[2] «Ас хаьржира ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал.
[3] Ас иза Делан Синах вуьзна. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а Ас делла цунна:
[4] говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цӀастанах а дан а,
[5] дезачу тӀулгах а, дечигах а хӀуманаш кечъян а, мел болу говза болх бан а.
[6] Данан тӀаьхьенах волу Ахьисамахан кӀант ОхӀлиаб велира Ас цунна гӀоьнна. ХӀора пхьерана Ас хьекъал а, говзалла а делира, Айса хьуна тӀедиллинарг цаьрга кхочушдайта.
[7] Цара дийр ду гуламан четар а, тоьшаллин тӀорказ а, цу тӀе негӀар а, четаран берриг а гӀирс а,
[8] стол а, цуьнан гӀирс а, цӀеначу деших болу стогар а, цуьнан мел болу гӀирс а, хаза хьожа йогӀу хӀума яго кхерч а,
[9] дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а, цуьнан мел болу гӀирс а, юьхь-куьгдуьлург а, цуьнан бух а,
[10] динан дайн деза духарш а (Ӏамал ечу хенахь динан да волчу АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а тӀедуха дезаш долу деза духарш),
[11] къобалваран даьтта а, четаран езачу чоьнна хаза хьожа йогӀу сегӀаз а – дерриг а дийр ду цара, Ас хьоьга ма-аллара».
[12] Везачу Эло Мусага элира:
[13] «ДӀаала исраилхошка иштта: „Сан шоьтан садоӀу денош ларде, хӀунда аьлча тӀейогӀуш йолчу тӀаьхьенашна иза Суна а, шуна а юкъахь шатайпа билгало хир ю шуна хаийта, шух деза халкъ деш волу Веза Эла Со вуйла.
[14] Шоьтан садоӀу де ларде, хӀунда аьлча иза шуна деза ду. Иза сийсаздинарг вуьйр ву, цу дийнахь болх беш верг шен халкъана юкъара эккхор ву.
[15] Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀа де – Везачу Элан дуьхьа дӀакъастош долу дуьззина садаӀаран шоьтан де ду. Шотдийнахь болх беш верг муьлхха а вен веза.
[16] Массо а хенахь исраилхоша лардан деза шоьтан садоӀу де, шайн тӀаьхьенашкахь а иза лоруш, гуттар а хир болу барт санна.
[17] Иза Суна а, Исраилан халкъана а юкъахь йолу шатайпа билгало ю ерриг а тӀейогӀу йолчу ханна, хӀунда аьлча Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигал а, латта а, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь Цо, Ша динчу гӀуллакхех паргӀат а ваьлла, садаьӀна“».
[18] Синай-лам тӀехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тӀулган ши экъа елира Везачу Эло.